ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газпроман бозбуанчаллаш толлуш ду Германехь


Оьрсийчоь -- Зударийн бакъонаш къийсархойн Фемен-боламан декъашхо протест кхайкхош ю Газпроман Москохарчу ценна хьалхахь,13Чил2012
Оьрсийчоь -- Зударийн бакъонаш къийсархойн Фемен-боламан декъашхо протест кхайкхош ю Газпроман Москохарчу ценна хьалхахь,13Чил2012

Оьрсийн яккхий концернаш, шайна юккъехь Газпром а йолуш, Германехь жигара хьийза дуккха а хан ю. Бакъду, церан белхаш даима а ца хуьлу чекхсагуш я цIена. Кху деношкахь Газпроман акционхоша, миллионашкахь ясакхаш дΙа ца луш, бозбуанчаллаш лелор талла йолаелла Германин прокуратура.


Iедалхоша дийцарехь, Газпром декъа а йолуш, цхьамогIа яккхийчу концернаша а, цу концернийн акционхоша а бина бозбуанчалле берташ бахьана долуш, Германина, мел кIезиг а, 600 миллион еврона зе хилла. И зе дукхахьолехь, Iедалан низамашца догIуш ма-хиллара, ясакх дIа ца ялар бахьана долуш хилла ду.

Майн тIерачу Франкфуртера прокуратурано бечу талламаша гойту, Газпроман акционхой декъахь а болуш, Германин лаьттахь тIехь дуккхаъчу милиардашна трансакцеш йина хиллий, официалехь Кипрехь шен туш латтош йолчу цхьана юкъараллехула.

И бозбуанчалла лелорна шеконехь ву шийтта стаг, царех дуккхахберш Оьрсийчуьра бу, амма иштта Германера а, Кипрера а совдегарш а бу царна юкъахь. Цу нахах ши стаг хIинцале а лаьцна, набахте воьллина, ткъа кхидIаберш Iедалан ницкъашца лохуш бу.

Таламхоша чIагIдарехь, и бозбуанчаш цхьамогIа яккхийчу газан концернийн - царна юккъехь Газрпром а ю - акционхой хилла, цуьнца цхьана цу концернийн куьйгаллин даржашкахь а болуш. Оьрсийн газан концерно цу нахаца бинчу бертийн мах, Iедалхоша чIагIдарехь, 500 миллион евро бу. Ткъа юкъарчу хьесапехь бозбуанчаша цу кепара, тIера ясакхаш а ца луш, йоьхкинчу акцийн мах 3 миллиард сов бу.

Ясакх а ца луш, оццул дукха ахчанаш ловзон бозбуанчийн кадалар Iедалхоша цара и шайн къайлах берташ а, трансакцеш а Кипрерачу фирмехула чекъяхна хиларца дузу. И фирма, талламхоша дийцарехь, бозбуанчаша шаьш шайна кхоьллина а хилла. Беламе дерг цу хьокъехь бозбуанчийн саьхьара хилар ду- уьш шаьш хIиттина хилла цу фирмин куьйгалле а, цуьнан акционхой а.

Немцойн Iедалхоша лецначу оцу бозбуанчийн машана юккъехь хиллачу совдегарша чIагIдо шаьш бехке дацар. Иштта царех цхьаннан, немцойн къомах волчу совдегаран векал волчу адвокато дийцарехь, цуьнан клиентан бехк мискъала зарратал бен бац, хIунда аьлча, цу бозбуанчаллин коьртехь болу нах Оьрсийчуьра газан дай бу.

Ала догIу, билгалчу шеконашца Iедалхоша бехке вечу шийтта стагал совнаха, цу бозбуанчаллашкахь дакъалоцуш бIе герга стаг хилла хилар. Iедалхойн могIаршкарчу хьостанаша цу хьокъехь, „оьрсийн мафин“ лар лаьцна шаьш, бохуш дуьйцу. Бакъду, шена Газпром концернана дуьхьал талламаш бац немцойн Iедалхоша дIахьош, цуьнан акционхошна дуьхьала бен.

„Тамаша а бац, - бохуш дуьйцу шен цIе ца яккхину талламхойн векало, - хIунда аьлча, Газпром Германин Бундеслигехь ловзучу „Шалке- 04“ футболан тобан коьрта спонсор ма ю, немцойн уггаре а йоккхахчу ЕОНий, РВЕй энергоконцернашна газлатторхо а ю. “Амма бакъду, нагахь санна, Шалке – 04 футболан клубан кехаташна бан ма беззара талламаш бинехь, цигахь а Iедалхойн тидам тIе гIон болу берташ карон-м там бара“, - боху цо.

ХIинцалера Газпром концернана гонахьара бозбуанчаллийца йоьзна йолчу гIовгIано дагадоуьйту, дукха хан йоцуш оццу Майн тIерачу Франкфуртан прокуратурано, юхьIаьржа а хIуттуш, дIадерзийна долу цхьа бехкталламан гIуллакх.

Масех шарахь бинчу талламашкахь цо дуккха а тоьшаллаш гулдинера, Путин Владимиран гергачу гонера накъост волчу Рейман Леонида оьрсийн пачхьалкхан телефонийн зIенан концернана приватизаци ечехь 130 миллион евро шен доладаьккхина хилла бохучунна.

Кипрехула а, Франкфуртехула а, иштта цхьамогIа кхечу Европерчу гIаланашкахула а, дуьлуш, чекх а даьккхина, и ахча хьаьвзина юха Москоха дIадерзийна хилла, бохуш, чIагIдора немцойн талламхоша. Амма цара масех шарахь бина хилла болх, массо а цецвоккхуш, ши бутт хьалха цIеххьана дIакъовла бийзира, Рейман Леонид я цуьнца цхьана шеконе лаьцна хилла болу совдегарш кхеле а ца озош.

Москохан деха куьг дуй теша немцойн Фемидин бIаьргаш дIахьаббинарг боху шеконаш яккхий яра хIетахь меттигерачу журналистийн гонашкахь. Изза Москохан деха куьйг хIинца Газпроман гонахь кхолладелла хьал дIадерзо гIорта сахьт дац, аьлла а хета тергамхошна.
XS
SM
MD
LG