ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчура Уралкалийн кIорамуьста калий маьIда доккхийла

«Уралкалий» олучу Оьрсийчурча минералан туьха доккхучу комбинатан инарла директор Баумгертнер Владислав Беларусехь дIалацаро цу шина пачхьалкхан юкъаметтигаш гIоьртинчу хьоле яьхна ца Iа. Цо тидам тIебахийтина Уралкалийно доккхучу сурсатана. Канада дIаяьккхича шолгIа а, къоалгIа а меттиг дIалоцуш ю Оьрсийчоь а, Беларуси а къорамуьста калий даккхарехь. Ткъа Уралкалий уггаре а йоккха цу кепара компани ю. Товбеца-баттахь Баумгертнера Уралкалий юкъарайолуш ю Беларускалийца цхьана болхбарна аьлла дIахьедар дича, къорамуьста калийн мехаш охьадевлира. Ткъа цо онда тохар дира Беларусин экономикана. Маршо Радионо зорбане доху Перм-махкахь йолчу Уралкалийн къорамуьста калий маьIда доккхийлехь даьхна сурташ.

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG