ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Церан цкъа а дац шаьш динчунна къера хуьлуш"


Къаьсттина лазаме довлу и хеттарш юххера гергарчу адамашкара: вежаршкара, цIийндайшкара,шичошкара,вон я дика, цхьа хаам кхачаре сатуьйсуш, ткъа шаре бевллачу гергарчарна. Хеттарш чот,барам боцуш дукха ду. Iедало а, муфтиято а,цкъа цхьа хаам а бина,тIаккха шина кIирне гергга дIа хIунда таттийтина доьза байна гергарниш лохуш бIаьрза хьийзачу бахархошна ДНК олу зераш дайтар?

Сингаттамехь, гIайгIанехь бехачу махкахошна жимма бина а хьаам бархьама,бIеннашкахь маьрша нах,шайггара кхел йина, Iожалле берзийнарш муьлш бу хаа хьовсур ду стенна ца боху Iедалан векалша? ТIом боьха хIума ю,тIамо и до-кх алар доцург, къоме кхин синтеме,дог-айаме дош ала,кхайкхам бан яцара те,нийсо,бакъо толош, баттара тур даьккхина хьийза муфтият?

Хеттарш дукха ду. Юкъараллехь шайн хьажам-ойла йовзуьйту некъ цахилар кхета а деш,наха шайлахь шуьйра дийцаре деш лаьтташ ду Ростов гIалара схьакхачийна чар-даьIахкаш,хIара ду аьлла, деш дIахьедар а доцуш,гIалин йистехь сихха лаьттах йохкар. Цу лоччарш юкъахьарчийначу даьIахкех а,Керла шо дазадарца доьзна,цхьана ханна тIаьхьатеттинчу зерех а шена хетарг элира Гуьмсан кIоштерчу Бавдис.

Бавди: «Суна дош кара а ца до. Бежний ма дац уьш адамаш ма ду! Оьрсий белхьара йоккха гIовгIа йоккхур яра! Керла шо хIорш даздеш а ма бац.Мича дедокъана тоьтту иза тIаьхьа? ДIаяьккхах деллахь! Бала бацар ду-кх кхин хIумма а дац.

Шайна са-пайда болчу агIор бен цара лелош хIумма а дац. Цхьа-а Керла шо вайна оьшуш дац,талламаш бел кхарна аьлла, болх дIа ма ца болийна! Бехк боцчунна коча баха-м бу хIорш…»

Маьршачу адамашна тIехь оццул доза доцу акха къизалла латтор Оьрсийчохь бен хуьлийла а дац аьлла, тешна ву пенсахо Яхья а.

Яхья: «Цхьана меттехь ,Оьрсийчохь бен,къайле а йина ишта хIума лоттуьйтур дац,ур-аттал Африкехь уггар тIаьхьайисинчу пачхьалкхехь а. И тамашена хIума ду чIогIа. ХIумма а ца деш Iийча кIадда а хир дац. Суна-м ца хаьа и муха дийца деза а. Бехкенарш лаха а,каро а безар-кх».

Мелла а шуьйра, цхьадолчу хеттаршна жоьпаш каро а гIерташ, сан къамел нисделла Теркйист кIоштерчу хьехархочуьнца,историн говзанчица Русланца. Гергарчарна зераш дар иттех дийне дIататтар ша къобалдеш цахилар билгалдаьккхира цо къамелана юьххьехь.

Руслан: «И ДНК чехкка ян езаш хиллера. ХIара даздарш шина кIирнах лаьттар мА ду. Нах ладегIамехь Iаш ма бу. Долийнарг кханенаш а ца йохкуш,махкахошна вас а ца еш, чекхдаьккхинехь дика хир дара. Эзарнаш адам ма ду шайн гергарнаш лохуш». Кхечанхьа ишта меттиг нисьелча йоккха гIовгIа йоккхур яра. Куьг бехкенаш жоьпе бехча нийса а,дика а хир дара да-м. Бакъду Оьрсийчохь и хир ду аьлла-м ца хета суна. Кхузахь хабаре а дерзадой дайдо ишта хIума».

Маршо Радио: Цхьа бIе сов адамийн чарх-даьIахкаш схьаеъна. Мичара еъна,мичахь латтийна хааме доккхуш а доцуш,тийналла ю. Ахь муха кхетадо сел тийна сурт?..

Руслан: «Суна а ларамаза хиъна-кх ткъа шо хьалха байанчеран чархаш схьаеъний. И вон хIума ду,хIинцачул тIаьхьа и саннарг хуьлуьйтур а дац,бехкениг лохур а ву ала дезара Iедало. Къам къинтIера доккхуш санна, гIулчаш яха а йогIура. ТIейогIучу ханна и саннарг ца хилийта чIагIам бийр бу вай аьлла дIахьедар дан а догIура. Цкъачунна Оьрсийчохь беш цхьа кхайкхамаш а болуш,деш дерг кхин ду. Кхана-лама хIун хир ду-м хаац».

Оьрсийчоьнан эскархоша мацах цкъа эгийначу маьршачу нехан чарх-даьIашкаш Нохчийчу кхачор бахьнехь, цхьа шеко а йоцуш, дукха нах кхетийна, кхиийна мел лераме ду Оьрсийчохь адам бохучух. Мел бала кхочу а хиъна оццу адаман.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG