ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийн керлачу президентана оьшуш яц Саакашвилис йина ангалин бохь болу хIусам

Гуьржийчоьнан хаьржина волу керла президент Маргвелашвили Георгий дагахь ву Тбилисера ангалин бохь болу президентан гIишло керла кхуллучу Iамеркан-Гуьржийчоьнан университетана дIаяла. И хIусам йинера 2009-чу шарахь. Цунах пайда оьцуш вара президентан даржера дIаволуш волу Саакашвили Михаил а, цуьнан администраци а. Кху беттан 17-чу дийнахь Маргвелашвилис президентан чIагIо йинчул тIаьхьа хьал хийцалур ду. Керлачу президентан белхан меттиг хир ю Тбилисехь гIалин юккъехь кечйеш йолчу Iамеркан векалалла хиллачу хIусамехь.

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG