Вайнехан исбаьхьаллин литературехь, паналлехь, чатакхийначу тачанехь лепачу седарчех тера, сирла лар йитинчех цхьаъ ву Сулейманов Ахьмад.
ТIебогIучу Cтигалкъекъачу-беттан 1-чу дийнахь 95 шо кхочу исбаьхьаллин дош кхала, цуьнан къайле яста охIла вина байтанча, шуьйра хаарш долу Iилманча, халкъан барта кхолларалла, мух-мухха а доцуш, ахкаме йиллина говзанча Сулейманов Ахьмад вина.
"Цуьнан хIора а илли, эшар, мукъам, халкъан сих кхетта ца Iа..."
Яздархочо Сумбулатов Денис ишта чIагIам бина: "Цуьнан хIора а илли, эшар, мукъам, халкъан сих кхетта ца Iаш, цунах хьаьрчара, ладугIучеран синойн бIов иллеш хуьлий уьш дIа а хIуьттура. Цуьнан массо дош вовшашна теш а хIуьттуш, Безам, Марзо, Къинхетам, Барт, Адамалла чIагIьеш ду".
Стаг-къонах санна а, кIорге йолу адам-юьхьша санна а, уггаре боккхачу, кIоргачу Iапказ хIордах тера хаарш долчу Iилманчах санна а Сулейманов Ахьмадах а, цуьнан кхоллараллех а дийцина дуккха а яздархоша, «турмал» чухула исбаьхьаллин литература зуьйш-теллинчара а.
Кхузара, уьш массо вагарван хьашто ю аьлла а ца хета,стенна аьлча, кхин дика а, говза а ала а лур дуй те аьлла, мет-меттара олуш хьакъ мах хадийна сийлахьчу байтанчин Сумбулатов Денис.
Сулейманов Ахьмадан байталлех, исбаьхьаллин дош лепорехь, цуьнан таронаш шорьярехь, цо йитинчу йовр йоцчу, халкъан кхетамехь гуттаренна а яха йисинчу лорх дуьйцуш ву, нохчийн байтанча Яралиев Юсуп.
Яралиев: "Вуно дика лар йитина Сулейманов Ахьмада, поэзи кIорггера кхеточу стага юьтуш йолу лар йитина. Цуьнан и «нохчийн йоIа шовданан кIел цIеста кIудал сецайо» боху дешнаш хезчахьана а со-м хIинца а меттаваза ву жимчохь дуьйна.
Наггахь бен ма вац,дукха ма бац ишта байтанчаш. КIорггера поэзех кхеташ волчо бен яздийр доцуш хIума ду-кх цо яздинарг…"
Маршо Радио: Хьо а ву, Юсуп, цу байталлехь вахчавелла стаг. Хьоьга хаьттича керла хIун деъна Ахьмада нохчийн исбаьхьаллин литературе?
"Нохчийн поэзига суй беана-кх цо!"
Яралиев: " Нохчий поэзии юй, нохчийн поэзега суй беъна-кх цо. Къагам бина цо хила ма беззара тхан байталлехь. Вуно говза нохчийн маттах пайда а оьцуш, и ритм а, рифма а, дустар а лардеш, хила ма-беззара нохчимйн мотт а ларбеш, сов дешнаш дIа а дохуш, ванах, оццул говза а, доца а муха аладелла те цуьнга бохуш, ойла а кхуллуш, цецвуьйлуш Iийна-кх со хийла цуьнан байташ йоьшуш. Къоман амал охьайиллина-кх цо шен байташкахь.
Ишта ца хилча йиш йоцчу хьоле, тIегIане кхачийна-кх Ахьмада нохчийн исбаьхьаллин дош. Къага а дина, кеч а дина, ишта хила деза шуна аьлла охьа-м диллина…Цхьа байт цо язйина ца хиллехь а цо бина Iилманан болх бахьнехь а сийлалин даржехь вуьсур вар-кх иза. Валлай биллай вара хьуна иза кийра буьззина нохчаллех доьттина дика дог долуш стагга-м…"
Яралиев Юсупан оццул хастаме Ахьмадах дош аьллачул тIаьхьа, кхин а тIетоха гIертар бодашка кхуссу топ санна эрна а хета …Цул а дика а, толаме а хир ду, гарехь, Сулейманов Ахьмадан «Весет» байтаца и винчу денна лерина долийна хIара къамел дерзор.
Вовшийн хилар доьгIна доцуш,
Дуьне дисар сох хилахь,
Хьуо езнариг дагалоцуш,
Цкъа сан коше ялалахь.
Сох дисина дуьне делхош,
БIаьрхиш охьа ма хецалахь,
Къа ца хеташ,дог ца лозуш,
Екхалой а хIотталахь.
Безам буьйцуш, байташ язьеш,
Чурт кхала ма гIерталахь.
«Хьо чекхвели!»-охкуш яздай,
Цхьа акха тIулг богIалахь.
Цу тIулга тIе хIора сарахь
Цхьа олхазар хуьйшур ду…
Безам хестош и декарехь
Хьан дог доьлхуш хезар ду