ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кху кIирнах хилла цхьаболу бIаьрла хиламаш


Къилбаседа Кавказ, Карта.
Къилбаседа Кавказ, Карта.

Кху къирнах ХIинж-гIалахь хилира «2010-чу шеран Оьрсийчохь бахархой лараран жамIаш» цIе йолу горга стол. Цигахь дакъа лоцуш вара Оьрсийчоьнан пачхьалкхан статистикан фдералан сервисан куьйгалх Суринов Александр.


Цо дийцарехь, уггара дукха къаьмнаш деха Оьрсийчоьнан Федерацин субъект ю Дагестан. Цу республикехь бехаш бу 117 къоман а, этникан тобанийн а векалш. Бахархой тIекхетарца Дагестан шолгIачу меттехь ю Оьрсийчоьнан субъекташна юкъахь.

Иштта Росстатан куьйгалхочо Суринов Александара дийцарехь, 2002-чу шарца дуьстича Къилбаседа Кавказерачу бахархойн терахь тIекхетна 500 эзар стагана, вуьшта аьлча, 5,5 %. Оцу кепара карарчу хенахь цу регионехь вехаш ву 9 миллион 400 эзар стаг.

ГIебартойн-Балкхаройчоь а , ГIалгIайчоь а дIаяьккхича, вукха республикашкахь а, кIошташкахь а бахархойн терахь алсам даьлла.

Маршо радион аналистан Фуллер Элищзабетан комментари.

Фуллер Элизабет: Дагестанехь а, Нохчийчохь а уггара дукха бахархой тIекхетна.
ГIебартойн-Балкхаройчохь бахархойн терахь лахделла 4,6 %. Цуьнан бахьана ду, бас Сурриновс , масала ГIалгIайчура нохчийн мухIажарш цIабахар.
2002-чу шарахь дIадаьхьначу ларараехь уьш ГIадгIайчура бахархой лоруш бара. Ткъа ГIебартойн Балкхаройчура адамаш дIаэхаран терахь алсам ду, цигахь дуьненчу довлучу берийн терахьелла а.

Росстатан куьйгалхочо Суриновс дийцарехь, Къилбаседа Кавказехь дукхах болу бахархой ярташкахь бехаш бу. Баккхийн хийцамаш хилла цигахь деха адам мел хенаш йолуш ду, бохучех а. Къонан бахархой хиларехь хьалхара позициш дIалоцуш ю Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а (24, 25 шо), ткъа иштта Дагестан (27 шо 3 бутт).

Дешна нах хиларан тIегIа ерриг а Оьрсийчоьнца дуьстича лахара ду Къилбаседа Кавказерачу субьекташкахь. Цигахь дукха бу говзалла карайирзина боцу нах, амма къезиг бу дешна боцу нах.

Экономикехь жигаралла гойтуш болу нах а къезиг бу Къилбаседа Кавказехь, ерриг Оьрсийчохь лаьттачу хьолаца дуьстича. Болх беш боцучу, я и болх лоьхуш боцучу I5-64 шаре боьвллачу нехан терахь ду цу регионехь 26%.

Амма долахь бизнес йолчу нехан терахь алсам ду Къилбаседа Кавказехь юккъерачу барамехь ерриг а Оьрсийчохь схьаэцча: ГIебартойн-Балкхаройчохь -11,1%, Дагестанехь - 10,5%, Нохчийчохь - 9,9%.

20I0-чу шарахь хиллачу бахархой лараран жамIашца Оьрсийчохь вехаш ву 142 миллион 900 эзар стаг. Оьрсийчоь борхIалгIа меттиг дIалоцуш ю кху дуьнентIехь бахархойн терахь доккха хиларца, Китай а, Инди а, Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ а, Индонези а, Бразили а, Пакистан а, Бангладеш а дIаяьккхича.

2002-чу шарца дуьстича, Оьрсийчоьнан бахархойн терахь жимделла 2 миллион 300 эзар стаганна.
Кху къирнах хаам баьржира Британин МИ-5 олучу кхерамазаллан сервисо шайн чоьхьарчу гIуллакхийн министре Мэй Терезе хаам бина, Закаев Ахьмадана тIелатар кечдеш ду, аьлла. Цу сервисан белхахоша дийцарехь, Ичкерин лидер вен дагахь хилларг ву цуьнан цIе хьулъеш Е-цхьаъ, аьлла, цара цIе тиллина волу Оьрсийчура вахархо. Ша Закаевс цу стагах лаьцна иштта элира Маршо Радион дехарца.

Закаев Ахьмад: Сурт-м кхолладелла хир ду сан. Делахь а, кхачам боллуш сайна хууш ца хилча, оцунах дерг суна дийца ца лаьа. Иза ду-дац къасто дукха хан оьшур яц.

Иза мухха а далахь а, сурт кхолла деллехь а сан, я суна иза хаьахь а, кхеран суьдо бинчу сацамца, цкъачунна и стаг милла а валахь а, иза вийцаре ваккха а, хьехо а йиш яц.

Закаев Ахьмад шеко йолуш вац шена тIелатар де аьлла, омра делларг Кремал хиларна.

Закаев Ахьмад: Суна сайн мостагI мичара ву хаьа. Сайца гамо лелош верг мила ву а хаьа. Иза Москвара схьадогIуш ду. Путинца а, цуьнан гонаца а доьзна ду иза. И ара ваьлла волу стаг цхьа пекъар хир ву-кх иза а.
Я, цхьана хIумантIехь кхера а вина, цхьа хIума тIехIоттийна хир ду цунна, я цара беллачу мехах Iеха велла хир ву иза. Кхин цхьа а бахьана суна ца го. ХIунда аьлча, вай тахана дIахьош йолу политика йоцург кхин вай цхьана а стагана дина зе а дац, зулам а дац.


Ткъа и политика новкъа ерш тахана Москва а ю – Путин, тIаккха Нохчийчохь цуьнан политика дIахьош болу нах а бу. Цаьргара схьа ду иза. Кхин цхьа а тIаьхьало я бух болуш хIума а дац.

Амма Нохчийчура Iедалша шайн бек ца хиларх лаьцна сихха дIахьедар дина хилар билгалдоккху аналисто Фуллер Элизабета.

Фуллер Элизабет: Дира ду аьлла хеташ ма-хиллара Нохчийчурча Iедалша сихха дIатеттира шайна а хууш Закаевна тIелатр дан стаг хилла бохург. Кадыров зорбанан секертаро Каримов Iаьлвис а, Федерацин Кхеташонан декъашхочо Сабсаби Зияда а элира Закаев политикан фигура яц, аьлла.

Оьрсийчохь цуьнца бала болуш стаг вац аьлла. Иза сепаратистийн лидер а ца, и сепаратисташ боцун дела, элира цара. Амма Закаевн политикан статус лахдан гIортар дукха нах тешо хала долуш ду, хIунда аьлча 3 шо хьалха ша Кадыров гIоьртина дела Закаев Нохчийчу цIа верзо.

Кху къирнах Нохчийчурча полицин ницкъаша а, гергарчара а жигара лоьхуш яра, Теркайистера Бена-юртара 40 шаре яьлла йолу Сентябриева Зулихан. И зуда ши-кхо кIира хьалха цIера яьллачулла тIаьхьа гина стаг вацара.

Цкъа дуьххьара Зулиахана гергарчу наха лехнера иза шайн ницкъашца. Амма цуьнах гIуллакх хир доций хиича, цара орца даьккхира Iедалшка. Халахеташ далахь а Сентябриева Зулихан йийна карийна.

Полицин векалша бинчу хаамца цуьнан дакъа карийна Соьлж-гIалахь цхьана петар чохь. Схьагарехь цуьнан садукъийна зуламхоша. Цара Iеха а йина цу петар чу а йигина наб кхоьтуьйта молха а малийна, цуьнан ахча а, дашо мухIара кхин йолу цуьнгара хIумнаш а дIаяьхьна.

Таханлерачу денна эзарнаш нах бу Нохчийчохь байна лоьхуш. Церах дукхах берш байна бу ницкъаллийн структурийн белхахоша дIабигинчулла тIаьхьа. Иштта кху къирнах тхоьга телефон а тоьхна шен бала белхийна волчу стага дийцинарг дагахь ца кхъета йиш йоцу бохам бара.

Къант лоьхуш волу да: Орца эщара кхузахь дала. И орца даккха гIерташ меттиг йитина а яц аса. 2009-чу шарахь Август-баттахь 4-чу дийнахь бахка а баьхкина чура кIант чачкъа а вина дIавигина тхан. Цуьнан цIе Iабдул-Езед яра. Фамили Асхабов яра. 26-27 шо долуш вара. Зуда ялийна а вара иза. Оха орца ца доккхуш кху дуьненчохь меттиг йитина яц. Цхаьнгара а а тхуна цуьнах хуьлуш гIо дац-кх. Тхоьгахь боккха бала бу. Дийнахь а, буьйсинна а оцу белхан ойла еш а, сагатдеш а Iаш ду тхо таханий-таханий, бохуш, я дийна ву а, я вийна ву а, хаь вигина а ца хууш.


Нагахь санна шайна цу стагах дерг хаахь, дехар ду тхоьга хаам бар.

Аша ладуьйгIира чекхдолучу кIирнах Къилбаседа Кавказехь хиллачу коьртачу хиламашка. Царна хьесап деш дакъа лаьцнарш яра политикан хьажархо Фуллер Элизабет.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG