ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исторехь йиса хьакъ юй Клинтон ХIиллари?


Цхьанатоьхна Штаташ - Iамеркан пачхьалкхан секретар къамел деш ю Вошингтонерчу пачхьалкхан департаментехь Франклин Бенджаминан цIарахчу хIусамна чохь, 01Чил2012
Цхьанатоьхна Штаташ - Iамеркан пачхьалкхан секретар къамел деш ю Вошингтонерчу пачхьалкхан департаментехь Франклин Бенджаминан цIарахчу хIусамна чохь, 01Чил2012

Чиллан беттан хьалхарчу дийнахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаран даржехь болу шен болх берзийна яьлла Клинтон ХIиллари. Маршо радион корреспондента Солаш Ричарда теллира Iамеркан коьрта дипломато йитина тIахье.

Iамеркан 67-гIа пачхьалкхан секретаран декхарш дIакхоьхьуш, кхечу дешнашца аьлча – арахьарчу гIуллакхийн министр йолуш Клинтон ХIилларин рейтингаш чIогIа лакхаевлла. Президентан Обама Баракан хьесапехь цо ондда къахьегна Iамеркан васт меттахIоттош а, телхаш хилла берташ тобеш а.

CBS News телевизионехь Клинтона а, Обамас а «60 минот» цIе йолчу программехь цхьаьний еллачу интервьюхь Обамас элира «вай мел хиллачу пачхьалкхан секретарах уггар тоьлларг санна исторехь юьсур ю Клинтон».

Iамеркан коьрта дипломатан даржехь деа шарахь 1 600 000 чаккхарма некъ бина Клинтона, 112 пачхьалкхехь а хилла.

Цуьнан гIоьнчаша бахарехь, церан хьаькам буьйса юкъал тIехъяллалц Iара балхахь, уггар генарчу пачхьалкхашкара хьолана а ша тIаьхьа кхиъалц.

Клинтонна гонахарчу наха дуьйцу, чолхе къамел дечу хенахь дипломатийн коьрта, къамел дан хааран а, ладогIа хааран а гIирсаш говза караберзийна Клинтона.

ГIажарийчоьнна дуьхьал ондда санкцеш кхайкхорна дуьненаюкъаралла тIеялаелира цуьнга. Либина чугIортарна гIортор яелира. Бирмица дипломатан уьйраш тесира.
Цо карлаехира Европица йолу уьйраш. Зударийн а, зудаберийн а бакъонийн жигара гIорторхо а яра.

2012-чу шарахь Гезгмашин беттан 11-чу дийнахь Цхьанатоьхначу Штатийн БенгIазера дипломатан миссина тIелатар динчул тIаьхьа буьйлабеллачу политикан къийсамашкахь а иэшам ца хилира Клинтонан репутацина.

ХIетте а аналисташа бахарехь, цо шена тIаьхьа юьтуш ерг дика тIаьхье ю, дIоггара баккхий кхиамаш бац. Масала, Киссинджер ХIенрин белхийн барамехь я Маршалл Джорджан теорин барамехь а. Яккхийн дуьненаюкъара проблемаш ца къастийна цо ша оцу даржехь йолуш.

Брукингс институтехь йолчу арахьара Iилман-техникан политикан талламан директор ву О'Хэнлон Майкл. Пачхьалкхан исторехь лар йитинчу секретарах еккъа цхьа тIегIа лахара хIоттайо цо Клинтон.

О'Хэнлон Майкл: «Хьо исторехь ца виснехь, ахьа хьайн болх дика ца бина бохург дац. Бахьанийн амалш хила тарло уьш. Цкъа-цкъа адамаш вуочу бахьанаш буьту исторехь, дика бахьанаш бахьанехь ца буьсу. Вьетнам-хенарчу пачхьалкхан а, тIеман а секретаршка (министршка) хьажа.
Вайна ма-хаъара, Бейкер Джим Боснех хьакхавала лууш вацара. Амма кхузахь даккхийчех хIума дац, амма Клинтона кIорге хийцам бина, ша белхан декхарш кхочушдан дIайолаялале хиллачу хьоле хьаьжча.»

Маршо радио: «Клинтонан Доктрина» ца хиларан бахьана, О'Хэнлона бахарехь, цунна кхаьчначу дуьненан коьртачу проблемийн амалца доьзна ду – изараилан-палестинин хаттарна тIера, Къилбаседа Корейна тIекхаччалц. Царах дукхах дерш еххачу хенахь, меллаша къастош догIучу чолхечу хатташна юкъара ду.
Схьагарехь, Клинтона Азехь динчух, уггар дагахь лаьттар долчух дерг ду, кIоштийн форумашкахь иза Китайн агIора хIоттар а, Бирмица юкъаметтигаш нисъяр а. Обамин администраци Азехьа ерзарна урхалла а дира цо, боху О'Хэнлона.

Иштта, секретаран цхьа моггIа къовсаман меттиг а хилира Ази. Ша дIахIоьттинчу хенахь, 2009-чу шеран юьххьехь цо юкъараллехь гIовгIа айира, Пекинна тIеIаткъам бан беза «адамийн бакъонийн декъехь», экономикехь а, кхечу тIегIанашкахь а лелочуьнца иэ а ца деш, аьлла.
Дукхах болчу адамийн бакъонашларъярхоша емалдира и дIахьедар. Ткъа "The Washington Post" газето иза «гIалате лерира».

Амма, цо шен даржехь изза дийр ду бохург дацара иза. Ша арахьарчу махкашка йоьдуш цо гуттар а айара адамийн бакъонашца доьзна хаттарш, цхьанакхетара юкъараллин векалшца, могIарерчу нахаца.

Телевизионна шаьшшимма цхьаьний еллачу интервьюхь Обамас Клинтон хастийра, цо пачхьалкхан департаментан Пентагонца болу цхьанаболх тобарна. И бахьанехь лагIбелира Иракъера а, ОвхIан пачхьалкхера а тIемаш. Аьтто бира Ал-Кхайдин бух гIелбан а, Бин Ладен Iусама волу меттиг къасторна а, иза хIаллакьварна а тIекхаччалц.

Вошингтонера Вудро Вилсонан центрехь арахьарчу политикан эксперт волчу Миллер Аарон Дэвида бахарехь, КIайчу ЦIийно наггахь а ца лора Клинтонна «йоккхачу стратегин архаш».

Президенто хIитточу леррина векалша – ОвхIан пачхьалкхехь а, Пакистанехь а болх бина волу ХIолбрук Ричард санначара, Клинтонан башха аьтто ца балийтина. Кхечу хаттарийн уьйриг бастарна тIейирзина яра Клинтон, данза дисинарг къастош.

Вуьшта, аналистийн хьесапехь, хIинца а хьалхе ду Клинтона йитинчу лоран мах хадон. Масала, хIинца а дикка хууш дац ГIажарийчоьнна дуьхьал кхайкхийначу санкцеша гIо дийр ду-дац заррат программица доьзначу хаттаран йист яккхарна. Иза тIехьожуш а йолуш, Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш «карлаяхар» дуккха а агIонашкахь цхьанаболх эвсара белира, амма юкъаметтигаш цIеххьаша лагIйелира.
Цул сов, хууш дац цо НАТОна а, Iаьрбийн пачхьалкхашна а юкъахь ян цо гIо дина Либин коалици кхин дIа йолчу ханна масала хир ду-дац.

Шен балхана тайп-тайпана хадош болу мах хууш ю Клинтон. Дечкен беттан 29-чу дийнахь CNN телевизионна интервью луш, ша шен белхан жамI деш цо элира.

Клинтон: "Суна хетарехь, 2009-чу шеран Дечкен батте юхадаха деза дагадаийта - мел къие яра Цхьаьнатоьхна Штаташ. Мел чlогlа талхийна дара вайн васт. Вай хьалхара хилар шеконехь дара. Экономикан кризисо мел галбаьккхинера вайн lедале, вайн экономике, вайн пачхьалкхе болу тешам. Сан белхан дакъа дара юьхьанцара дуьйна дерриг дуьнентlехь lамерке болу тешам а, иза лидер хилар а юхадlахlоттон а."

Маршо радио: Ша Iамеркан пачхьалкхан секретаран даржехь йолчу заманахь боккха кхиам ца баккхабаларх лаьцна цо элира, «Дипломати, цхьа ког вукху когана тIаьхьа а боккхуш, деш долу гIуллакх ду». Цо кхин а элира, «Тхо дан кхиинчух йоккхайее со.»
XS
SM
MD
LG