ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамалла массанхьа ю адамалла


Оьрсийчоь -- Liveleak видео тIера сурт
Оьрсийчоь -- Liveleak видео тIера сурт

Оьрсийчохь мода яьлла, машенаш чохь камераш хIиттош. Юха оцу камераша яьхна йолу видеош наха YouTube тIе я и санна йолчу сайташ тIе хьалаухку.


И тайпа видеош эзарнашкахь ю интернетехь - дукхачу декъана машенийн авареш я полисхоша оьцуш болу кхаьIнаш. Наггахь цхьа тамашийна хиламаш го, масала, некъал дехьа йолуш йолу танк я чудужуш долу кема.
Дукха хан йоцуш наха шайн видео камерашца Iаламо беана болчу бохаман а сурташ дехира, Челябинскехь метеорит йоьжначу хенахь.

Амма 4 де хьалха цхьа керла тайпа видео хьалаоьллина интернетехь. Цу тIехь я Iадийна нах бац я, дагчу кхерам тосуш, бохам а бац. Оцу видео тIехь адамийн дикалла ю гойтуш. Шун тидаме юьллу оха и:


XS
SM
MD
LG