ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен берана маха тоьхна да кхеле валийна


ТIехьа-Мартанарчу талламан декъо бехктакхаман гIуллакх айдина меттигерчу вахархочунна дуьхьал. Талламо чIагIдарехь, ши шо долчу шен кIантана инъекци яр бахьана долуш, тоьхна маха ийгIина хилла. Оцу бахаьанашца кхалхар нисделла оцу беран. Нохчийчуьрчу Талламан комитетан пресс-гIоьнчалло бина и хаам.

Карарчу беттан 12-чу дийнахь ТIехьа-Мартанарчу дарбан хIусаме далийна хилла дас тоьхначу мехо могушаллина Iаткъам бина ши бер: ши шо долу кIанттий, шо кхаьчна цуьнан йиший а. Шело хьакхаеллачу шина берана лоьрашка орца а ца доьхуш, ша мехий детта волавелла хилла и да.

Тоьхначу мехо аллергин реакци а елла, кхелхина кIант, ткъа йоIана гIоле хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG