Демократин партин цIарах Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан харжамашкахь кандидат хила ойла йолуш къовсамехь дакъалаца дагахь ю ша аьлла официалан кепара дIахьедар дина Клинтон ХIилларис.
Президентан дарж къовса дагахь ю Клинтон ХIиллари
9
Iамеркин пачхьалкхан секретар Клинтон ХIиллари а, Германин канцлер Меркел Ангела а (аьттоагIор) Вашингтон, 7, Мангал-бутт, 2011 шо.
10
Либи-пачхьалкхе доьдучу С-17 олучу тIеман кеманна тIехь ю Клинтон ХIиллари. 18 ГIадужу-бутт, 2011 шо.
11
Малави визитаца яхана Клинтон ХIиллари, цу пачхьалкхехь президент хаьржина Банду Джойс декъалван. Товбеца-бутт, 2012 шо.
12
Куну-эвлахь вехаш хиллачу Къилба Африкан республикан президент хиллачу Мандела Нельсонан хIусамехь хьошалгIахь ю Клинтон ХIиллари. 6, Товбеца-бутт, 2012 года.