ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттан-Кхалара Хасуха - Советан Iедалан къизаллийн мостагIа (1 дакъа)


Нохчийчоь -- Магомадов Дени, Магомадов Хасухин жимах волу кlант, Соьлж-гlала, Гlуран беттан 10, 2013
Нохчийчоь -- Магомадов Дени, Магомадов Хасухин жимах волу кlант, Соьлж-гlала, Гlуран беттан 10, 2013

Советан Iедалан Iедалан харцонашна доьхьало ян, обарг вала дезначу Магомадов Хасухех лаьцна чIогIа кIезга хаьа. Луьра Iедалш бахьанехь цкъа а иза хьахон йиш ца хилла я цуьнан берийн я, иза вевза-везачерийн а. Маршо радиога шен дех лаьцна дийцира дукха хан йоццуш, Хасухин кIанта Денис.


Денинан шен да Хасуха дуьххьара 1966-чу шарахь гина, иза ЦIечу Эскарехь гIуллакх а дина, цIавеана дикка хан яьллачул тIаьхьа. Мел чIогIа иза сихха ган лаарх, аьтто ца баьлла, Iедалш, лерг диллина, тIехьовсуш хиларна. Ур-атталла, берийн сагатделча, хьовса а шайн ден сурт чохь дитар кхераме хилла.

Магомадов Дени: «И волче водара со буьйса йоккхуш Iара. Соьгара кхин башха гIо оьшуш-м вацара иза. Наггахь тIеман барзакъ тоьгу кIади хьора аса цунна. Даа, мала цуьнан долуш дара. Аса зуда ялийначу хенахь, мелхуо, аса зуда ялийча цуо суна гIо дора.

Дакъийна жижиг дахьара, говр, уьстагI бара. ДоттагIий бара цуьнан гуьржийн жаIуй.
1966-чу шарахь дуьххьара гина тхойшиъ вовше. 1963-чу шарахь со ЦIечу Эскарехь гIуллакх дина цIавеара. Со цIавеана ши шо далийтира аса, дех ца кхеташ. Автопарке балха хIоьттира. Юха цигара дIа а ваьлла, жимачу машенахь болх бан вахара. Сайн деца цхьана муха кхетар вара те, бохуш, яьккхира аса и хан. Сайн дейишехула хаьттира аса, цунах муха кхетар вара те со, аьлла.

Дала гечдойла цунна, Билал бохуш вара иза, тхан дейишин йоI яханчуьн да, сан де дуй биина доттагIа вара иза. Оцу Билалас вигира со дуьххьара хьун чу, сайн да ган. Сахиллалц хо кхоъ цхьаьний Iийра, луьйш-олуш, хоттуш.

Тхайгахь цуьнан цхьа а сурт доцун дера, камера а яьхьнера аса. «Сурт даккхийта хьан» аьлча, ца лаара цунна. «Аша сан сурт даккхахь, иза КГБена а гур ду. Тiаккха ша вевзар ву. Шен сурт доцун дера ша ца лоцу», элира цо.»

Маршо радио: Нохчийн интеллигенци а, Советан Iедална бохка а белла, церан хьашташ кхочуш деш боцу дина дай а, молланаш а, хенаш етташ, Сибрех хьийсор йистах дитича, 1939-чу шарахь буьйлабелла Магомадов хасухин баланаш. Ларамаза цуьнан карах юьртахо велира. Шен чуьра са дIадалале, ша валарна бехке Хасуха вац ала кхиинера и стаг. ГIуллакх шарIан кхеле даьккхира. Иза бехке ца хилар бакъдира цу кхело а.

Стаг веллачара чIир ца кхайкхош витинехь а, шайн Iадаташ, гIиллакхаш лелорна луьра таIзар деш хиллачу Советан Iедалш тIаьхьара ца девлира Хасухина. Лаца а лаьцна, Соьлж-гIаларчу набахти чу воьллира. Цу чохь шена гина хилла харцо а, ницкъ а, сий дайъар а, ша валлалц тоьъира цунна, кхин цу Iедалийн кара ца ваха чIагIо ян.

Магомадов Дени: «Шен дуй ца къарба лела ша алара цо. Кху ДегIастанчура дIаваха а йиш яц шен, царна (Iедалшна) тIе а ... аса-м цуьнга элира, Москох вахана, бакъо яьккхина, хьо паргIатвалийта хьаьжча хIун дара те? Велавелира иза. «ХIара Iедал ца девза хьуна. ХIара Iедал тешаме Iедал дац, сайн дуй къарба йиш яц. Царна тIегур вац со», элира.

Вайн цIахь биънера цо дуй, лаьцначуьра Омскера цIавеанчул тIаьхьа. Шен вежаршна хьалха дуй биинера «Дуьненчохь йоккхучу заманчохь хIокху ДегIастанчуьра дIа а гIур ма вац со, хIокху Iедалх теша а тешна, церан кара а гIур ма вац со», аьлла.

Вай цIера дуохочу хенахь а, вежарша аьллера цуьнга, юккъе валий, тхоьца дIаволахь.
ВогIур вац ша, дуй къарбан йиш яц шен аьлла, дIа ца ваханера. Вай нах дIа ца бигийта, кIело а йина, Iаш хиллера уьш, нах дIа ца бигийта. Юха и хиинчу баккхий наха, «Зулам ма де, Iад Iе, вай массо хIаллакьдийр ду. Цхьа кIира даьлча цIадохкуьйтур ду, эскар ду массанхьа лаьтташ аьлла, дIабахийтина. ТIаккха IадIийнера.
ХIета дуьйна, шеца болу накъостий дIа а бевлла, ша висинера иза.»


Маршо радио: Таханлерчу Шуьйта-кIоштара Гатан-кхалехь 1905-чу шарахь Стигалкъекъа баттахь дуьненчу ваьлла Магомадов Хасуха. Уьш доьзалехь исс бер хилла. Бераллехь хьужарехь дешна а, Iаьрбийн мотт хууш а хилла Хасуха. ТIаьхьуо, молоканаша гIазакхийн мотт а Iамийнера цунна.

Iедалшна хьалха, диллина, Хасухина гIо дан ца баьхьнехь а, амма цунна мел оьшу гIо деш, цо дийриг къобалдеш дукха адам хилла. Нохчий цIерабаьхначул тIаьхьа, дIатесна йисинчу хIусамашкахь къола дан эха марзбелла суьйлий къехкийна Хасухас. Шаьш къола дийриш таIзарза Iад битина, и эвла яккхий тоьпаш йиттина дIашаръяр нийса хеттера Советан Iедалшна.

Магомадов Дени: «ГIо деш нах бара цунна, коьртачу декъана жаIуй-гуьржий. ДIа а воьдий, царца хан йоккхуш хилла. Цара юург латтош хилла цунна. Вай нах цIера бохийча, нехан дIатесна дисина бежана, уьстагI, говра а гуьржийн махка хьалалаьхкина ша, бохуш дийцира тхан дас. Царца доттагIалла лелийна цо велла дIаваллалц. Сагатделча Шуьта а вогIий, бьрта бIаьрг тухуш хилла. ТIаккха гIала ресторане воьдуш хилла. Ресторан чохь Iай, дIаводара ша. Цхьаммо тергал ца вора, алара. Говр эцца, Пригороднера хьуьнхахь дIа а хоьций, гIала воьдуш хилла. Iамийна говр яра цуьнан, шок ма-тоьххина, цунна тIейогIуш. ТIоф-олий, яжа дIайоьдуш хилла, ша схьакхайккхалц.

Вайнах цIабаьхкича, нохчаша вовшашна меттанаш детташ, курхаллаш лелош а хилла. Шаьш динарг, Хасухас дина олий, цунна тIетоттуш хилла. Уьш цIабабхккалц, паргIат лелаш хилла.
Шуьйтахь дарбан цIийнахь Iиллина иза. Багдасарян Зарен Ефромович варий иза, гIалин 9-чу дарбан-цIийнан коьрта лор а лаьттира иза, цо (Хасухас) елла 9-зза йолу тайпча хилла-кх цу лоьрана. Шуьтйахь цо дарба дина ву-кх иза. ДIавоьдуш, гIайбин кIеллахь кехатан цуьрг йитина хилла цо, «баркалла, дарба лелорна. Хасуха», аьлла.
Цунна-м (лоьрана) хууш ца ца хилла, ша дарба хьанна лелийна. Молоканашна хууш хилла. Амма цара гучу ца ваьккхина. Вайнах цIера бохийча, цига молоканаш балийна хилла. Тхан эвла-м охьа аьттера. Цига суьйлий марзбелла хилла хIуманаш лечкъон. Цаьрга, лачкъош йолу хIума, виран ворданахь я терчийн ворданахь богIуш хилла уьш, тIе а йоттуьйтий, эвлан йисте кхаччалц дIа а бохуьтий, юха дуьхьал волий, юха а берзабой, хIуманаш чу дIа йокхуьйтий, эцца неIарехь вера ша, бохуш дийцара, кхин боул суьйлий ца бахкийта.
ТIаккха Iедалшна хIокхуо и болх беш буйла хиина, яккхий тоьпаш еана, ша йолу ГIатти-чоь олу юрт дIашаръяйтина.

Маршо радио: Хасухин кхин бIаьрг кхетийла ца хуьлуш, цуьнан доьзал Казахстане дIабигина. Цигахь цхьаъ бен йоцу йиша а, цхьаъ ваша а кхин кара ца деш, дайра шайн, бохуш дуьйцу Денис.

Магомадов Дени: «4 кIант, цхьа йоI хилла тхан. Уггар жиманиг со ву. Уггар воккхах верг Алматара детдомехь висина, вайна ву. Суна дагадогIу вай дохийна де. Со жима-м вара хIетахь. ДогIуш догIа дара, жимуо. Терчийн ворданна тIе хьаладаьхнера тхо. Тхо кегий бераш гIаш дахалур дацара. Тхайн ненанаца тхо Казахстане дIадидигира, уггар шийлачу Кзыл-орда олучу метте, Сырдарья (хи) йистехь. Цхьа чоь яра. Кор дара, неI яра. Корехь хIумма а яцара. Цига гIайба боьллина, неIаре юргIа оьллина, Iара. ДIо сонехь казан-яй бара казахаша белла, пеш яра. Со воцург, ша верриг вуьйжира оцу вай дIадохийначу шарахь, цомгуш хилла. Со цхьаъ вара тIерсак кхоьхьуш, цIе латош, хи дохьуш.

Араваьлла дехча, казахаша кIан буьртигаш лора. И кIан буьртигаш кхехкабой, тхан нанас чорпа йора. Юха бIасьте елира. Тхан нанас лебеда лахьо вохуьйтура со, иштта цхьа шуьйра гIа ду хьуна, олий. ТIоьрмиг чохь лебеда лахьайора аса.

БIаьстенга ца бовлуш, дукха нах белира оцу шарахь. ГIумагI чохь хи кхехьара аса. И гIумагI соьга айъа ца лора, диалгIа шо бен дацара сан, такха йой, яра аса иза. Сырдарья чуьра хи дахьара аса кхузза-диазза, яй бузуш.

БIаьсте дIаелира, гуьйре тIеъча, шелъяла йолаелира. Тхан ден шичас Хьусайн бохуш вара иза, цо тхо детдоме дIаделира. Воккхачул жиманиг Бауди, цигахь велира, могуш воцуш хилла. Тхо 3 кIанттий, цхьа йоIIий дIаделира. Ши шо кхаьчна хилла ваша кара а ца вира, иза вайра. Йиша а ца карийра тхан нанна. Тхойшиъ, сой, уггар воккханиггий, карийра. Ишта хилира дахар.»

Маршо радио: ЦIерабаьхначехь нохчийн дуьхьал кхетта-кхеттачехь хоттуш дерг цхьаъ дара «вай цIа маца дохуьйту те, хIумма а хезний» шуна, олий? Иштта, бакъо елла а йоццушехь. Сталин велла аьлла хезначул тIаьхьа, лацарна кхерам боллушехь, цIаэха буьйлабеллера. Дан ган са ца тохалуш, Дени а новкъа ваьллера.

Магомадов Дени: «Воккхах верг цигахь висира ша гIезало зуда ялийнан дера. Эхь хеташ цIаван. Шен шичица цIавеара иза. Со тхан воккхах волу деваша волчу дIавахара Актюбинске. Кзыл-Ордахь аьчка-некъан тIехь болх беш вара иза. ЖIаьлин будки чу хиина, со цига дIавахара. Стигалкъекъа баттахь со цига дIакхаьчнера, цул а хьалхарчу буса приказ даьлла хиллера, (нохчий) цIа ма бахкийта, аьлла. Кхузахь цхьа бунт иккхинера-кх вайна, 1956-чу шарахь. Цундела со висира. Девешера а разрешени (бакъо) дIа а яьккхина, бисира уьш а. Эскаре ваха хан хиллалц, со цигахь висира. Жимах деваша а цига дIа а веана, тхо кхоъ цхьаний Iийра. Циггара, Казахстанера 1960-чу шарахь Лахьанан баттахь со эскаре кхайкхира. Новособирскера эскаран декъехь вара со, авиацехь (хIаваъан эскарехь). 1963-чу шарахь ГIадужу-беттан 20-чу дийнахь со цIавеара.

Гергарчу барамехь 25-де дара моьтту суна и, со цIавеана масех де а далале КГБ еара вайн неIаре. Капитан Хаджиева вара, суьйли. Хьо комсомол ву, къаьхьа де ду, гIо дан деза КГБена, элира. Деваша а вара уллехь. Цо тIаккха элира, цара боххург де, гIолехь хир ду. Деваша политикина тIаьхьа ца кхиара.

Дика ду, гIо дийр ду, аьлла, Шуьйта хьала вигира со КГБен машенахь. Гергара нах бол-боллучехь йозанаш дитийтара соьга Iаьрбийн маттахь яздина. Дена Iаьрбийн мотт хаара, хьуьжарехь дешна вара. ГIазакхийн мотт ца хаара. Масех баттахь лийлира иштта. Со салтийн духар доьхна вара. ТIеюха хIума а яцара. Болх бан безара. «Чё я ваши дела буду бесплатно делать?», аьлла, царна тIе куьг ластийна, цIавеара.

Автобусан парке балха вахара. ГАП-1, ГАП-2 яра хIетахь. Цигахь цхьана шарахь болх бира аса. Жимачу машенна тIе вахара. Шуьйта водийла ца хилара автобусан паркехь болх беш хилча. Да ган чIогIа лаара. Цундела, нана а, ваша а Iад витина, хьалххе цIа ма веанера со, цунна тIекхочур ву-кх со, аьлла.»

Маршо радио: Дийцарехь, шен доьзал генарчу Казахстане дIабигина болуш. Хасухас кхин цхьа зуда а ялийна хилла. Амма иза мел бакъ ду ца хаьа цуьнан кIантана Денина. Шен нана кхоош ца хилла там бу, бохуш дийцира цо.


Магомадов Дени: «Тхан дас цкъа а ца дийцара иза. Цуьнга хатта суна дага а ца дерара. Тхан ненанца къаьстина вацара иза. Иза кхоош, ца дийцина хир ду. Аьккхех я, мIайстойх хир ю-кх.»

Маршо радио: Советан Iедало шеца Нохчийчу деанчу уггар вуочу гIиллакхех цхьаъ ду, мотт беттар. Бераллехь дуьйна наха мотт беттий хууш, иза лан а ловш чекхбала дезна Хасухин доьзалан. Ур-атталла, Хасуха лаца а лаьцна, Советан Iедална дIавала лууш а бара. Амма шайна хир йолчу чIирах кхерара.

Магомадов Дени: «Со балха лелаш а, да ган воьдуш а, наха меттанаш деттара, цхьаъ дуй хууш. Суна тIаьхьабевлла КГБен векалш бара. Шуьйтарчу наха аьлла хиллера, кIанте дуй баийта, чIир лохур яц, алий, тIаккха оха дIалур ву шуна (Хасуха) аьлла. Кожедубоввий, Менковский, и шиъ веара тхо дига. Клубе нах гулбинера – баккхий нах, ша верг.
Сан воккхах волчу девашас элира соьга а, жимах волчу девеше а: «Ши кIант, нахана ган а гуш, къаьркъа мала деза аьшшимма. Алкоголик ву аьлла, шуьшиъ «отмазать» ван атта хир дара, аьлла. (Хасуха) Лацарна кхерара.

Охашимма нахана хьалха къаьркъа мийлара, тхойшиннах алкаш алийта.
Тхо Шуьтйа хьаладахча, клубе дахале, тхан девашас куьг ластийра «вало, шаьшшинна къаьркъа мала», аьлла. Тхойшиъ туьканара къаьркаъ эцна, охашимма мелира. Дешича вара тхан Нукъман бохуш. Тхо кхоъ, сой, сан жимах волу деваший, Нукъманний, тхо мала дахара сельсоветана улле. Наха а гойтуш, оха хIораммо 100 грамм мелира.

Наха хIете а, дуй баа беза аьлла, тхо клубе дигира. Деваша хьалагIаьттира воккхинаг, дуй ша буъур бу, царшимма ца биъча а, хIумма дац, аьлла.
«ХIан-хIа», элира наха, «кIанте дуьххьара баийта дуй».

«Аса буур бу-кх шуна, баа ма-безза ду», аьлла, со клубан сценин тIе хьалавелира. Цу сцени тIехь гIанташ хIиттийна, хевшина Iаш КГБен нах бара.

«Дуй буур бу-кх аса, сайна ма-хетта. Сан шиъ деваша ву хIокху метта чохь хиина Iаш, шуна ма-гарра. Оцу Алматара схьа а веана, сан нанас дена вина волу вашас и (Хасуха) дIалахь, сайн вешина а вуьтур ма вац аса, Делара охьадоьссинчу Делан Къуръанора.» И аьлла, со сцени тIера охьавоьссира. ТIаккха клуба чуьра цхьаннен мохь белира, иза вехна ву, вехначо биина дуй – дуй бац, аьлла. Кхин дуй баа ца элира.

Кожедубине элира аса: «Ты чё, мусульманскую веру принял что-ли, на Куран ставишь нас?». Иза Къуръан дара дацара, хаац суна. Газетин юкъа хьарчийна яра цхьаъ.
«Я тебя сгною», элира цо соьга, тхо арадевллча. Аса элира: «Ничё ты мне не сделаешь. Выше своей власти ты не прыгнешь.», аьлла. Цул тIаьхьа со лецира цхьа бутт балале. Лаца лаьцна, пхеа шарана чувоьллира.

Вуьшта, хан тохале, тхан да машенахь нана йолче а валавора аса машенахь ГIойисте. Ша а вагIара иза. СоIди-кIотар кхаччалц схьа а вогIий, говр цигахь дIа а хоьций, гIаш вагIара.

Цигахь а, наха туьканахь тидам беш хиллера. Тхан нанас цхьана дийнахь ши булка бепиг оьцуш хиллера, вукху дийнахь йиъ булка оьцуш хиллера. Оцунах тидам а беш, чухьежа а, ладогIа а лелаш хиллера-кх. Цигахь хиллера мотт беттарш. Тоьшалла дан хIума-м ца хилара. Тхан нана а лецира. 45 буьйса лаьцначохь цо а яьккхира. Дейишин кIентан зуда а лецира, «пособничать» дина аьлла. 1975-чу шарахь Стигалкъекъа беттан 13-чу дийнахь амнисти а яьлла, цIаеара. Суна тIехь кхел йира.»

Маршо радио: Къонахашна юкъахь а къонаха хилла Магомадов Хасухин сий деш, Ичкерин Iедал долуш, «Къоман сий» орден кхайкхийра. Делахь а, архивашкахь Хасуха дIавоьллина меттиг къастон а, цунна чурт догIа а ца лара ца дира хIетахьлера Iедалш. Ткъа таханлерчара иза дийр дац, хIунда аьлча, Хасуха маьршо езаш, дош лелаш, вуьззина нохчо хилла. Гергарчу хенахь оха кхин дIа а хозуьйтур ду шуна, Хасухех лаьцна цуьнан кIанта Денис дина къамел.
XS
SM
MD
LG