ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Болх бина, амма алапа дац


ХIара шо доладелчхьана алап эцаза хьехархой бу Нохчийчохь. Цуьнан билггала долу бахьана хууш дац бохуш латкъамаш бо цара.

ХIара керла шо тIедеъчахьана дийца даьккхина Нохчийчохь беттан алапаш. ХIинцца кху деношкахь бен дIадала ца долийна алапа лоьрашна а, ткъа хьехархошна даре до шайна хууш дац алапаш маца лур ду а. уьш стенна хьедина а.

Ма-дарра аьлчи кхузахь керла дац къинхьегамхошна ахча дIа ца луш масех батте даккхар. И бахьнехь,Iедалдайшка а, юкъаралле а орца доьхуш, дуккхазза а гуламаш бан дезна Соьлжа-гIалахь гIишлошярьхойн масала. Ткъа хьехархойн алапех аьлчи хIинца дуьххьала нисделла дац и схьа ца луш хьедар а, коьртах даьккхина дийцар а.

«Хууш дац маца лур ду. Цхьаболчара кху кIирнах хила мега бах, кхечара хIара бутт бовш.Эшам эшара иза чIогIа. Хаам ца хаьа и стенна ца ло. Валлай ца лахь кепек ахча-м дац. Пенси а ца ло кхара-м…»

Шена гонах йоккха гIовгIа а яьккхина хьехош лаьттина хьехархойн алапаш кху дешаран шеран хьалхара бутт бовш. Цунна бахьна дара профсоюзийн цхьанакхетаралло арахоьцуш долчу «Хаамийн геланча» газето , хьехархоша баттахь хIоккхул ахчанаш оьцу аьлла, Iорадаьхна терахьаш. Хьехархойн вуно чIогIа цецбевлла бара цу тIехь балийначу алапийн барамех.

Цу газето чIагIдарца массо бохург санна кIошташкахь хьехархоша 20 эзарнал лахара алапаш ца оьцу. Новр кIоштеххьа-мма алапаш 25 эзарне хьала а кхочу цу хьостано билгалдаккхарца. Бакъдолу сурт аьттехьа а ишта дац. Оццул алапаш кхача хьехархочо лелош кIирнах 30 сахьт сов хила деза боху билггал хIуъчара. Доцца аьлчи ишколашкахь оццул ахча оьцуш 10% хьехархой а бац карачу хенахь.

Цхьаболчара дийцарехь меттигерчу Iедалдайн кара дIаделла ду федералан центро хьехархошна алапаш тIетохар, амма и маца хир ду ала хIуьттуш бац нохчийн хьехархой. Тахана цара сатуьйсу шина батте дахлуш лаьтта хьакъ каракхачаре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG