Казахстанера Алматы хаьржина "Бусулба културан коьрта гIаланаш" олучу проектан дакъа. Цунна хьажийна цхьамогIа мероприятеш дIахьош ю цу гIалахь. Кху беттан 14-чу дийнахь Алматыхь хилира хелхаран фестивал. Цу юкъахь дакъалоцуш яра Азербайджанера а, Мисарера а, Казахстанера а, ГIиргIизойчура а хелхаран тобанаш а, ткъа иштта илланчаш а
Алматыра бусулба пачхьалкхийн фолклоран фестивал
Алматыхь хелхаран фестивалехь дакъалоцуш яра бусулба пхеа пачхьалкхара тобанаш а, илланчаш а.

1
Тлендиев Нургисан цIарах йолу Казахстанера «Отрар сазы» оркестр.

2
Казахстанера «Гульдер» ансамбло дира «Арулар шеруи» хелхар.

3
Илланча Исаков Улугбек (Узбекистан).

4
Амиров Фикретан цIарах йолу хелхаран тоба ю «Азербайджан» хелхар деш.