ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчех лаьцна: "Серлонаш" - ХIоффман Ева, " Дахаран хиламийн кочар" - Марра Эндрю


Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ --Марра Эндрюн "Дахаран хиламийн кочар" ("A Constellation of Vital Phenomena") жайнин мужалт
Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ --Марра Эндрюн "Дахаран хиламийн кочар" ("A Constellation of Vital Phenomena") жайнин мужалт

Нохчийчохь хьалхара а, шолгΙа а тΙемаш лаьттачу хенахь царна тΙе дуьненан тидам берзош яра публицистика а, кинодокументалистика а. Ткъа карарчу хенахь и бале мур шайн романашкахь гайта буьйлабелла Малхбалера яздархой. Царех ю Маршо Радион комментатора Фуллер Элизабетас тидаме эцна ши роман – Хоффманн Евин «Серло» а, Марра Эндрюн «Дахаран хиламийн кочар» а.

Фуллер Элизабет, комментатор

ДуьнентΙерачу баккхий тΙемаша бохьу баланаш даима а хилла, Троя йохош Гомера язйина «Иллада» санна, яздархойн къолама кΙел совцуш. Цундела цецвала а дац ингалсан маттахь болх бен романисташ 20 шарахь лаьттина Нохчийчуьра тΙемаш бийца буьйлабелла хилар.

Дуьненан литературехь нохчийн трагедех лаьцна язйина ши роман ю гоьяллачех. Хьалхарниг – ХIоффман Евин «Серлонаш». Нохчийчохь шолгΙа тΙом болабала цхьа хан юьсуш кегийрхошна - нохчийн къонахчунна Анзорний, Ιамеркарчу пиастстана Изабеллиний юкъабоьллачу безамах лаьцна ю роман.

Ичкерин Дуьхьалонан ницкъашкахь дакъа а лаьцна, Европе тховкΙело лаха веъна ву Анзор. Оцу кΙентан шатайпа башхалла ю цо шена хезаш нисло музыка суьрташка ерзош хилар.


Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- --ХIоффман Ева, яздархо
Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- --ХIоффман Ева, яздархо
​ХIоффмана нохчо шен романан турпалхо вар, цо ша лучу интервьюшкахь олуш ма-хиллара, Ιаламат боккха бала лайначу стагна исбаьхьа хазалла къеггина гуш хилар ду.

Польшера ахбΙе шо хьалха Ιамерка дΙабахначу жуьгтийн музыкантийн доьзалера ю Ева Хоффман. Шен къомо Гитлеран ккъизаллина кΙел Холокост лайна хиларе терра, яздархочунна дика хаьа геноцид хΙун ю. И тайпа гΙело лайна адам къаьсттина тΙегΙерта дикачунна, серлонна, боху шен жайни тIехь ХIоффмана.

Нохчаша лайначу гΙелонах лаьцна Ιамеркан яздархойх дукха хан йоццуш, аьлча а, кхушара, роман араяьккхинчех шолгΙаниг ву Марра Эндрю - «Дахаран хиламийн кочар». Шен романна ша тиллина цΙе Эндрюс схьаоьцу турпалхочо доьшуш леладечу советан заманахь арадаькккхинчу медицинан тептаран цΙе йолчуха.


Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ --ХIоффман Евин "Серлонаш" ("Illuminations") романан мужалт.
Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ --ХIоффман Евин "Серлонаш" ("Illuminations") романан мужалт.
​Марра Эндрюн роман хΙоттало оьрсийн зудчо-лоьро 2004-чу шарахь пхеа дийнахь буьйцучу дагалецамех.

Оцу зудчо Ιуналла до нохчийн Элдар олучу юьртарчу шина берана – Ахьмаданний, Хьаванний. Оцу берий да Докка нохчийн бΙаьхойх ву. Ткъа кхечу луларчу кΙанта Рамзана, оьрсий эскаршка мотт а тухий, таΙзар дойту Доккина а, цуьнан къантана Ахьмадна а. Оьрсийн зудчо-лоьро тергамца доладо берийн. Иштта ю романан маьIанан цхьа агΙо.

ХIоффман Евин «Серлонаш» а, Марра Эндрюн «Дахаран хиламийн кочар» а хазачу маттахь язйина романаш ю. Амма буххера дуьйна и ши тептар теллича, хьал девзарг кхаьрдаш, ледарлонаш а ю цаьрца. Шина а яздархочун аьтто ца баьлла нохчийн амалш йовза а, цаьрца оьрсаша лелийна харцо юьззина кхетон а. Ший а автор а висина шаьш шайггара кхоьллинчу сюжетийн, вастийн лоллехь, лелларг-хилларг бакъдолчух догΙуш а доцуш.

Хиламийн сурт ша-шеггара хийцаран бахьана, масала, ХIоффман Евас, «мила бехке ву я вац Нохчийчуьрчу конфликтехь – иза сан бала бац, сан гΙайгΙа бара амалш а, безам а гайтар», - элира цкъа Ингалсерчу «Индепендент» газетехь.


Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Эндрю Марра, яздархо, 23Ман2013.
Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Эндрю Марра, яздархо, 23Ман2013.
Ткъа Марра Эндрюн романехь коьрта Ιалашо ю Нохчийчуьра тΙом, цо беъна баланаш, адамийн амалех чекх а хьожуш, гайтар. Амма цуьнан и дан аьтто ца баьлла, хетарехь. ХΙунда аьлча, цо оьрсийн политикаша, оьрсийн журналисташа, публицисташа дийцинарг а, яздинарг а чулаьцна шена.

Аьтто ца баьлла Марран нохчийн дог-ойланех кхиа а, церан бΙаьргашца дахаре хьажа а. Беламе ду Марра Эндрюс кхуллу Ичкерин куьйгалхойн а, гΙаттамхойн а васташ – нохчий авторна уллехула а ца бовзар гучудолу цо кхуллучу суьрташкахь.

Марра, кхидерг ца дийцича а, шен лаамехь а, нохчийн топоними хаарца гал а вуьйлуш, хΙоттийна роман. Масала, Волчанск аьлла нохчийн цхьа гΙала ю цо романца юьйцуш. «Берзан меттиг» олуш санна тардина яздархочо, амма борз нохчаша лоруш елахь а, оьрсийн маттаца а дузуш, «Волчанск» нохчаша шайн гΙаланах цкъа а олийла дац.

Нохчийчохь хьалхара тΙом боьдучу заманара ша оцу Волчанскера дахар гойтуш, Марра Эндрюс, боьдуш тΙом а болуш, оцу гΙала нохчий парггΙат машенашкахь балха лелаш гойту. Иза-м дац аьттехьа а бакъ хетало сурт – я хьалхара , я шолгΙа тΙом боьдучу муьрехь машенахь хьовха, гΙаш дΙасалела а аьтто бацара нохчийн. Сан кхетамехь, бакъдолчух лаьцна ю аьлла хΙотточу романехь яздархочунна мегаш дац оццул бакъдолчунна генавала.

Хазачу маттаца яздина долу Марран «Дахаран хиламийн кочар» жайна оццул ирреалехь хилар дешархочунна, къаьсттина ночочунна, халахета хΙума ду.

Дика-м хила тарло Ιамеркан а, Европан а яздархойн тидамехь нохчийн къомаца лелийна харцо хилар, амма мегаш ду аьлла ца хета-кх историн шогачу бакъдолчух а къехкаш, нохчех лаьцна романаш кхолла гΙертар.

Цкъачунна нохчийн трагеди ма-ярра гайта аьтто ца баьлла я ингалса а, я кхечу меттанашкахь яздечу романистийн.
XS
SM
MD
LG