Нохчийчура тIеман полицин керла батальон хьажийна Шема. Цо хийцина цигахь хилла республикера эскархой, хаам бо «Росбалт» агенталло.
ТIеман полицин эскархоша ха дийр ду аэродромана, ларйийр ю Шема гуманитаран гIо дохьуш йогIу ковраш.
РогIерчу Нохчийчура эскархоша 5 бутт боккхур бу Шемахь.
2016-чу шарахь Лахьан-баттахь Нохчийчура Шема хьажийнера тIеман полицин эскархойх лаьтташ йолу хьалхара батальон. Уьш цIабирзира кху шеран Зазадоккху-баттахь.