Лахьан-беттан 22 чохь 50 шо кхочу, Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Джон Ф. Кеннеди вийна. Вуьйш, 46 шо бен дацара цуьнан. ХIокху сурташа тIехь Кеннедин дахаран кийсигаш ю: доьзалехь яьккхина хан, 1960-чу шарахь хилла йолу президентан харжамийн кампани, президентан даржехь цунна дуьхьал Iиттаделларг, Даллас-гIалахь и вер, Вашингтонехь дIаволлар.
Кеннеди: Хеназа хадийна дахар

1
Кеннедин да, Джозеф (2-гIа аьрр), цуьнан нана Роуз (3-гIа аьрр), 1938-чу шарахь Лондонехь Джонан йижаршца-вежаршца (аьрру агIора) Кэтлинца, Эдвардца, Патрицица, Джинца, Робертаца.

2
Кеннеди (аьтт), цуьнан воккхахволу ваша Джозеф жиманиг (аьрр) шаьшшиннан деца ДжозефцаИнгалсан махкахь. Джозеф Дуьненан 2-чу тIамехь вуьйр ву 1944-чу шарахь.

3
Кеннедис (аьтт) тIеман гIуллакх дира лейтенантан даржехь хIордан флотехь.

4
Кеннеди Демократийн партино хьалхатеттинера президентан харжамашкахь. Нью-Йорк, 1960.