ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман ковраш лела Нохчийчохь


ТIом дIа а баьлла, Нохчийчохь маьрша, синтеме дахар хилар сих-сиха билгалдоккху Iедалдайша хаамийн гIирсашкахула. Махкара Iар-дахар тодаларан, бахархой ирсе хиларан тоьшалла лору Iедалехь болчара кхузахь кест-кеста дIахьуш долу инзаре даккхий спортан къийсадаларш а, кхидолу гулам-цхьаьнакхетарш а, майданаш юттий цига тIетатталуш болу эзарнаш хьовсархой а. Лакхахьболчара ирсечу, токхечу дахаран гайтам лору и синкъерамаш цига адам муха кхачадо берашна а хуъушехь.

Официалан дIаухьуш, тIеман кхерамца дозуш хIума а доцуш, маьрша сурт делахь а, цхьаллиг цхьа министр юххе даьккхина ха доцуш дехьа-сехьа волуш вац тахана а. Цу хиламо гойту Iедалдай шаьш дуьйцучух кхин дIоггара бIо булуш цахилар. Министар я кхин воккха хьаькам цхьана гена кIоште ваха везаш хилча масала, и цига кхача дикка хьалха дуьйна а и некъ маббу дIахIиттабо полисхой. Изза сурт дара 5-6 шо хьалха а. Иза, схьагарехь, кхузара хьал мел маьрша ду хоуьйту гайтам бу.

Кхайкхош машаре дахар делахь а хийра дац Нохчийчохь воьду-вогIуш некъаца могIа бинна йоьдуш тIеман машенаш дуьхьалкхетар а, аьчган некъаца цIерпошто араузуш я чутоттуш, гатанашца хьулйина, гIагIдиллина тIеман техника гар а. «Кавказан узел» газето хааме даккхарца Устрад гIалара схьабогIучу некъаца хаза нехан санна йоккха шиъ тIеман машенийн ковранаш хаелла бахархошна, шайна юкъахь ницкъала, маса тохар деш йолу «Град» установка олу яккхий тоьпаш а, БМП-ш, тIехь эскархой хила тарлуш, тIе гатанаш диттина Камаз машенаш а.

Ма-дарра аьлчи Нохчийчохь цхьа цецвала хIума дац некъашца тIеман ницкъаш хаабалар. Къаьсттина дукха, ара а, чу а , кочар а дина тIеман мешенаш лелачу некъах цхьаъ бу Новр кIоштехула чекхболуш болу федералан боккха некъ а, цигга кIоштехула дIабоьдуш болу аьчган некъ а. Ищере юьртарчу вахархочо Чимаев Сайпуддис дийцарехь, цхьамма а тамаш бан хIума доцуш, тIийриг а йина, церан юьртахула кест-кеста чекхъюьйлу тIеман машенаш.

Сайпудди: «ТIеман техника лелар тамаше дац кхузаххьа-м. Воккха а. жима а воьлла цунахха-м. Ишта и хила деза моьттуш массо вола а воьлла хIума ду иза-м. Кху тхан Новр кIоштан некъаца кхачанхьачул сих-сиха лела аьлла хетта суна-м. Кху тIаьхьарчу хенахь цхьа хIума ду церан керла.

Дукха хьолахь хIинца тIеман машенаш буьйсанна а лела. Кхин а ду. Цу Украинехь тIемаш буьйлабелчахьана тIеман машенийн дIасалеларш хаъал тIекхетча санна а хета суна а, юьртахошна а. Цара хIун леладо билггал ала-м ца хаьа. Араюьйлуш ерш юй уьш дукха ю аьлла а хета, чутаттулуш йолчарел»

Соьца къамел хиллачу Чимаев Сайпуддис чIагIдарца, цигаш дукха тIеман машенаш лелар бахархоша кхетадо церан кIоштехь, Калиновки юьртахь дIатарбина тIеман ницкъаш хиларца а, цул сов Соьлжа гIала нацкъара а юьсуш, Дойкар эвлахула дукъал дехьа ваьлча, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн меттан мотт болчу Ханкала кхача аьтто хиларца а. Цо а, цуьнан юьртахоша а тидам бинарг дара Украинехь кегаре, чолхе хьал кхолладелчахьана тIеман техника дIасалелар алсамдалар.

Хууш ма-хиллара, мохк куй биллал жима белахь а, гуттаренна а аьлла Нохчийчохь дIатарйина Оьрсийчоьнан тIеман министараллин кхо бригада ю, цхьана хана кхуза гIуллакх дан балош болу низамхой боцуш, ишта доккха эскар ду чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин а. Кхузара цуьрриг тамаше дац шайн цIахь санна эвхьаза, Нохчийчохь некъаш гездеш Оьрсийчоьнан тIеман машенаш хааялар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG