ДIадаханчу кIиранан васташ: Шема-пачхьалкхахь чIагIделла хьал, Туркойн парламентехь еш йолу буй-тIара, ОвхIан-махкара къоьлла, резабоцурш Украинехь, Кубе веана волу Папа.
КIиранан сурташ -- Зазадоккху-беттан 24-30, 2012
9
КIант ву Euro 2012 футболан чемпионатан логона хьалха скейтборд хоьхкуш. Киев, Украина. (REUTERS/Anatolii Stepanov)
10
2011 шеран Лахьан-баттахь мехкадаьтта доккхучу Жанаозен-гIалахь къепедацаршкахь дакъа лаьцна хиларна бехке веш волу стаг ву кхеле озийна. Актау, Казахстан (REUTERS/Vladimir Tretyakov)
11
Идархо Воруд Маслахьа ю шен Наблусана уллехь йолчу кертахь меженаш дIасаийзош. Веа палестинхочо дакъа лоцур ду Лондеонехь хир долчу Олимпин ловзаршкахь. (REUTERS/Ammar Awad)
12
Босни-пачхьалкхе баьхкина болу Испанин паччахь Хуан Карлос а (аьт), цуьнан делегацин декъашхой а исторехь гIарадаьлла долчу Мостар-гIалин тIай тIера чукхиссалуш болчу нахе хьоьжуш бу. (REUTERS/Dado Ruvic)