ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европерчу кхелана бух болуш карийна Бесланерчу бахархойн латкъам


Франци -- Страсбургерчу кхеле баьхкина Бесланерчу бохамехь дайинчу а, эшам хиллачу а берийн гергарнаш. ГIад.14. 2014.
Франци -- Страсбургерчу кхеле баьхкина Бесланерчу бохамехь дайинчу а, эшам хиллачу а берийн гергарнаш. ГIад.14. 2014.

Суьде латкъам бинчу нехан терахь дара 409 стаг.

Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бух болуш лерина 2004-чу шарахь Бесланерчу школехь хиллачу бохамехь дайинчу а, чевнаш а хилла, дийна дисинчу а берийн гергарчара бина латкъам.

Кхел реза хилла, шайн гергарчеран баха йолу бакъо Оьрсийчоьнан Iедалша йохийна бохуш, Бесланерчу бахархоша чIагIдийриг бакъ ду бохучуьнца.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацам бина, Оьрсийчоьнан Iедалш гIоразис хилла Бесланехь эххаре а кхелхина адамаш дайа мегаш хилар сацон аьлла.

Цул сов, кхелана хетарехь, Оьрсийчоьнан Iедалшна штурм ян ца хиина, закъалтана лецначу нахана болу кхерам мелла а дIабоккхуш.

Европерчу кхелан суьдхошна хетарехь, Оьрсийчоьнан лерринчу тIеман тобано ницкъах пайда эцар оьшучул а тIех сов хилла. Цара даре дина Оьрсийчоьнан аьтто баьлла ца хилар хиллачуьнан хьакъ долу таллам бан.

Цу кепара, кхелана массо а агIор бух болуш карийна Бесланерчу бахархоша шайн берийн даха йолу бакъо йохийна аьлла бина латкъам.

Европера адамийн бакъонашкахула йолу кхел реза ца хилла Оьрсийчоьнан Iедалшка бахаман эшам хиларна дуьхьал ахча деха, амма цо декхарелахь йина Оьрсийчоь латкъам бинчу нахана, моралан эшам меттахIоттош, 3 миллион евро барамехь компенсаци яла.

Суьдо тIедожийна Оьрсийчоьнна хIора вийначуьнан гергарчарна 10 эзар евро, еза чевнаш йинчу нахана 7 эзар евро, 5 эзар евро юккъерчу барамехь чов хиллачарна, ткъа яй чов хиллачарна 3 эзар евро дала.

Суьде латкъам бинчу нехан терахь дара 409 стаг. Иза листа болош Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан хьалхара кхеташо хилира 2014-чу шарахь.

XS
SM
MD
LG