ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мискачу нахана балеяьлла "Платон"


Ерриге а Оьрсийчохь яккхийчу машенийн долахоша дIаехьна а, дIахьуш а йолу а дуьхьалонан акцеш, “Платон” цIе тиллина, яккха йолийна ял, хаъал лах а йина, гIаттамхойн аьллар кхочуш а хилла, церан резабацаран болам кхиаме кхочур бу я бац хууш дац.

Бакъду, пачхьалкхан массо бохург санна кIошташкахь жигаралла а хаалуш, къовсаме даьллачу ял яккхаран гIуллакхан чаккхе мухха хилахь а, могIарерчу нахана хуьлчу эшаман жамI а хIинцале гуш ду: цIе яьлча санна сиха лакхадийла дуьйладелла цхьадолчу кхачанан сурсатийн мехаш.

Масала, хIора денна а кхача кечбеш оьшу картол, хох, жIонк, копаст язьелла 60-70 %-на бохуш даре до бахархоша. Мехаш тIедетталуш, язлуш массо хIума ю, амма хIинца санна цкъа а язьелла яцара картол а, кхиерг а бохуш холча хIуьтту нах. Царех ву Новр кIоштера Мартаев Гилани.

Гилани: «Шийтта соьмех картол ийцира сан накъосто. Цуьнан машен айса бехъярна кхоьруш ас ца ийцира. Цул тIаьхьа кхо-диъ де бен хан ца яьлла 25 сом хьалабаьлла-кх мах. Сан даьтттIа дог…»

Газель олучу жимачу автобус тIехь ХIирийн мехкан Мазалк гIалин базара богIучу зударшца тасаделлера сан хIара къамел.

Хьулимат: «КIира-ши кIира хьалхачул кхин оццул бохург санна тIекхийти-кх мехаш. 16-17 соьмах хилла картол хIинца 3 туьма доцуш лан а ца ло. Хох а бу оццу мехех. Сискал яалур яц оцу мехашца-м. Массо меттехь дерг а лол бетташ бохкучарна хьокха тухуш хIума ду-кх. Оцу яккхий машенаш йолчеран резабацар гIийлачу нахана бале даьлла-кх».

Табарик: «Массо хIума а язйина. Цхьа кIира доцург кхин хан ца яьлла со тIаьххьара базара еъна. Кхин йогIур а яц аьлла схьайогIуш ю-кх со».

Дикачу агIор кхин хийцам болуш мехаш дац Соьлжа –ГIалахь а. Махкахоша даре дарца йоккха башхалла яц кхачанан сурсатийн мехашца.

Ийман: «Яккхийчу машенаш тIехь болчеран бехк а беш, инзаре тIедетта мехаш. Тахана цхьа мах бу, хана кхин. Ши кIира хьалха 500 сом делла эцнера ас картолийн сетка, тахана эзар дели. Базарахь долу кхача кечбеш мел оьшу массо хIума а даздеш лаьтташ ду. Къаьсттина картол, хох, копаст, жIонкх. Кхиерг ю иштта язьеш. «Аш хIун до, кху юургах цIен деши деш ма лаьтта аша» аьлча, «Платон» олу-кх. ГIийланиг кхин а охьатаIош ву. Мискачу нехан лаг лаьцна-кх».

ГIаланашкахьчул а хаъал лакхара ду мехаш кIошташкахь. Цунна тоьшалла карадо базаршкахь йохка-эцархошца къамеле ваьлча. Мехех лаьцна хIара къамел нисделла Теркйист кIоштан уггаре а йоккхачу базарахь. Цигахь а эцархой цецбохург дара картолийн мехаш. Цхьанхьара тIееанчу 1 кийлан керлачу картолан мах 45 сом бара. Цуьрриг бIокъажор доцуш цунах дуьйцура пхьор мел кечдеш долу товар духкуш болчу совдегарша.

Зуда-йохкархо: «Оцу картолан сетканах 200 сом доьху, хIокхуьнах 250 сом доьху. Кийланах 36 сом хуьлу. Ткъа кхушеран картолан кийлана мах 45 сом бу. Уьш ирах стенна оьха-м ца хаьа суна. ДIайовлуш йолу дела хила а там бу мах лакхабаларан бахьана, нагахь генара схьайохьуш елахь копаст а, картол а, кхиерг а, некъ базбалар хила а ма тарло. Делдахь кхин билггал ала-м ца хаьа суна».

Стаг –йохкархо: «Массо хIума а даздина цара и машенаш бахьнехь. Бехке церан шоферийн гIаттам бу суна хетарехь».

Яккхийчу машенаш лелочеран резабацар бахьанехь йохка-эцаран массо декъехь а хилла эшам. Цунна даре до совдегарша. Масала, машенийн тайп-тайпана даьттанаш, кхиболу гIирс –коьчаллаш дохкарехь бизнес еш ву соьлжагIалахо Ахмедов Илес.

Яккхий халонаш лайна цуьнан фирмо а. Схьаэцна, тIаьхьалонна охьадиллина дукха товар хиларна, кхечаьрга хьажча шена хилла зен-м кхин доккха а дацара бохуш вара Илес.

Илес: «Берриге болх сецна бацара,бакъду товар тIе ца далуш халонаш-м лайна оха. Оха духкурш даьттанаш, машенийн фильтраш, колодкаш… Дала мукъалахь, цхьана кIирнах хIара гIуллакх лартIа даре са-м туьйсу оха».

Адам цецдаллал сиха ирхъоьхучу мехийн хьокъехь динчу зераша ма-гайттара, могIарерчу нахана хетарехь бутт-батте мосазза болу тIекхетахь бен, мехаш цхьанаметта севцца лаьттар ду бохург цкъачунна дуьйцийла а яц.

XS
SM
MD
LG