Нохчийчуьрчу кхело шо хан тоьхна Хьалха-МартантIерчу вахархочунна гранат Iалашъярна а, лелорна я. Кхелан сацам дIакхайкхийна кху беттан 12-чу дийнахь.
Кхело дийцарехь, Ахьмада гранат ийцира 2006-чу шарахь цавевзачу стагера. Хьалха зулам дина ца хиларна а, бехк тIеэцарна а, шой бен хан ца тоьхна Ахьмадна.