КIиран сурташ-- Гезгмашин-бутт 8-14
9
Йеменехь Цхьанатоьхначу Штатийн векалтна тΙелата гΙерта гуламхой дΙасалохкуш, полицино хиш диттира нахана тΙе, ирх герзаш а кхуьйсуш. (Reuters/Khaled Abdullah)
10
Iамеркан байракх этIийна Цхьаьнатоьхначу Штатийн КъахIира-гIаларчу векалаллана хьалха Мохьмад-пайхамар сийсазвен филм яккхар бахьана долуш оьгIазбаханчу демонстранташа. (AFP)
11
Либерчу Бенгази-гIалахь, тIелатар дар бахьана долуш, вийна Iамеркан Либехь волу векал Стивенс Кристофер а, кхин а кхоъ Iамеркахо а. Герз карахь стаг ву лаьтташ йогучу векалаллина хьалхахь. (Reuters/Esam al-Fetori)
12
Шемахь, Алеппохь, бомбанаш еттачу кеманах лечкъина ю хIара зуда. (AFP/Sam Tarling)