Масех шо даьлла Оьрсийчоьнан цу хенахь президент хилла волчу Медведев Дмитрийс, ша Нохчийчу веана волуш, лаьттах йохкучу минанех а, кхечу кхерамечу герзах а, сатийсам кхуллуш, дIахьедар дина.
«Вешан, говзанчаш а хьежош, кхечу пачхьалкхашна а гIо деш ду вай минанаш дIаяхарехь. Вайн хьалхара декхар ду вайн мохк царах мукъабаккхар. Аса тIеман министараллина тIедуьллур ду, тIаьхьа а ца тоьттуш, Нохчийчохь и болх дIаболабе аьлла», - элира Медведевс.
Цо иштта къамел дина ши шо дуьзнехь а, бахархошна хьаам а хуьлуш, цхьаьна юьххьера дуьйна, цхьабосса цу кхерамечу герзах цIандан долийна дац Нохчийчура латтанаш, хIора шарахьа уьш бахьанехь хуьлу бохамаш алсам буьйлуш латтахь а.
Официалан къаро а еш, деккъа цхьаьна 2011-чу шарахь, даьхний доцург, царна тIехь иккхина ткъа стаг. Миннааш бахьанехь кхузахь нисделлачу вер-ваккхарийн а, бохамийн а дало терахьаш а ду вуно морзах дуьйлуш.
Амма официалан Iедалан дайша далочу терахьашна тIетевжича а гуш ду, минанаш дIаяхаран хаттар мел ира лаьтташ ду. 4000 сов стаг ву махкахь минанаша а, фугасаша а Iовжийна. Шайна юкъахь 142 шиъ а бер а долуш, 2 эзар сов вахархо ву уьш бахьанехь Iожалле вирзина.
Ала дашна, уггар лакхарчу тIегIанехь а и гIуллакх дийцаре деш лаьтташ доллушехь, хIинццалц, ма-дарра аьлча 6 шеран чохь, Нохчийчохь минанех цIандинарг дац 300 гектар латта а бен. Цу майданна тIера схьадаьккхинарг ду боху официалан хьостано 5 эзар сов эккха там болу герз.
Кхузара гуш ду мел хьашто йолуш хIума ду Нохчийчохь минанаш дIаяхар тIаьхьа ца теттар а, марсадаккхар а. Тахана тIеман омранато Iора баьккхинчу хаамца, Соьлж-гIалин а, Шелковская-кIоштахь а юьртабахамийн кхаш-аренаш минанех цIанеш болх бан йолаелла леррина цу гIуллакхна Iамийна шегахь оьшуш болу гIирс а болуш 26 стагах лаьтташ йолу говзанчийн тоба.
ТIеман омранатан эпсаро дийцарехь, Соьлж-гIалина юххерчу Гикало юьртана гергахь цу тобано хIинцале а кхерамечу герзах мукъа даьккхина 15 гектар дуьйш-дерзош долу латта. Цу хьостано чIагIдарца, шишша цхьаьна болх беш бу сапераш. Цхьаммо хьуламехь герз долу меттиг гучуйоккху, ткъа вукхо цуьнан эккхаран кхерам дIабоккху.
Нохчийчохь минанех а, кхечу лелха тарлучу хIуманех а 2015-гIа шо чекхдалале мукъадаккха езарг 16 эзар гектар сов кхаш-аренаш а, 7 эзар гектар сов хьаннаш йолу меттигаш а ю. Бакъду, цу боларшца 26 саперех лаьтта жима тоба цу балхаца ларалур ю бохург, шеко йолуш гIуллакх ду.
Ма-дарра аьлча, наха кхеторех, гIуллакх иштта дIадодахь иттаннаш шерашка дера долу хIума ду Нохчийчохь минанаш дIаяхар. Ши-кхо шо хьалха, кхузахь дийца даьккхина дара, нохчийн кегий нах саперийн корматалла караерзо деша а бахийтина, вай ваьшша и минанаш дIаяхар сих ца дахь, цуьнах г1уллакх хир дац бохург. Амма Оьрсийчоьнан тIеман министаралло и дIадолор къобал динчух тера дац.