ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьне заррат герзаш жимдаре кхайкхина Обамас


Германи -- lамеркан президент Обама Барак Брандербурган кевнна улле къамел дан веана Германин канцлерца Меркел Ангелица, Берлин, 19Ман2013
Германи -- lамеркан президент Обама Барак Брандербурган кевнна улле къамел дан веана Германин канцлерца Меркел Ангелица, Берлин, 19Ман2013

Берлинера Бранденбурган кевнна уллехь къамел дира тахана Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака. Цо кхайкхам бира Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а заррат герзаш нийсса кхаа декъана лахде, аьлла.

Обамас иштта, кхайкхира, Европера оьрсийн а, Iамеркан а тактикан герзийн терахь жимдаре а. Тахана шина пачхьалкхехь – Iамеркехь а, Цхьанатоьхначу Штаташкахь а долчу заррат герзан барам 1950-чу шерашкахь хиллачул сов бац, аьлла. Билгалдаьккхира Обамас.

«Заррат герзаш мел ду, вай боккъалла а кхерамазаллехь дац», цундела, 2010-чу шарахь куьг яздинчу Стратегин Герзийн хьокъехь бинчу бартаца къастийначул а, «машаран дуьхьа» хIинца долу заррат герзаш кхоалгIачу декъе кхаччалц лахдан деза, элира Обамас.

Обама: «Вай Iамеркан я Германин махкахой хилла ца Iа. Вай дуьненан махкахой а ду. ХIокхул хьалха цкъа ца хилча санна, вайн кхолламаш цхьанаийна бу. Вайн йиш яц массо хIаллакдаллалц хьоьжуш Iа. Заррат герзаш мел ду, вай боккъалла а йолчу кхерамазаллехь дац»

Дуьне зарратан герзах маьршадаккхаран новкъахь хIара еккъа цхьа гIулч ю, кхечу пачхьалкхаша а яккха тарлуш йолу, аьлла билгал а даьккхина, герзаш жимдаран дагадовларшкахь дакъа лацаре кхайкхира Обамас кхин йолу пачхьалкхаш а.

Обамин Берлинера къамел «гIуллакх даре кхойкхуш» ду аьлла КIайчу ЦIийнан векалша.
Iамеркан президенто кхайкхам бира демократина гIортор яре а, девнаш дерзоре а, Iалам хийцадаларца къийсаре а, заррат герзаш даржорна доьхьало яре а.

Обама: ГIала йоькъуш хилла сиз долчехь вай лаьтташ хиларо боху, цхьана пене доьхьало ялур яц нийсо гIертарна, машаре гIертарна, стеган дега чохь богучу машаре гIертарна.

Кегийрахойн могIаршкахь белхаш боцчерийн терахь лахдан Iалашонца, Европано экономикан политика хийца езара аьлла, билгалдаьккхира Обамас. Европан зонера бюджетан кризис бахьанехь 12% бу белхаш боцурш. Ткъа Грецера а, Испанера а терахь, 50% кхоччуш лаьтта.

Брандербурган кевнан малхбале агIора Обама къамел дарна доккха маьIна дира хьажархоша.
50 шарахь «шийла тIом» уггар баьржинчу хенахь, хIетахьлера Iамеркан президент Кеннеди Джон а вистхиллера Берлинехь. Шина декъе екъначу гIалин бахархошка къамел дан волалуш, «со а ву берлинхо», аьлла, ша цаьрца цхьаьна вуйла хаийтира Кеннедис.
XS
SM
MD
LG