ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

230 стаг велла мохк бегийначу Балучистанехь

Рихтеран барамехь 7.7 нуьцкъала мох бегийна Пакистанан Аваран кIоштахь а, цунна уллерчу Хуздар меттехь а Гезгмашин-беттан 24-чу дийнан делкъал тIаьхьа. Пакистанан тIеман ницкъаш бу мохк бегийча зе хиллачарна гIо деш. Мел лаххара 230 стаг велла, бIеннашна чевнаш йина. Цу меттигана 250 чаккхарма генахь йолчу, Пакистанан уггар йоккхачу Карачи-гIалахь а а хааделира мохк бегийча. Цул сов, 1,200 чаккхарма генахь йолчу Индин коьртачу Нью Делихь а хааделлера мох бегош. Официала Iедалша бахарехь, уьш толлуш бу, мохк бегор тIех нуьцкъала хиларна, Iаьрбийн хIурдахь Гвадар портана уллехь керла гIайре кхоьллина бохуш, тешаша дуьйцург.

Хьажа кхин дIа а

Комментари

New Comments Available

Нийса дуй-те Кадыровс гIалгIай бехказабийла декхаребар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG