Гуьржийн лаьмнашкарчу Макарта-юьртарчу школера дешархо ву исс шо долу Циклаури Бачо. Веккъа и цхьаъ бен дешархо а вац цигахь. Ирхенашца йолчу юьртахь 30 стаг ву вехаш. Юьртара Бачол баккхийнаш, кхо жимха, цуьнан ваша а тIехь, йиъ чаккхарма лахахь йолчу гIала лела деша. Рейтерсан фотографа Мдзинаришвили Давида дийнна де даьккхира Бачоца школехь.
Гуьржийн лаьмнаш. Цхьана дешархочун школа.

1
Тбилисина 100 чаккхарма генарчу лаьмнашкахь, шайн цIийнан пенаца лаьтта Бачо.

2
Макартарчу школе лела Бачо. Ткъа дукхаболу цуьнан юьртахой рицкъа лоьхуш охьабевлла лаьмнашкара.

3
Шен деца Гиаца школе воьдуш ву Бачо.

4
Школана хьалха, хьехархо схьаваре хьоьжуш Iа Бачо.