ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши-кхо туьма тIе а тоьхна ирсе бина Iедалша Нохчийчура бахархой


​ Бохийна Сибрех хьовсийначу нохчашна а, цхьаболчу бахархошна а гIоьнна луш долчу ахчанан барам 2-3 туьма лакхабаккхар беламе хIума лору могIарерчу наха.

Къинхьегаман а, социалан хьелаш кхиоран а министаралло хааме даккхарца,
карарчу хенахь Нохчийчохь лаххаре а 1300 да-нана доцуш дуьззина байш ду.ТIебеъначу оханан баттахь дуьйна царна хIора а баттахь, гIоьнна луш долчу пособи олучу ахчанан барам хаъал лаккхабаккха сацам бина Iедало – 4 эзар тIера IIэзар 700 соьме кхаччалц.

Де эшначу берашна Iаламат доккха гIо а хир долуш, иза хаза нехан санна бакъха а, къинхетаме а яьккхина гIулч лору бахархоша. Ишта къобалдеш тIеэцна юкъараллехь 18 шераш дуьзначу 140 бо берана Iедало маьхаза хIусмаш нисйийр ю бохург а.

Кхаъ хеташ тIеэцначу цу хаамца бIоста а нислуш, бахархой цец-акъ баьхна оццу хаамийн хьостано дIасабаржийначу кхечу хаамо. Масала бIера бевллачу къаношна тIетухуш ду хIора баттахь гIоьнна луш долу ахча. ХIинццалц 570 сом хиллехь, хIинца 600 сом хир ду.

Гуш ма хиллара дийнна кхо тIуьма тIекхетта. Цу кеппара аьттонаш бина дохийна къам Юккъерчу Ази хьажийначу луьрачу хенахь дуьнентIе бевллачех цхьаболчеран а, къинхьегаман ветеранийн а, тIамна гIо деш къахьегначеран а. Царна хIинццалц деллачу 370 соьма метта 390 туьма лур ду.

ТIаьххьара и хаам бу нах инзаре цецбаьхнарг а, жоп доцу хеттарш а долуьйтуш, Оьрсийчоьнан Iедал цIарх цаьрга неIалташ кхайкхадойтург. 13 шо Сибрехахь даьккхаинчу вохийначу стагна Кремло хIора баттахь дала къастийначу 370 соьме хьааьжжа эхье хIума лору нохчаша и тIетоьхна 2 туьма».

Сан чуьра гергарниш: кхо ваший, кхо йиший, денаний дIакхелхина Казахстанехь. Карагандан Нурински кIоштан Арикта эвлахь. Суна баттахь дала къастийнарг 370 сом дара хIинца 2 туьма тIетоьхна. И нахала даккха эхь ца хетта-кх царна. Ой, эхь ца хоьтийла дан а дуй цигахь? Муха ца хетта царна и гIардаккха эхь? Сан кхетамо тIе ца лоцу-кх иза! Хетар дара сох а, къомах а и хеташ делхьара.

Шухха-м хIун эхь дара боху-кх цара кхузахь а, цигахь Москохахь а. Да-ам дац!»-шена совдаьккхинчу ахчанан хьокъехь вистхилларг вара кхузткъара ваьлла соьлжагIалахо Ваид. Элира-бахара а доцуш, оцу барамехь ахча тIетоьхна аьлла, Iедало дIакхайкхор шайна юьхьадуьхьал тоьхна туйнаш санна туьду цхьаболчара. Цу хьокъехь цара дуьйцу холча а хIуьттуш, карзахе.

Совдегар Хизар: « Кхин новкъа а дацара цара лучу 370 соьмах деман гали мукъана а эцалахьара. И ши туьма дийца а эхьа хIума ду-кх. Шина туьманах хIун йогIу?»

Хьехархо Зарган: «Оцу шина туьманна тIехь дала бахабойла уьш. Дерриге а рицкъ хада а дина, и ши туьма дуьсийла царна ,тIаккха Iебар яр-кх. Цхьа бепиг догIу-кх цхьана дийнахь даа».

ЦIийннана Зараъ: « Эхь а ца хетий царна и ши туьма нахала а даьккхина дийца. Цхьа кхаллар догIу-кх цунах. Цхьана дийнахь иза а эцна Iе веза тIаккха, Кхин дIа хIун дан деза?»

Тарахьтархо Руслан: «Моьттур ду цара тIетоьхнарг доккха ахча ду. И нахала стенна даьккхина а ца хаьа суна-м. Дийца а, даздан а хIума ду иза? Оццу Ставропол мехкан Гюлганехь бохийначу нахана луш дерг 1300 соьмал сов ахча ду, ткъа кхузахь 370 сом. Цунна тIетухуш ду 2 туьма. Оцу оьрсийн беччул леерам а ца бо нехан кхузахь».

Йохка-эцархо Лорса: «Шаьш тIетохахь бист а ца хуьлуш тIетохахь. Ши туьма хIун ю? Изза пенси а тIетуху кеп хIоттайо, ткъа юучунна,молчунна кхузза-доьазза мехаш лакхадоху. Аьхка газ, ток а ахча тIетухур ду бах. Цул а Iад дуьтуш делира цара и пенси а тIе а ца детташ, кхечу хIуманийн мехаш а. Iедал хIума а ян а яц…»

Дерзош аьлчи вон а, дика а цхьана-а агIор бахархошка кхеталуш хIума дац шайна оццул «даккхий» ахчанаш тIетохар. Ма-дарра аьлчи царна хаъане а ца хаьа шаьш и хилам муха тида богIу – къинхетам а, доглазар а санна, я сийсазе аьшнар дар санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG