Оьрсийчура оппозицин лидеро Немцов Бориса кечдинчу рапортан хьесапехь Персийн аймехь бехачу паччахьийн а, гуттар а шайна хеццна ахчанаш дайа Iеминчу олигархийн а дахаран кеп ю Путина дIакхоьхьуш ерг.
Путинан долара еза хIуьц-пуьцIуьлгаш
1
Москохан малхбузехь, Ново-Огарёвехь оьрсийн президентана лерина официала гIишло ю хIара 2000-чу шарахь дуьйна. Советан пачхьалкхийн лидерша садоIуш пайда оьцуш хилла гIишло 1990-чу шерашкахь дуьйна башха лелийна а яцара.
2
Константинан гlала Петарбухана гена йоццучу Стрельнехь ю. Пётар Хьалхарчунна йина яра иза аьхкенна тlехь садоlу меттиг санна.
6
lаьржачу хlурдана йистехь Бочаров Ручей олучу меттехь йолу Путинан кхин цхьа резиденци. Сочина гена йоццуш ю иза.
7
Президентан хlаваан кеманех цхьанна тlехь ву Путин. Рапорто чlагlдарехь, цуьнан шена хьашташна лерина 43 кема ду.