ГУЛАГан уггар яккхийчех хиллачу лагеран администрацин центр хиллачу Долинка поселкера, политикан репрессешкахь байинчеран сий деш йиначу музейхь цхьа ша-тайпа экскурси дIаяьхьира буьйсанна. Цига баьхкинчеран таро хилира, Карагандинский кIоштара Карлагехь чубоьхкинчарна тIехь латтийна хиллачу къизаллашка хьажа. 19Сти2013
Карлаг
9
Карлаган урхаллин хьакаман чохь бу музейн хьеший. Стоьла хьалха хиина Iаш йолу йоI, къоман мостагIа кхайкхийначу стеган йоI ю. Шен да керставе бохуш, хьийзош ю иза. Нагахь санна, шаьш аьлларг ца дахь, "этапе" дIахьажор ю боху "лагеран хьаькамо".
10
Божарийн камера. Музейн белхахой бу музейн хьешашна гойтуш, цхьана камери чохь полит-тумакхаш а, зуламхой а цхьаний муха Iийна. Зуламхоша кхерамаш тийсара, ишта а кхерийначу полит-тутмакхашна.
11
Карлагехь къизаллаш лайна стаг ву Iуьллуш.
12
Музей баьхкинчарна курт лора яа - якъийна казахийн нехча. ЦIерабаьхначу нахана казахаша яахIума луш хилар гойтуш бара уьш.