ГУЛАГан уггар яккхийчех хиллачу лагеран администрацин центр хиллачу Долинка поселкера, политикан репрессешкахь байинчеран сий деш йиначу музейхь цхьа ша-тайпа экскурси дIаяьхьира буьйсанна. Цига баьхкинчеран таро хилира, Карагандинский кIоштара Карлагехь чубоьхкинчарна тIехь латтийна хиллачу къизаллашка хьажа. 19Сти2013
Карлаг
5
Депортацин зала чохь манекенашка хьоьжуш Миходенко Вера. Кхечу къаьмнашца цхьаьна Казахстане хьажийначу кавказхочуьн кепехь духар доьхна ю царах цхьа манекен.
6
ХIокху кабинет чохь талламхочо керла тIебалийна тутмакхаш тIелоцу. Церан суьрташ дахара.
7
Музейн белхахо ву тумакх волчуха, поппар хьуьйш. Карлаге балийначу тутмакхашка поппар байтара, цунах саманан хIусамаш яйта. Мацаллий, шелонний оьгучу наха беш хилла хала болх бара иза.
8
Дакхош долу бераш шайн наношна тIе дакхо дезчий бен ца даладора. И юкъ йоцург гуттар а болх беш хилла наной Дийцарехь, Карлагехь дина бераш, церан 3 шо кхаччалц дуьтуш хилла. Цул тIаьхьа кхечу лагершка дIахьовсош хилла я, герз тухий, дойъуш хилла.