ТIекхочийла долу линкаш

ГIалгIайчохь банк яхьарна бехке а хеташ, лохушвериг Полшехь лечкъина Iа, ткъа цуьнца хилла лорург – йиттина вийна.

Далиев Мохьмад чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу экстремизмца къовсам латточу Центрехь валаро шен IиндагIе даьхьна «Россельхозбанкан» Соьлжарчу филиалера, талор а дина, ахча дадор.

Деношкахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека элира, низамхоша лацар доьхуш, дуьненаюкъарчу лехаме велла шаьш стаг.

Иза «Полшехь къайлаваьлла, оха интерполе велла иза», даладо «Интерфаксо» Евкуровн пресс-гIоьнчин дешнаш.

Иштта, банкна динчу тIелатарх а аьлла Евкуровс шена хетарг. ТIелатар, ахча дахьар – иза хIоттийна кеп хила а тарло, кассир Точиева Марем ша а хила мега зуламан декъахь, боху мехкан лидеро.

Полицин цIентIехь веллачу Далиев Мохьмадан зуда талоран декъахь хилар гучудалахь, цунна а дийр ду доггIу таIзар, иштта таIзар хир ду ша левечу оцу зудчуьн майрачунна, низамехь а доцуш, гIелоярна экстремизмца къовсам латточу Центран белхахошна а, аьлла Евкуровс.

Бакъду, «низамехь йоцу гIело» Точиеваца а лелийна, амма цо даре ца дина ша зуламан декъахь хиларх.

Хилларг иштта дара. 2016 шеран аьхка Соьлжарчу "Россельхозбанк" чуваьллачу стага коре чуделла кехатан цуьрг, сихха ахча шена охьадилла, аьлла. Карахь граната а хилла цуьнан (тIаьхьо гучудаьлла иза оьккхург ца хиллийла). 12 миллион сом даьхьна цо.

Талорхо лаца араяьллачу полицино кассир Точиева леян яьккхина. Иза а, цуьнан цIийнда Долиев Мохьмад а бехке ду аьлла хетта Iедалхошна. Ткъа гергарчу наха чIагIдо, Долиев банк хьочу дийнахь Москох вахана, цIахь а вацара, бохуш.

Оццу деношкахь цIийнах хьовсуш, Далиевн петарахь шайна ши граната карийра, чIагIдо полицино (гергарчарна хетарехь, уьш кIелкхийсина ю). Иштта лаьцна, шен зуда Марем леечу экстремизмца къовсам латточу Центре вигина иза.

Талламаш беш етташ хилла шинна а, коьртах тIоьрмигаш а бухкуш, ток йиттина. ГIело а ца лайна, велла Далиев оццу дийнахь. Ткъа низамхой шайна тIерабаккха гIиртина Далиев валархца дозу бахьана.

Гергарчара дукха хан яйъина нийсо лоьхуш, Далиевн кхалхар таллийта гIерташ.

Таллам болийна веллачун зуда къар ца луш, Москох а кхаьчна, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан буьйранчига Карнаухов Борисе арздича – лаьцна массех Далиев верна бехке хила тарлуш, билгалваьлла белхахо.

Евкуровс оцу бахьанехь лаьцна элира 6 стаг, царалахь экстремизмца къовсам латточу Центран меттигера куьйгалхо Хамхоев Тимур а волуш.

Низамхой ца бо стаг верна бехке, цхьаберш царех дIа а хецна

Хамхоевс а, Соьлжан кIоштан полицин буйьранча лаьттинчу Беков Мохьмада а, полисхошна «болх муха бан беза» гойтуш, шаьш а йиттина Далиевна, дийцира Маршо Радион Къилбаседа Кавказан сервисе веллачун йишас.

Денош хьалха лецира Iедало экстремизмца къовсам латточу Центрера стаг, цуьнан цIе билгалъяьлла Маршо Радион Къилбаседа Кавказан сервисна - Безносюк Андрей. Точиева иза вара боху шена коьртах тоьрмиг боьллинарг.

Бехктакхаман кодексан 286-гIачу ( бакъонал совваьлла, адаман бакъо талхош таIзар дар), 163-чу (массех адамо барт а бина, кхаъ бехар) артиклшца таллам болийна низамхошна дуьхьал.

XS
SM
MD
LG