Нахана а гойтуш, ирхъуллуш волу шен кIант вийна стаг витина ГIажарийчура зудчо. Вийначуьнан гергарчу наха харцо дезаш дара зуламхочуьнан когаш къеллара гIант. Амма иза даран метта нанас, тIара а тоьхна, витина шен кIант вийна волу и стаг. Иза гойтуш ду цигахь ISNA-хаамийн агенталлан корреспонденто Хамуши Араша даьхна сурташ.
Ирхъуллуш волу шен кIант вийна зуламхо витина нанас ГIажарийчохь

1
Балал цIе йолу зуламхо ирхъолла вуьгуш ву. 7 шо хьалха IабдаллахI цIе йолу 17 шо долу шен нийсархо вийнера цо, урс а тоьхна.

2
Цхьа де хьалха Балал ирхъуллур вац аьлла цхьа а сатийсам боцуш йисинера цуьнан нана.

3
Мазандаран-провинцехь Нуур-гIалахь кхеле хьажа гулделлера дуккха а адам.

4
Кхузахь кхочушъян езаш яра кхел.