ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дохийначу Къоман Хьу Еха Берашкахь а


Нохчийчоь -- Дудаев ДжовхIаран Iедало 1990-чу шерашкахь, берриг а махкара схьа а лехьийна, депортацин заманахь дохийначу кешнийн чуртех кхоьллина хилла хIоллам тесна лаьтта хIинца, Соьлжа-ГIала, 23Чил12
Нохчийчоь -- Дудаев ДжовхIаран Iедало 1990-чу шерашкахь, берриг а махкара схьа а лехьийна, депортацин заманахь дохийначу кешнийн чуртех кхоьллина хилла хIоллам тесна лаьтта хIинца, Соьлжа-ГIала, 23Чил12

Вайнах Сибрех хьажийна де билгалдаккхар Нохчийчохь Iедалдайша бIаьстенга дIатеттинехь а, школашна дихкина дац къомана гIайгIане, балане деъна Чиллан беттан 23-гIа де карладаккхар. Цунна тоьшалла карийра тхуна Теркйист кIоштан Ломаз-юьртан ишколехь.



КIоштан массо юьртара ала а мегар долуш, хьовса баьхкина хьехархой а болуш, кхузахь дешархоша а, церан хьехамчаша а шатайпа сурт кхуллуш, карладаьккхира шайн дайшна а, дедайшна а Советан Iедало, маьлхан дуьне къахьдеш, хIоттийна къематде.

Нах дIагулбеш карзахе хьийзачу салташа хам боцуш етта неIарш, маьхьарий, зударийн,берийн белхарш, адамна тIехIоьттинарг лан йиш йоцу бохам хилар кхетош санна, угIу жIаьлеш, Iоьху даьхний - и дерриге а тера детталора бакъ суьртах.

И Iаткъаме сурт кхетаме а дижийна, чIагIдан санна, аьчиган некъан бохалла вота етташ, тIебоьссинчу балано салаьцна вайнах Сибреха буьгуш, хьаьдда йоьду цIерпошт гуш санна хеталора, дешархоша хIоттийначу суьрте хьоьжучу мелла а хенарчу бахархошна. И сурт кIаргдеш, цуьнан гIайгIане битамаш шорбеш тIебузура хьехархочо Мурадова Залпаа далочу тоьшаллаша а.

Мурадова: «Белларш некъан бохала охьа а кхуьссуш, дIаоьхура цIерпошт. Буьйранчаша дозаллица хаамаш бора хьаькамашка: нохчий дIакхалхо оьшуш ерг 15 эзар сов эшелон яра, ткъа оха уьш шийтта эзар сов чу дIатарбина, адамаш ирахь а тIехь лаьтташ, луьста ю вагонаш».

Гуш дара Теркйист кIоштан Ломаз-юьртан школехь мел хиллачу баккхийчарна, къам дохадарх шайна гинарг а, хезнарг а, синкхетам йийсаре беш, дазделла хилар. Цу хиламна нацкъара, бендацаран марахь ца бисинера дешархой а, шаьш и сурт хIоттош болу турпалхой а.


Къаноша тоьшалла а деш, нохчий бохочу хенахь, дукха меттигаш нисъелла, цомгуш, гIорасиз болу баккхийнаш, новкъахь, хьала а, охьа а, лийр бу, бохуш, салташа цIерпошта тIе ца бохуьйтуш, дуьхьалонаш еш а, къаной шаьш шайн йиша-ваша а, дай а болччохь бала бухабиса гIерташ а.

Бертаза бахь а, шаьш дIадахаро царна бийриг тешнабехк хеташ. Цу тIегIанахь тидича ,шатайпа дагалацаме а. дагахьбалламе а дара Исмаилова Айзана а, Чабаев Шемала а хIоттийна хIара сурт а.

Исмаилова: «Йита елара ахь со, кIант. Ма йиш яцара сан. Сайн да-нана долччохь сапаргIат хир яр-кх со. Царна юххехь сайна меттиг а кечйина Iаш ма яра со. Ма яккхахь со царех».

Йитахьара ша, бохуш, леткъамаш беш йолу нана Iехо, цуьнан таьIна ойланаш къахкъо, цуьнан къона хан дагайоуьйтуш, хIиллане къамел доладо кIанта, дозаллица шен ден къонахеллех дуьйцуш, суй санна, йоI яра ша бохучу нене «суй санна хьо муха хуьлу, сан деца хелха йолуш, сан дас хьайн гIабалин тIеман юьхьиг яьккхича а хьуна хиина а ца хилча?», бохуш, нене забарш а еш.

"ГIабалин тIам сан дегара схьабаккха хIоьттина а ца хиллера хьан ворхI ваша цу ловзаргахь", аьлча, нанас олу : "Валлай баьхьанера-кх! Хьан ден Iовдал корта хьебан а ца лиина, IадIийнера-кх».

Цу суьрто хIетахьлерчу луьрачу заманах-дохадарх дийцарал сов, къеггина гойту, аьлла хета ,къоман амал, шатайпаналла ,тIехIоьттинарг мел хала киртиг хиларх, вайнах забарна тIера хилар, харц чкъург карчош, тIехIоьттина киртиг эшон вайнахехь хьуьнар а, доьналла а хилар.

Нохчийн къам дохадаран бохам-трагеди кIаргъеш, халкъана тIехIоьттинарг кхето гIо деш декара математикан хьехархочо Сайдулаев Сулимас дIаолу Гадаев Мохьмад-Салахьан дешнаш а.

Дерзош аьлча, муьлххачу а тешаша дохадарх балхо тарлучу къа-баланел оьшуш ца хеталора Теркйист кIоштан Ломаз-юьртарчу хьехархоша а, дешархоша а кхоьллина сурт.
XS
SM
MD
LG