Оьккхуьйтург дIайиллина латторна, 20 эзар гIуда а тухуш, набахтехь яккха ши шо хан кхайкхийна Шела гIаларчу кхело Куьрчала кIоштарчу вахархочунна Абдулмунапов Умалтна.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хаамашца, ГIуран-баттахь полисхойн талламаш дIахьочу хенахь лаьцнера Абдулмунапов. «Куьйга йина граната яьккхинера хIетахь цуьнгара. 2008-чу шарахь цхьана вевзашвоцчу стагера эцна и граната, кху хене кхаччалц эвлан йистехь, къайлаяьккхина латтош яра ша элира цо шега барт-хаттам бича», аьлла дийцина «Кавказан узел» агенталле чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало.