Азербайджанехь дIаяхана митингаш, тIеман тийсадаларш ОвхIан-махкахь, Сербехь хилла президентан харжамаш, Украинин парламентехь йина буй-тIара.
ДIадахана кIира сурташкахь -- Стигалкъекъа-бутт 19-25

1
Азербайджанхойн оппозицин агIонча лаьцна Бакох 21 чохь Iедална дуьхьал вовшахтоьхначу митингехь. Митинг йоьгIна яра дIадаханчу кIирнахь махкахь хиллачу Eurovision эшарийн къовсамца. (Reuters/David Mdzinarishvili)

2
Темза-хи йистехь хьалаухкуш ду Ингалсан паччахьийн 1977 шарахь даьхна сурташ. Кху шарахь 60 шо Элизабет II-чунна паччахьан таж тиллина . (Reuters/Suzanne Plunkett)

3
КIант шен гIудалкх текхош ву Iамеркан эскархой тIом бан кечлуш лаьтташшехь. КандахIар провинци, Стигалкъекъа-бутт 23. (Reuters/Shamil Zhumatov)

4
Iамеркан эскархо, сай-бодий къастале, зурма локхуш ву ОвхIан-мехкан Забул провинцехь. Стигалкъекъа-бутт 23. (Reuters/Tim Wimborne)