ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Могушалла чIагIъян сов ахча делла Къилбаседа ХIирийчоьно


Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедало медицинина йинчу харжах цецбуьйлу эксперташ

Эцнарг эцнийла гойтуш ю Къилбаседа Кавказан республикашлахь цхьа ГIалгIайчоь, амма цигахь а совделла ахча - 19 процент ю. ГIалгIайчохь «бюджетера хала ду деккъа дIа ахча дайа, амма йина йохк-эцарш цигахь а яц йийцаре еш», билгалдоккху «Коммерсанто».


Къилбаседа ХIирийчоьнан могушаллин министраллан пресс-гIоьнчалло жоп ца делира, комментари йоьхуш, зIенеяьллачу Къилбаседа Кавказан сервисна - хаа таро ца хилира, хIора а сом тергонехь долчу махкахь миллионаш стенна дойу эрна.


Пачхьалкхан цIарх гIирс, молха оьцу лоьраш а бац хьал довзийта лаам болуш. «Ахча кIезиг ца дайина. Амма аш ден хаттар аттачех дац, тIеххула къамел ас дарх ца тоьа. Экспертиза хIун бахьаница йина суна ца хаьа, цундела дац сан шуна дала жоп», - элира махкахь тоьллачех ларалучу цхьана лоьро.


«Антирутина» цIейолчу проектца цхьаьна экспертиза йинчу «Коммерсантан» говзанчаша бахарехь, цкъачунна ерриг а йохк-эцар а яц теллина – 60 процент бен. Лерина яц федералан 233-чу низамца а догIуш, шаьш даьккхинчу ахчанах дарбадечу хьукматаша хIиттийна контракташ.


«Коммерсантан» эксперташна хетарехь, пачхьалкхан цIарх йохк-эцарш еш сов ахча дайарх, массо а контрактца коррупцин лар го олийла дац. Бинчу талламан тептарна юккъе нисъелла регионаш – уьш шаьш хIун, стенах оьцу гойтуш йоцурш ю.


Къилбаседа ХIирийчоьнан контрактийн максимуме бевлла молханийн мехаш пачхьалкхехь лелачел лакхара бу (бакъду, Къилбаседа Кавказан сервисна хууш дац, и контракташ йина чекхъевлла я ца евлла).

Масала, "Пэгинтерферон альфа-2а" молханах 6 миллион совъоьккхуш ахча дала лерина яра мехкан могашаллин министралла. Ткъа лега йиш ю арифметикан гIоьнца, эца дагахь къастийначу 557 баттах (цхьаьннан мах – 8700 сом) доккхийла дац 4,9 миллион сом бен.


Я эр вай, Къилбаседа ХIирийчоьно дIахьочу аукционехь 400 дийнатийн могашалла меттахIоттош долу вакцина-молха дара 1,6 миллион соьмах дохка кхайкхийна.

ХIора цхьана декъах доьхура 1697 сом. Лерича, берриг а мах ца хуьлу 680 эзар соме кхочуш а.

Ала догIу, и контракт цкъачунна хIоттоза лаьтта. Хила тарло, вакцина гIолехь йолуш, мах лакхабаьлла хила а.


Мухха а делахь а, регионийн юкъарчу статистико гIиттадо хеттарех, жоп доцуш дуьту дуккха а.

XS
SM
MD
LG