ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шевченко Александра: Путин оха хьажийнначу дIавахча дика хир дара


Путин Владимирна дуьхьал бевллера Украинерчу Femen тобан гIодаюккъалц берзина бевлла мехкарий
Путин Владимирна дуьхьал бевллера Украинерчу Femen тобан гIодаюккъалц берзина бевлла мехкарий

Кху беттан 8-чу дийнахь Германерчу ХIанновер-гIалахь йохка-эцаран базара ваханчу Оьрсийчоьнан президент Путин Владимирна дуьхьал бевллера Украинерчу Femen тобан гIодаюккъалц берзина бевлла мехкарий.

Шаьш дIалийцина арабахале, цара юьхдуьххьала маьхьарий диттира Путин Владмир диктатор а ву, маьршонийн мостагI а ву бохуш. Царна юкъахь яра Шевченко Александра. Маршо радион Оьрсийн сервисан корреспонденто Шарый Андрейс интервью йина цуьнца.

Радио Маршо: «Путинна реза дацар хIун ду шун? Цунна дуьхьал шайн акци хIунда йира аша?

Шевченко Александра: «Путин тхуна къордийна ца Iа. Путин къордийна дерриг а ала мегар долуш дуьненна. Шайн бахархошна кхиина ца Iаш, дерриг а дуьненна а вониг дан кхиийна иза. Цундела, хьо лортIехь а волуш, хаьйна хетарг ала хьо кхоьруш вацахь, хьан декхар ду, цуьнна юьхьдуьххьала иза дIаалар.

Бакъдерг аьлча, тамашийна ду и хаттар. Путинна реза цахилар хIун ду бохург хIун ду? Дерриг а дуьне ду цунна ша реза цахилар дуьйцуш. Газеташкахь а, радиочухула а дийцаре деш ду цунна реза цахилар. Оха доцца дIааьлла дерриг а дуьненна лууш дерг, Путинга дIагIо аьлла. Дика хир ду, оха хьажийнначу иза дIавахча».

Радио Маршо: «Германин полицино кIоршаме лийцина дIадигира шу. Цхьа а лаза-м ца йира"?

Шевченко Александра: «Германин полици яцара, Путинан гIаролхой бара тхуна кIоршаме кадиттинарш. Германин полицино эсала, шайн машена а ховшийна, шайн полицин декъе дIадигира тхо».

Радио Маршо: Шу схаьлийцинарш Оьрсийчоьнан бахархой бара, Путинан гIаролхой бара уьш?

Шевченко Александра: «Суна ца хаьа уьш муьлхачу къомах бара. Амма уьш Путинан гIаролхой бара, Германин полисхой бацара».

Радио Маршо: «Муха аьтто белира шун шина пачхьалкхан куьйгалхошна оццул улле тIекхача»?

Шевченко Александра: «Тхо "секстримисташ" ду. Тхайн некъаш карадо тхуна. Тхан Iедал дац, тхуна оьшуш дац, оха иза муха до бохург гучудаккхар.

Радио Маршо: «Гирий хьуна, Путин Владимиран юхь тIехь долу сурт»?

Шевченко Александра: «Гира дера. Со цуьнан бIаьргаш чу хьожуш яра. Иза чIогIа цецваьллера. Инзаре цецваьлла вара иза, шен гIаролхошна юкъахь цхьа Iуьрг хиларна а, иза тхуна карорна а, тхо цу Iуьргахула шена тIекхачарна а. Иза стеган Iовдал цецвалар дара, цхьа тамашийна велакхажар а, сонта бат саттор а долуш".

Радио Маршо: «Президентана букъ гайта аьтто белирий хьан, хьайн букъ тIехь оьрсийн маттахь яздинарг гайта?

Шевченко Александра: «Сан некхан тIехь ингалс маттахь яздина дара “F*** Dictator», аьлла. Иза дешар дешна стаг ву. Цундела ингалс маттахь а кхетта хир ву аьлла хета суна иза».

Радио Маршо: «Германин Iедалша бехк-такхаман гIуллакх-м ца долийна шуна дуьхьал?

Шевченко Александра: «ХIаъ! Тхуна дуьхьал бехк-такхаман гIуллакх схьадиллина. Тхо хIинца прокуроран сацаме хьоьжуш ду. Цо сацам бан беза, суьде дIадала деза тхан гIуллакх, я иза дIачIагIа деза бохучух лаьцна».

Радио Маршо: «Цара шу полицин декъе дIадигира, тIе хIуманаш а юьйхира, ле а дира, шоьх лаьцна информаци а гулйира, къайла девр-м дац шу аьлла хаьттира, цул тIаьхьа дIахийцира. Иштта дуй иза?

Шевченко Александра: «Ду».

Радио Маршо: «Германехь адвокат вуй шун»?

Шевченко Александра: «Вац».

Радио Маршо: «Жимма алсамо дийца йиш юй хьан, ХIанноверехь хиллачу акцин декъашхойх лаьцна»?

Шевченко Александра:«Кху акцехь дакъалоцуш яра Украинера со а, Сечко Оксана а. Кхин цхьа жигархо яра Оьрсийчура Ханова Ирина, ткъа иштта кхин а ши жигархо яра Германера. Баркалла тхоьх баккъалла а йолу информаци язйечу Германерчу прессина, Оьрсийчура, я Украинера журналисташ санна харц дерг яздеш йоцучу.

Зорбан гIирсашкахь оха деш дерг лортIехь дийцар бахьана долуш, Германехь а, Францехь а, Бразилехь а зударийн жигархой гучубевлла. Тхан хIинцале а ю Femen Belgium а, Femen Canada а. Масийтта жигархо гучуяьлла Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Британехь а, масийтта жигархо ю Тунисехь а, шуна хууш ма хиллара».

Радио Маршо: Муха дIадоьрзур ду аьлла хета хьуна, Германехь хилларг? Германин полицино хIун сацам бийр бу аьлла хета хьуна?

Шевченко Александра:«Баккъалла а аьлча, тхо сатесна ду Германин полицино, Кремлх кхера а цалуш, думократин принципаш тIе а тоьвжина, низаман бух тIехь сацам бийр бу аьлла. Дерриг а дика дIадоьрзур ду аьлла сатесна ду тхо. Тхо кхерадала, я, Германера девдда, цхьанха дIаловчкъа дагахь дац».
XS
SM
MD
LG