«Коммерсанто» а, «Новая Газето а» яржийна Борис Немцов верца доьзна зуьйчу наха дина дареш.
Политик верна бехке хиларх шеко йолуш, «Къилбаседане» батальонан бIахо Даудов Заур дуьххьара левира талламчаша 2015-чу шеран Зазадоккху-Беттан юьххьехь. Оцу даренан видео кхаьчна «Комерсанте».
Дадаевс дийцина, Дечкен беттан 12-чу дийнахь дуьйна волавелира ша а, Шаванов Беслан а, Губашев Анзор а Немцов тергалван, аьлла. Кхузза гира иза шайна, амма гонах адамаш дукха нислуш, вен аьтто ца болура, дуьйцу видеочохь Дадаевс.
Чиллан-беттан 27-чохь, сарахь, Дадаевна, цо дийцарехь, гина Немцов 20-30 метр гергахь, болар сих а дина, тIаьхьаволавелла. ТIекхача пхи метр юьсучу юкъанна, уллехула чекхйолуш нехашйоху машен а йолуш, ялхазза тапча тоьхна Дадаевс. Цул тIаьхьа массех машен хийцина, кхоалгIаниг такси а йолуш, ша вехачу Веерная урамерчу петара дIавахара ша, дийцина Дадаевс.
Немцов Борис вийна Мохьаммад-Пайхамар аьшнашвеш «Шарле Абдо» газето зорбанеяьхна карикатураш цо къобалъярна, аьлла даредеш Дадаев Заура.
Ткъа Охан-беттан 18 дийнахь Москох тIеман кхелехь къамелдеш Дадаевс шена «вовзане а ца вевзара» Немцов, ткъа дареш шега ницкъаша дайтира, аьлла.
«Новая Газето» Зазадоккху-беттан 19-чу дийнахь гайтина Немцов Борис верна бехкевечу кхечу эскархочуьнца - Губашев Анзорца - талламчаша болхбеш даьхна кадраш. Цо а аьлла, Немцов вер бахьана иза Пайхамарна а, бусалбанашна а лер дара. Зуламан декъахь ву аьлла цо ша а, Дадаев Заур а, Шаванов Беслан а.
2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чохь Москох, Кремлна гена доццуш вийра Немцов Борис. Кхел йолаелла 2016-чу шеран ГIадужу-баттахь. Бехкебечийн гIентахь ву пхи стаг – Дадаев Заур, ГубашевгIар – Шадид а, Анзор а, Эскерханов Тамерлан, Бахаев Хьамзат. Талламчийн версица, зулам дайтинарг а, дан кечамбинарг а ву «Къилбаседане» батальонехь гIуллакхдеш хилла Мухадинов Руслан.