ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тергамхойн Тоьшаллаш: Харжамашкахь Харцонаш Лийлира


Оьрсийчоь --Президент Медведев Дмитрий а, президентан харжамашкахь тоьлла Путин Владимир а Манежан майданахь толам базбеш, 04Заз2012
Оьрсийчоь --Президент Медведев Дмитрий а, президентан харжамашкахь тоьлла Путин Владимир а Манежан майданахь толам базбеш, 04Заз2012

Оьрсийчоьнан куьйгалхоша пачхьалкхехь президентан харжамаш цIена чекхбевлла бахахь а, тергамхоша ден тоьшаллаш кхин ду – харжамашна кечам бечу муьрехь а, кхаьжнаш тосучу дийнахь а харцонаш лелийна Путин Владимирехьа йолчу агIоно. Харцонийн башхаллех, керла юкъаяьхначу хIиллане технологех а лаьцна артикл араяьккхина Маршо Радион Москохарчу корреспондента Балмфорт Тома. Цуьнан боцца чулацам иштта бу.


Харжамаш веб-камерашна кIел бигаро, уьш чекх са гуш, цIена дIабахьа таро лора.
Амма цара аьтто бина цхьаццайолу харцонаш Iораяха а. Иштта нисделла, масала, Дагестанехь, массийтта кхаж харжамийн гIутакха тосучу стаге Оьрсийчоьнан маьI-маьIнера хьаьвсина веб-камерехула дуккха а нах. Камераша аьтто бар бахьана долуш, харцо Iора а яьлла, юхадаьхна бараман жамIаш цигарчу Тарумовка-юьртахь.

Амма харжамашна тIехьоьжуш болчу хьаькамаша ишттаниг наггахь бен хилла доцу хIума ду боху. Путин Владимиран харжамийн штабехь куьйгалхо Iийначу актера Говорухин Сергейс, шен амалехь, беламе даьккхира харцонаша дарбинчара дуьйцург.

Говорухин: «Харцонаш цхьана процентан дакъа бен а яц. Муьлххачу а цивилан пачхьалкхехь торуш ду ишттаниг».

Амма Оьрсийчоь ерриг а схьаэцча, Дагестанехь санна, вуно дукха шайн-шайн харцонан «тарумовкаш» чугуевлла тергамхошна хIора а махкахь. Уггаре даьржинарг – совнаха, хьарамлонца кхаьжнаш гIутакхашна чутийсар делахь а, цул тIаьхьа ца юьсуш лелла кхин цхьа харцо а – нах автобусашкахь цхьана каппашкара кхечу каппашка а кхачош, цаьрга массийттаза кхаьжнаш тийсийтар, цунах, гонашкахь хьийзачу хьазарх тардеш, «карусель» цIе тоьхна оьрсаша.




Дуккха наха дакъалаьцна тергамхойн могIаршкахь. Вевзаш волчу блоггера Навальный Алексейс вовшахтоьхна массийтта эзар харцонийн тоьшалла. Царалахь ю изза «каруселаш».

Харцонаш Iораяха оппозицино, ерриг а Оьрсийчохь а дIасаяржош, кхоьллинчу «Аз» тобан куьйгалхочо Шибанова Лилияс чIагIдо, харжамашка ца ваххал шен хьаькамна хьалха паргIат вац Оьрсийчуьра белхало, бохуш. Массанхьа а хьакамаша тIеIаткъамаш бина къинхьегамхошна, уьш Путинехьа кхаьжнаш тийса кечбеш, чIагIдо Шибановас. Харжамашкахь лелла харцонаш юьйцуш наха яздина 5000 арз вовшахтоьхна «Аз» боламо. Шибанова Лилияс дийцира шайн боламо Москохана гена йоцчу Железнодорожный гIалахь зийнарг, лайнарг.

Шибанова: «Цхьана куьпахь тхан тергамхошна дихкинера харжамашна тIехь парггIат тидам бан. Резадацар дIахазийча, комиссино харжамийн цIачуьра арабаьхнера уьш. Ткъа Железнодорожный гIалин лакхарчу комиссе арз дан уьш бахча, цигахь, цхьана тобано тIе а летта, йиттинера тергамхошна».

Президентан харжамашкахь яйначу харцонаша хIинца меттахдоккхуш ду, хьалха парламентан харжамийн жамIаша иштта а дардина хилла адам. Церан могIарш а бу, Путинан агIончаш а санна, миллионашкахь. Оппозицино дош делла, ша оршот дийнахь дуьйна араер ю протесташка, тIаьхьа хIиттор бу шен агIончаш, майданашка доккхур ду резадацахь а, хIинца а цIахь-чохь Iен халкъ, аьлла.

Оцу хьоло гойту, Оьрсийчоь цкъа а ца яьллачу кепара гара йолуш, шина декъе екъалуш хилар – дерриг а хьалха санна лаьттийла луу Оьрсийчоьййий, хийцамех, демократин паргIатонех хьаьгна Оьрсийчоьййий.

Иштта бара Маршо Радион Москохарчу декъан корреспондентан Балмфорт Томан артиклан боцца чулацам.
XS
SM
MD
LG