ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«БIаьргаш кхоьру, ткъа куьйгаша до»  


Оьрсийчоь -- Журналист Елагина Александрина а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан депутат Делимханов Адам а. 2017.
Оьрсийчоь -- Журналист Елагина Александрина а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан депутат Делимханов Адам а. 2017.

Стохка Зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь шайна дина тIелатар вовшахтоьхнарг Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан депутат Делимханов Адам ву аьлла хеташ бу цигахь эшам хилла журналисташ. Делимхановс а, цуьнан векалша а цкъачунна цу хьокъехь комментари ца йина бохуш яздо Кавказ.Реалии сайто.

Цхьа шо хьалха хиллачу цу хиламах лаьцна ши хаам кхечира дIадахана кIира чекхдолуш. Цхьаъ делахь, Iазап латторна духьал комитетан куьйгалхо Каляпин Игор хьалха а ваьлла, Нохчийчу йоьдучу бакъонашларъярхойн а, журналистийн а тобанна тIелатар дар таллар юхадолийна (Чиллан-баттахь иза цхьана ханна сацийнера, полисхошна иза дина аьлла шеко йолу нах ца карорна).

ШолгIа делахь, шен таллам зорбане баьккхина Russiangate интернетан гIирсо. Цу тIехь дуьйцуш ду и зулам дарна тIехьа лаьтташ Делимханов Адам ву аьлла.

Дагадоуьйту, Каляпинна а, цуьнан накъосташна а тIелатар дира 2016-чу шарахь Зазадоккху-беттан 9-чу дийнахь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь. ТуьтмIаьжгаш йоьхначу наха гоне лаьцнера ткъех журналист а, бакъонашларъярхо а тIехь волу жима автобус. Цара куьзган бIаьргаш дохо долийра, цул тIаьхьа, некъхой аралилхича, царна йиттира.

Эшам хиллачара дийцарехь, зуламхоша мохь бетташ хилла «Нохчийчохь гIуллакх дац шун» бохуш.

Нохчийчурча бахархоша шаьш дийцина цуьнга и тIелатар вовшахтоьхнарг мила ву.

Russiangate сайто дийцарехь, и тIелатар динарш хилла Сурхахи эвлахь беха ГIалгIайчура дешначу стеган Белхороев ИбраьхIиман нах, ткъа ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна Евкуров Юнус-Бекана хууш хилла лелош дерг: хьалхо гIалгIайн парламентан депутато Белхороев Яхьяс дехар дина хилла Евкуровга, журналисташ а, Каляпинца болх беш болу бакъонашларъярхой а республикера арабахахьара аьлла.

Russiangate-о зорбане яьккхинчу материалан авторша яздарехь, Белхороевн доьзал гергарло лелош бу Нохчийчура куьйгалхошца, церан хьалханчо Белхороев Султана Кадыров Рамзанах лаьцна аьллера иза «боданера шаьш арадоху имам ву аьлла, билгалдоккху Кавказ.Реалии сайто.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь йиттинчу журналистех цхьаъ ю Russiangate сайтан коьрта редактор Елагина Александрина. Цо дийцарехь, Нохчийчурча бахархоша шаьш дийцина цуьнга и тIелатар вовшахтоьхнарг мила ву бохург (Кавказ.Реалии сайто хаам барехь, журналист реза ца хилира и дешнаш олуш шен аз дIаяздайта).

Цо сох лаьцна маьттаза хIуманаш яздан а мега шен инстаграмехь.

Кавказ.Реалии сайтана интервью луш, Елагинас хаам бина, шайна карийна тоьшаллаш талламхошка дIадала дагахь ду шаьш аьлла. «Цхьана шарахь бехкенаш каро аьтто ца белира ГIалгIайчура талламхойн, хIинца шаьш кхеташ ду хIунда», - боху Елагинас.

Делимхановх ца кхоьру хьо, аьлла шега хаьттича, цу зудчо жоп ло «бIаьргаш кхоьру, ткъа куьйгаша до» олу хьал ду хIоьттинарг олий.

«Бакъду, цо соьга телефон тоха мега. Ас цуьнца дийцаре дийр ду журналисташа хIун дина цунна бохург. Цо сох маьттаза хIуманаш яздан а мега шен инстаграмехь. Кадыровн наха со юста а мега жIаьлица, шаьш иза деш ма хиллара. Дика хIу мукъане а харжахьара цара… ХIун эр ду кхузахь?», - дуьйцу Елагинас.

Журналистана хетарехь, эххаре а талламхойн аьтто бала мега зуламхой чубохка, иза де аьлла дехар динарг цара «вицвийр» велахь а. Иза тешна ю Москох «дерриг а хууш хиларх».

Кавказ.Реалии сайто дийцарехь, Делимхановн гIоьнчо Лазина Татьянас хаам бира, депутат карарчу хенахь «регионехь» ву, шен аьтто ца белира цуьнца зIене яла, комментари ялийтар Iалашонца аьлла.

XS
SM
MD
LG