ТIекхочийла долу линкаш

ХIинцца тIом дIабирзинчу Нохчийчохь уггаре лоьхучу авторех вара японхо Муракама Харуки а, бразилхо Коэльо Паола а.

Нохчийчохь тIом дIабирзина аьлла Кремло дIахьедар дина ши-кхо шо даьлча Foreign Policy цIе йолчу Iамеркан журналан дехарца Маршо Радион корреспонденто леррина таллам бира вайн махкахойн книгаш ешарца йолчу юкъаметтигах лаьцна.

ЖамI цу хенахь иштта дара. Соьлж-ГIалахь, масала, дIоггара дукха бацахь а, литература езаш а, книгаш йоьшуш а нах бара, иза коьртачу декъана яй олу литература хиллехь а.

Нахана дукха езара детективаш, фантастика, безамах лаьцна романаш.

Цул сов, бахархошна кхета лаара шаьш хьоьгучу баланийн бухах. Цундела цара лоьхурш а, оьцурш а яра адаман психологех лаьцна а, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а юкъаметигийн исторех лаьцна а книгаш. Къаьсттина дукха ешара нохчаша Айдамиров Абузара книгаш, масала, «Еха буьйсанаш» олу трилоги.

Ткъа тахана муха лаьтта Нохчийчохь книжкаш ешарца хьал. Цунах лаьцна дуьйцу дуккха а шерашкахь Нохчийчуьрчу книгаш зорбане яхаран урхаллехь болх бинчу яздархочо Уциев Абус.

Уциев: "Хьалха книжкаш эца гIерташ нах хилара вайн. Ткъа тахана книжка эца гIерташ а, иза еша гIерташ а нах суна хаабелла бац. Ахь шена совгIатана елла книжка а, ахь ешнера аьлла, хаьттича, хIинца а кхиина-м вац ша олу".

Тахана нохчашна юкъахь нохчийн меттан ша-тайпа верасаш алсамбевлла, цу маттахь йоза доьшуш болу нах ца бевллехь а бохуш, дуьйцу Уциевс.

Уциев: "Тахана интернетехь оцу чIерах хIун олий, хIокху акхаройн цIе нохчийн маттахь муха юй бохуш, вовше телефонаш а етташ, хIора а гIерта нохчийн мотт кхион. Цуьнга заза доккхуьйту ша бохуш, хIора шина дашехь кхоъ гIалат а долуш, уьш оцу чу а яздеш, ша яздийриг а, ша оцу маттан тIехь дийриг а ца гуш, (лелош) и хIума ду. Мотт кхиарна а, массо а хIуманна а книжка йоьшуш хила езаш яра, арахецна иза ялахь".

Уциевс дийцарехь, дIоггара баш уьш ешшал чулацам болуш а ца хуьлу карарчу хенахь зорбане йоху книжкаш.

Уциев: Бакъдерг дийцича, цхьайолу хIуманаш еша аьлла чулацам болуш а ца хуьлу. ХьастагIа цхьа мор книжкаш эцна ас, араваьлла. Хьокхо хIун яздина-те аьлла, схьаэцча бух бац, бохь бац. Цу тIехь яздинарг цхьана а дена пайденна хир ду аьлла, хеташ хIума а дац. Яздина охьа-м диллина цо иза, ара-м хецна цо иза. ВогIург а, воьдург а хуьлуш ца хуьлу яздархо.

Вакуева Умани 50 сов шарахь болх бина ю школерчу библиотекехь. Нохчийчохь тIом балале бераша лоьхурш нохчий маттахь язйина книжкаш а, оьрсийн поэтийн стихаш а, кхечу пачхьалкхийн авторийн книжкаш а яра бохуш дуьйцу цо.

Вакуева: "Даиман а цара хоьттуш дукхах ерш вайн нохчийн (яздархоша) Ошаевс а, Музаевс а язйинарш а, байташ а яра. Ткъа вуьштта (хоьттурш) оьрсийн туьйранаш а, поэташ Лермонтов а, Пушкин а хилара... Толстой а...Ткъа цхьаберш кхечу пачхьалкхийн литература еша лууш хилара".

Ткъа муха ду таханлера хьал? Йоьшуш болу нах карийча, цара йоьшург хIун литература ю, Уциев Абу?

Уциев: "Нунуев Сайд-Хьамзатан книжкаш а йоьшу наха. Хатуев Iабдул-Хьамид дIаваьллачул тIаьхьа цуьнан "Аьрзун иллеш" книжка кечйина зорбане яьккхинера ас. Иза еша лууш дуккха а нах бевлира. ЛортIехь яздина дош оьшуш болу нах дуккха а бу тахана республикехь.

Ахмаров Рамзана книжка лоьхурш хуьлу. Мамакаев Мохьмадан, Айдамиров Абузаран, Гадаев Мохьмад Салахьан... Доцца аьлча, бала, гIайгIа гойтуш долу хIума зорбане даьккхича, наха, лаха а лохий, йоьшу (книжка), йоьшур яра аьлла а хета суна."

Европерчу а, Iамеркерчу а яздархошка болу безам бисинера нохчийн ши тIом дIабирзинчул тIаьхьа а. Иза гойтуш бара вай лакхохьа хаьхийна Маршо Радион корреспонденто бина таллам. Махкара боцучу авторшна юкъахь бара Шекспир, лорд (Джорджа Гордона) Байрон, Стендаль (Мари Анри Бейля), Эрнест Хемингуэй, Виктор Гюго, Чарльз Диккенс, Джонатан Свифт, Марк Твен.

Тамашийна дерг дара хIинцца тIом дIабирзинчу Нохчийчохь лоьхучу авторшна юкъахь, масала, японхо Муракама Харуки а, бразилхо Коэльо Паола а хилар.

Уциевс дийцарехь, тахана а йоьшу нохчаша коьртачу декъана Малхбузерчу яздархойн книгаш.

Уциев: «Оьрсийн авторш вайн республикехь, суна хаабелла бац. Ткъа вуьшта, (йоьшурш ю) шен хенахь зорбане евлла хилла детективаш а, Шерлок Холмс, кхечу махкашкара Лондон Джек а, Дюма Александр а, Санд Жорж (Амандина Аврора Люсиль Дюпен)".

Иттаннаш шерашкахь библиотекехь болх бинчу Вакуева Уманин лулахь юьртан библиотека ю. Цу чу богIурш муьлш бу аьлла, шега хаьттича, иштта элира цо.

Вакуева: «Оцу чу вогIуш цхьа ши стаг гур ву хьуна, стаг аьлча а, бераш. Кхиазхой. Кхин цхьа а да вац таханлерчу дийнахь и книжкаш йоьшуш а, царах марзо оьцуш а".

Библиотекехь болх беш даима а цхьа ойла латтара шен, хIара книгаш еша маьрша яьлла хан йогIур юьй-те олий, бохуш яра Вакуева Умани. Ша сатийсинарг кхочуш хилла элира цо, реза хиларца.

Вакуева: "Оцу библиотекехь болх беш сан даима а хилла ойла яра, кху библиотекана чохь мел йолу книжка ешна-м ера яцара со, делахь а уьш еша хан йогIур яцара-те суна бохуш. Уьш ешар кIезиг хилла сан.

Делахь а, хIинца книжка йоьшуш ю-кх со, хIокху минотехь а. ХIинцца вайн лулахо чуеанера. "Книжка йоьшуш ю хьо?"- боху цо. "Дера ю-кх", - боху ас. "Вай, кьузганаш а доцуш йоьшуш ю хьо?" - хоьтту цо. "Куьзганаш библиотекехь дитина ас"- боху ас...

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG