ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн депутатаца дов далар, Муцураевн иллеш цамагийтар. КIиранан жамIаш


Иллиалархо Муцураев Тимур
Иллиалархо Муцураев Тимур

Думин депутатаца Кадыровн дов, украинхойн оккупаци йинчу Мелитополехь кадыровхойн тасадаларш, эскаран "сий дайарна" нохчочунна таIзар дар, Муцураевн иллеш даржочарна керла гIуданаш деттар.

Цунах а, и доцчух хезар ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арайолучу 47-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Думин депутатаца Кадыровн дов

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан девне ваьллера Оьрсийчоьнан парламентехь КПРФ-н ц1арах депутат волчу Матвеев Михаилца. Бахьана делира парламентхочо Оьрсийчуьра бусалбанех лаьцна аьлла дешнаш. Матвеевс бохура, Украинера тIом бирзинчул тIаьхьа цаьрца тасадалар хила тарло. Депутата элира цунах лаьцна пачхьалкхера мигрантех лаьцна дуьйцучу заманчохь.

"Леррина операци (иштта олу Оьрсийчоьнан Iедалша Украинерчу тIамах.-Редакцин билгалдаккхар) йирзина, тIамтIера цхьа миллион ахмиллион, йа кхин а дукха хила а тарло уьш, вайн бераш цIа даьхкича, тIаккха тасадаларш хир ду вайн пачхьалкхехь шаьш дай хетачарна а, билггал дай болчарна а йукъахь"

Матвеевн интервью зорбане йаьккхира кху беттан 3-чохь. Цул тIаьхьа 20 де даьлча цуьнан тергойира Кадыровс шен телеграм-каналехь. Цо сийсазе къамел дира депутатах лаьцна, иза "аракхосса" веза а элира. Цул тIаьхьа дукха ца Iаш Матвеевс ша аьллачунна дохковаьлла видео дIайазйира. Шена гечдар а дехна, цо билгалдаьккхира, ша буьйцурш беккъа мигранташ а, цхьа радикалаш а бара аьлла: "Нагахь санна, сан вежарех, бусалба сан белхан накъостех цхьахволчо и шена тIеозийнехь, суна эхь ца хета, сайна гечдар деха. ХIунда аьлча, аса буьйцурш дуьхьал къийсам латтон радикалаш бара…".

Кхин дIа гена ца даьлла дов: пачхьалкхан думехь а, КПРФ партихь а дош аьлла дац Кадыров депутатана реза цахиларх лаьцна, ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо "хьакъ йолчу органашка" Матвеевн хьокъехь тергойе аьлла, тIедожор, телеграмехь дисина.

2023-чу шарахь дуьйна билггал тишделла догIу пачхьалкхехь бехачу бусалбанийн хьал, регионашкахь махкалла деллачу мухIажаршна тIеталла буьйлабелла, иштта маьждигашкахь а цхьаьна. Дукха хьолахь лецначеран кара кехаташ ло Украинерчу тIаме бахийта тIеман комендатуре тIекхуьйкхуш, йаздора "Север.Реалии" сайто. Иштта Оьрсийчохь къовсамаш лаьтта бусалба нахаца собаре цахиларна, масала, динца догIу духарш леладо бохуш.

Цул совнах, хаамийн гIирсашкахь кест-кеста йаздо бусалба нах боцчу регионашкара набахтешкахь делах тешачарна тIехь гIелонаш хьоьгу бохуш. ТIаьххьарчу цхьана баттахь дуьйцура оцу кепара кхаа гIуллакхах – динан билгалонца шайца харцонаш лелайо бохуш, латкъамаш дора Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а таIзар токхучу наха.

Даим а ша дин Iалашдийриг ву бохуш дIагайта хьийзачу Кадыров Рамзана, тергамза дуьту Оьрсийчуьра бусалба нехан бакъонаш хьешар, Нохчийчохь дерг ца дийцича а. Оцу тIехула мехкан урхалхочунна а, цуьнан доьзална а, уллорчу гонна а дуьхьал Малхбузено санкцеш латтайо.

Мелитополехь нохчийн эскархошца тасадаларш хилла

Кху кIиранах дийцадаьккхира, Оьрсийчоьно дIалаьцначу украинхойн Запорожьен кIоштара Мелитополехь кадырохошца тасадалар нисдаларх.

Телеграм-каналашкахь йаржийначу видео тIехь, хетарехь, тIеман полисхочо Москвара номерш йолу "Мерседес" машен сацайо. Цу чохь бу – тIеман духарца нах. Постехь лаьттачо кехаташ хотту цаьрга, тидам хуьлу, оцу кехаташ тIехь хIоттийна терахь цахиларан. И бахьана долуш документ бакъо йолуш ду олийла дац, тIаккха машенаш йуьстах йахий, дIахIиттайе олу цаьрга. Цуьнан метта машенлелорхочо, охьа а вусий, йуйлу шен автомат, цхьахволу пассажир а араэккха цуна т1аьххье тапча а йоккхий. Кхин дIа оцу видео тIехь лета шаьш сацийначу белхахочух, цуьнга эвхьаза бага а лейеш.

ТIаьхьа къаьстина, дов эккхийтина эскархой – Оьрсийчоьнан эскарна йукъайогIучу нохчийн "Восток-Ахмат" батальонера хилла. Стохка аьхка дуьйна оцу декъан командир ву Хамбулатов Ваха – видео тIехь тIеман полисхочунна тапчаца кхерамаш туьйсург а и ву. Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен публикацешкахь Хамбулатовх "хьомсара ваша" олу, ткъа гурахь "Восток-Ахмат" батальонан командирана мехкан лаккхара совгIат дира – Кадыров Ахьмадан орденца.

Иштта къаьстина, 2000-чу шерийн йуьххьехь Хамбулатов Ваха Ичкерин цхьахдолчу декъехь хилар, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан эскаршкахьа велира иза, Кадыров Рамзанан хадархошлахь хилла а ву иза. 2014-чу шарера схьа дуйна ву иза Украинехь тIемаш беш.

Мелитополехь блокпостехь хиллачу инцидентах лаьцна Соьлжа-ГIалахь бистхилира хаам гучубаьлла кхо де даьлча. Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада терго йира цуьнан. Цо дIахьедира, стохка хилла тасадалар ду иза аьлла, Кадыровн эскархойн бехк хилар а тIе ца дитира цо, ткъа церан шога лелар синIаткъамца дуьйзира.

Кавказ.Реалии сайтана леринчу комментарихь тIеман аналитико Шарп Давида кхетийра Мелитополехь хилларг Оьрсийчоьнан декъахь долчу Нохчийчуьра тобанийн оьзда боцуш леларца ду аьлла. Къамелдинчунна хетарехь, кхин цхьа бахьана а ду, - шайн махкахойх боцчаьрца кадыровхойн дакъойн ларам цахилар.

"Нохчийн дакъойн [Оьрсийчоьнан армин] хIара элемент, эр вай цунах "ламаст" [ца безаме] Оьрсийчоьнан бахархошца йукъаметтиг хилар, къаьсттина йа оьрсашца, низам доцуш хилар а – гуш ду…Къепе массанхьа а нисйойла ду, цуьнца догIуш хьелаш хилчхьана. Дуккха а хIума контингентах доьзна а ду, бакъдерг аьлча. Амма схьагуш долчуьнца, къаьмнийн билгалонашца цу кепара тIеман вовшахтохараллаш кхоьллина йевлла, - командираш церан махкахой хилла ца Iаш, менталитетаца а, тIемалочун низамца а гена бевлла бац шайн куьйгакIел болчарна. Цундела, и дерриг а гучудолу. Цкъа гучудаьлла а ца Iа", - элира Шарпа.

Шуьйрачу тIамца Оьрсийчоь Украинана тIелеттачул тIаьхьа хаамаш кхочура, оккупаци йинчу Херсонан а, Донецкан а латтанаш тIехь кадыровхошна а, Оьрсийчоьнан кхечу эскархошна а йукъахь девнаш латтарх. Иза а бакъ ца дира Соьлжа-ГIалано; бехкенаш жоьпалле озорах а хууш хIума дац.

Армина "сий дайарна" нохчочунна гIуда тоьхна

Соьлжа-ГIалин кхело меттигерчу вахархочунна Саидов Мохьмад-Эмина гIуда тоьхна Оьрсийчоьнан армина "дискредитаци" йарна. 2022-чу шеран зазадокху-баттера схьа дуьйна оцу административан артиклаца – хIара доьалгIа гIуллакх ду республикехь айдинчех. Сацам бина хилла стохка гурахь, амма кхелан сайтехь хаам хIинцца бен гучубаьлла бац.

ГIуллакхан материалашца а догIуш, Саидовс шен телеграм-канале хIоттийна хилла "Республикан кхелан экспертизан центро" экстремистийн а, "Оьрсийчоьнан тIеман эскаршна дискредитаци йан" а хьажийна йу аьлла публикацеш.

Кхело лерина, таIзаре хIоттийнарг къера хилар, иштта цуьнан бахаман хьоле а хьаьжна, 15 эзар соьмана гIуда тоьхна, валийтина иза. Оцу артиклехула туху гIуда – 30 эзар сом ду.

Иштта Саидовн хьокъехь протокол хIоттийнера экстремистийн символика гайтина цо аьлла, амма Соьлжа-ГIаларчу Ахматовский кIоштан кхело процессулан бакъонаш йохийна аьлла, гIуллакх полицига йухахьажийра.

Стохка Iай Шела кIоштан кхело йукъахдаьккхира кхечу Нохчийчуьра вахархочун Дедеев Мохьмад-Салахьан хьокъехь гIаттийна хилла "дискредитаци" йарх гIуллакх. Бахьана дара зуламхо жоьпе озон магийна хан тIехйалар.

Хьалхо цхьахволчу адвокато дийцира Кавказ.Реалии сайте, "дискредитаци" йарх гIуллакхаш Нохчийчохь кIезиг хилар пайден ду Кадыровна, дуьхьалончаш бац, шен куьйгакIел болу нохчий тIамехьа бу аьлла, Москвана дIагайта.

Муцураевн иллешна тIехула гIуданаш деттар

Ичкерин бардан Муцураев Тимуран иллешна тIехула гIуданаш диттина Нохчийчоьнан бахархошна. Шуьйтан кIоштан кхело Нохчийчохь бехке лаьрра меттигера бахархой Пайхаев Илес а, Юсупов Беслан а экстремистийн материалаш йаржорна, цара Ичкерин бардан Муцураев Тимуран илли социалан машанашкахь даржорна. Дуьйцург ду "12 эзар муджахIид" цIе йолу илли.

Иштта махкара вахархочо Юсупов Беслана "Одноклассники" олучу машане а цхьана хIиттийнера иллеш. Кхелехь цо дIахьедира, ша дохковаларх, тIейогIучу заманчохь оцу кепара материалаш ца йаржон а. Цу артиклеухула дуьхьал йоху санкцеша цхьа эзар соьмана тIера кхаа эзаре гергга гIуда тоха бакъо ло, йа I5 дийнахь-бусий лаьцна вуьту. Шуьйтан кIоштан кхело Пайхаевна а, Юсуповна а лаххара гIуданаш диттина.

"ТаьIна цIен хуьлу малх дIабузуш…" ("12 эзар муджахIид") илли Кемеровон а Калининградан а кIошташкара кхелийн сацамашца экстрмизме лерина, шозза реестре даьккхина и 2010-чу а, 2017-чу а шерашкахь.

Экстремистийн леринчу итт материала йукъахь ду Муцураевн иллеш, уьш даржадахь Оьрсийчохь административан жоьпалла тIедожадо кест-кеста.

Оьрсийчохь цамагийначех ичкерихойн бардан 30 илли ду. Шайн сацамашкахь кхелаша билгалдоккху, уьш "къаьмнашлахь питана даржош, сепаратизм, терроризм йаржош" ду аьлла. Муцураевн иллешка ладогIарна Оьрсийчохь сих-сиха жоьпе узу социалан машанех пайда оьцурш, иштта Нохчийчуьра бахархой а.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
XS
SM
MD
LG