ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн "дуьххьалдIа эфир", Европехь нохчий кхеле хIиттор


Кадыров Рамзан "дуьххьалдIахьочу эфирехь"
Кадыров Рамзан "дуьххьалдIахьочу эфирехь"

Нохчийчуьура кхел дуьхьал йу Мусаева Зарема маьршайаккха, цуьнан могушалла дика йоццушехь; Кадыров Рамзана дуьххьалдIа эфир хIоттийна, йуха а къобалдина цо КъорIан дагорна бехкевечунна йеттар, ишта кхерамаш тесна мехкан урхалхочо спортхошна а, блогершна а "нохчийн гIиллакх-оьздангалла бехдарна". Оцу доллучух а дуьйцу Маршонан 41-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Мусаева хенал а хьалха арайалийта дуьхьал бу

Мусаева Зарема, нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн нана колонихь йитина. Кху беттан 12-чохь Шелара кхело дуьхьало йина цунна хенал а хьалха арайала. Иштта хир дуйла хууш дара: кога мачаш йуха а, молханаш схьаэца а ца йуьтуш, шен хIусамера лачкъийна йигина, шина шарахь гергга чохь латтийна, могуш йоцчу 54 шо долчу зудчун гIуллакхан чакхе кхечу агIор хир йу олийла а дацара. Цунах лаьцна Маршонан редакцига дийцина Мусаеван кIанта, жигархочо Янгулбаев Абубакара.

"Со цец ца ваьккхира кхелан хIокху сацамо, со ца Iадийра цо, хIунда аьлча, йуьхьанца дуьйна а бух боцуш, харцонца маршонах хьегош йолу дела сан нана. УДО-хула иза арайаккхар суна стенна оьшура, дарба лелон цуьнан бакъо хилийта, хIунда аьлча, маршонна дозанаш деттачу цуьнан аьтто бац колонихь лоьрашна тIекхача. Иза арайалийтинехь, Нохчийчохь Iашшехь таро хир йара цуьнан лоьрийн дарба дан, шен диабетана, къуркъална, кхечу лазаршна а дарба дан", - аьлла дийцина ненах лаьцна къамелдечо.

Стохка дечкен-баттахь Лаха Новгородера шайн цIера лачкъийна Мусаева Зарема дIайигира Соьлжа-ГIала. Иза бехкейира курхаллаш лелорна а, полисхочух латарна а. Адвокаташа дIахьедора цуьнан бехктакхаман гIуллакхехь лелочу харцонех, къепе йохорах, ткъа бакъоларйархоша билгалдаьккхира, цунна тIаьхьабовлар "тида тарло церан доьзалера божарий цIа бахкийта, шайн цабезамца царна бекхам бархьама, закъалте эцна" аьлла.

Диабет йу Мусаева Заремица, и йоцург а дуккха а лазарш токхуш йу иза. ХIетте а талламан изоляторехь латтийра иза, ткъа кху аьхка колонихь даккхийта пхи шой ахшой хан туьйхира цунна. Ткъа Нохчийчоьнан лакхарчу кхело эхашарна йацйира тоьхна хан.

Мусаева хенал а хьалха арайаккха адвокаташа кхелана масех бахьана довзийтира: цкъа а йа бехктакхаман а, йа административан а жоьпалле иза озийна цахилар, иза йаьхначу Лаха Новгородера а, Соьлжа-ГIалара а цунах лаьцна дикачу агIор дийцар, цо зен дина аьлла, Iедална бина эшам цахилар. УДО-на дуьхьал хилира Устрада-ГIалара, иза чохь латточу колонин хьаькамаш, цигахь дIахьедира: "таIзар даран Iалашонаш кхочуш хилла йац", таIзар динчо бехк тIе а ца лаьцна, иштта ""шантаже лелар" ду цуьнан. Къастош ца дийцира, и бохург хIун ду.

Адвокатийн коьрта аргумент йара – Мусаева таIзарх хьалхайаккха йезаш хилар, цуьнан могушалла ледара хиларна, гIуран-беттан 12-чохь кхелахой реза ца хилира и бахьана дIалара. Цуьнца доьзна адвокато Савин Александра керла дехар чуделира, вежарийн-оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран нана керла лоьрийн комиссих чекхйала йезаш йу, иза маьршайаккха тарлуш хиларх керла кхелехь дийцарш хила а деза аьлла.


Хенал а хьалха ша арайаккхарна дуьхьало йарх лаьцна, даим а ша олучу кепехь йистхилира Мусаева Зарема. "Дерриг а дика ду, кхин а дика а хир ду, дагайовхо тIаьххьара бен леш йац", - дIахьедира цо кхеташо йирзинчул тIаьхьа.

Кадыровн "дуьххьалдIа эфир"

ГIайбеш дехкинчу дивана тIехь, берзан мундица, гонах тоьпаш, тарраш хIиттийна, букъа тIехьа Iарбойн маттахь йоза а долуш, стоьла тIехь айфон йолуш – оцу антуражехь гIуран-беттан 13-чохь дIайаьхьира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен "дуьххьалдIа эфир". Шина сахьтехь а, эхасахьтехь а хилира и, амма уггар а йоккха резонанс йитира шина минотехь шен кхиазхо волчу кIанта Адама Соьлжа-ГIалара СИЗО-хь КъорIан дагорна лаьцна латтчоу Журавель Никитина йеттарх лаьцна дийцинчо.

"ТаIзар? ХIун динчунна таIзар?... Дика хьаха хир дара цо и циггахь вийнехь", - дIахьедина Оьрсийчоьнан субъектан куьйаглхочо камерашна хьалха.

Ма-дарра аьлча, Журавельна динчу тIелатарх лаьцна кхин совдаьккхина хIуммаъ аьлла дац нохчийн куьйгалхочо, амма шен кIантаца хиллачу къамелах лаьцна цхьацца хIуманаш довзийтира цо. Кадыровс бахарехь, "хьийзош" хилла цо Адам, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина, йеттарна чохь даккха йалх-бархI шо хан йогIу хьуна" бохуш, ткъа кхиазхочо жоп делира, боху, "набахтехь хан йаккхар шена сийлахь хетар ду". "Кхело иштта сацам бина ца хилча, тхо царна тIаьхьа ида ма ца деза, цунна таIзар дахьара бохуш", - дерзийра Кадыровс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун керла дIахьедарша кхин а цкъа тоьшалла до, республикехь цуьнан шен "низамаш" бен лелаш цахилар, Кремлехь хIара подкаст арахоьцучу заманчохь Кадыровн дIахьедарех аьлла дош дац. Хьалхо Маршонан редакцино хеттарш динчу политологаша билгалдоккхура, Кадыровс хIутарена санна пайдаоьцу Журавельна йеттарх а, цул тIаьхьа Адамна совгIаташ дарх а, федералан Iедалхошкахьара политикан контроль дIайаккха а, шен гергарчех стаг шен метта харжа бакъо хилийта.

Аннекси йинчу ГIирмера вахархо ву Журавель Никита, Волгоградехь вехаш доьшуш хилла ву иза. Оьрсийчоьнан талламо билгалдаккхарехь, КъорIан дагийна цо "Украинан къайлахчу сервисийн тIедилларца", амма цунна а тоьшаллаш дац. Ша льацначул тIаьхьа жимчу стага масийттаза шена гечдар дийхира бусалбанашка, шегара даьллачунна. Йахначу бIаьста Москван тIедилларца Журавель Никитин гIуллакх таллар цуьнца цхьаьна дIакхачийна Нохчийчу. Махкарчу бахархоша дехар динера аьлла, бакъду лелачу низамашца цу тIе а тевжина, и сацам бан бакъо йацара.

КъорIан дагор бахьана долуш гIаттийначу гIуллакхехь волайнхо ву аьалла, дIакхайкхийна 13 Нохчийчура имам. Лахьан-бутт бовш дуьйна ладугIуш ду церан дарашка – кху кIиранах кхин а пхеа имаме дира хеттарш. Шайл хьалха дийцинчара а санна, цара а бехира "боллу бусулба нехан синошна зенаш дина", Журавеля динчо чIогIа холчу хIиттийнера шаьш.

СИЗО-хь жимчу стагана йеттар а, цуьнан дохковалар а, КъорIан довза цуьнан лаам хилар а цкъачунна цхьаммо а тергоне эцна дац.

Европера кхелашкахь нохчийн девнаш хеттар

Оцу йукъанна дийца даьккхина Европехь Нохчийчуьра бахархойн хьокъехь кхелехь керла ши гIуллакх листа долорах.

Стохка гей-парадехь йиттина транс борша стаг вийначу 21 шо долчу нохчочунна А.Нурадина депортаци ца йан бина хилла сацам йухабаьккхина немцойн Мюнстерера кхело. Нурадин фамили йоккхуш йац, амма билгалдаьлла, шен деца-ненаца кхиазхо волчу заманчохь иза Германи веана хилар.

Нурадин адвокато чIагIдо, нохчо ша а вара гомосексуал бохуш. Bild хьастан хаамашца, кхечу нохчашкара кхерамаш кхаьчнера цуьнан гергарчаьрга, цуьнан ориентацина тIехула.

Гей-парадехь даьлалчу девнах лаьцна верси иштта йу немцойн зорбанан гIирсийн: Нуради оцу бараме веанера "шен интерес хиларна", зудаберийн кочаэха воьллера иза, цара дуьхьало йира. Цул тIаьхьа жимчу стага мехкарий сийсазбира боху, уьш хIаллакбийр бу ша бохуш, кхерамаш а туьйсуш. Цаьргахьа гIо даьккхина хилла транс-стага; бокс лата хуучу Нурадис некхах а, коьртах а буйнаш биттинера цунна. Дарбан цIийне кхачийна пхи де даьлча кхелхина лазийнарг.

БIаьста нохчочунна набахтехь йаккхийта пхи шо хан туьйхира. Иштта иза декхаревира реабилитацихула чекхвала клиникехь, къаьркъа молуш а, наркотикаш лелош а хиларна. ХIинца цунна кхерам латтта Оьрсийчу дIавала, оцу хаттарехула тIаьххьара сацам бина бац цкъачунна.

ШолгIа Нохчийчуьра вахархочунна тIехь кхелан процесс йолийна Лондонехь.

Цигахь дов хоттуш ду Довтаев Мохьмадан –гIажаройн телекомпанин офисана тIелатар кечдарх дуьхьал даьккхинчу гIуллакхна тIехула. Официалан версица а догIуш, чиллан-баттахь лецира Довтаев

Венера кеманца Лондоне веача. ГIажаройн Iran International канал чохь йолчу гIишлона таллам бан Iалашо хиллера цуьнан. Британхойн кхело "йозуш йоцу фарсин хаамийн канал, ГIажарийчуьра рожана критика йен" аьлла, йовзийтина медиа.

Довтаевн 31 шо ду, цуьнан биографи кхин башха хууш а йац. Британин дозана тIехь теракт кечйеш хилла бохуш, шена дохку бехкаш тIе ца дуьту цо.

Кадыровс спортхойн а, блогерийн а йуьхь йаьккхина "нохчийн гIиллакх-оьздангалла бехдарна"

ТIаьххьара хаам, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, нохчийн халкъан мехаллаш шеконе йохкучу меттигерчу спортхойн а, блогерийн а хьокъехь "шога болх" дIабахьа беза аьлла. Оцу кепара тIедахкарш дина цо, блогерша-спортхоша Тамаев Асхьаба а, Эмиев Iарбис а йаьхначу роликашна тIехула цаьргара бехкаш даьхча. "Шога болх" бохучу Iедалхойн аларх муха кхета веза, хууш дац.

"Хьо спортхо велахь, спортехь хьуьнарш гайта. Оцу тIехь йоьрзу хьан мисси, амма политика йукъа ма гIерта. Хайп лацархьама, нохчийн ламасташца а, гIиллакхашца а йогIуш йоцчу шеконе программашкахь дакъалоцу цхьаболчара. Ша бакъ волчу нохчочо дакъалоцур дац цу йукъахь", - дIахьедина Кадыровс Нохчийчуьра хьаькамаш вошахтоьхна дIахьочу кхеташонехь.

Махкара спортан а, кегийрхойн политикан а министро Ибрагимов Iийсас йуха а дош делла, бехкечарна "нохчийн ламастийн, гIиллакхийн гурашкахь" таIзар дийр ду аьлла.

Дуьххьара иштта дIахьедар дира цо лахьан-баттахь, Тамаев Асхьабца а, Эмиев Iаьрбица а, нохчашлахь товш йоцу цара йоху "шеконе роликаш" бахьана долуш къамел динчул тIаьхьа.

ХIун динчунна блогершкара бехкаш даьхна, хоуьйтуш дац. Хьалхо "Кхерамзаллин интернетан лигин" куьйгалхочо Мизулина Екатеринас арз дира Тамаевна – бахьана дара Тамаевн телеграм-каналехь онлайн-казинона реклама йар.

Соьлжа-ГIалахь хилла цхьанакхетар доьрзуш шина а блогеро дIахаийтина спортан министраллица йукъахь шайн "бизнес-проекташ" кхочушйан лаам хиларх, "цхьа а шеконе реклама йукъахь а йоцуш".

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
XS
SM
MD
LG