ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арахьара ахчанаш оьций ахьа? ТIаккха хьо агент ву!


Оьрсийчоь -- Олег Орлов, адамийн бакъонийн "Мемориал" организацин куьйгалхо организацин гlишлонна хьалха. Цхьаммо пена тlе яздина "Арахьара агент, Цхьаьнатоьхна Штаташ езаш", Москох, 21Лах2012
Оьрсийчоь -- Олег Орлов, адамийн бакъонийн "Мемориал" организацин куьйгалхо организацин гlишлонна хьалха. Цхьаммо пена тlе яздина "Арахьара агент, Цхьаьнатоьхна Штаташ езаш", Москох, 21Лах2012

Оьрсийн прокурораш а, йолан полици а хIокху оршот дийнахь дуьйна талламаш бан йолаелла Аьмнести Интернешнл а, Москох дIатаръеллачу кхин а кхаа Iаткъамечу организацехь а. Кремлана критика ечу тобанашна таллам бечу, тIеIаткъам баран шуьйрачу акцин дакъа ду иза. Цул сов, цхьаболчу аналисташа бахарехь, йозуш йоцу информаци гулъен центрш гIелъян Iалашо йолуш ду, юкъараллехь ларам бовш долу оьрсийн Iедалш.

Агора бакъонийн ассоциацин хьесапехь ерриг а Оьрсийчохь цхьаьнаметта 40 сов Iедалх йозуш йоцу организацехь талламаш дIабаьхьна карарчу баттахь. Царах дукхах ерш Путинна критика еш ерш ю.

Кхечу бакъонаш ларъярна тIехьовсучу организацеша а хаам бина, аьлла хIума а доцуш, шайна а цIеххьана талламаш бан баьхкинера Юстицин министраллин а, цIеяйархойн сервисан а, могушаллин департаментан а инспекторш, аьлла. Ши эзар организаци хила тарло, талламашна юкъа нисъелла боху Агорас.

Оьрсийчура Human Rights организацин директоро Пономарев Лева бахарехь, даханчу шарахь дехкаран низамаш тIеэца долийчхьана болабелла тIеIаткъам бу иза.

Оьрсийчоь -- Реза боцчийн Марш, Москох. ОМОНан векало лаьцна вуьгуш ву Пономарев Лев, 31Мар2009
Оьрсийчоь -- Реза боцчийн Марш, Москох. ОМОНан векало лаьцна вуьгуш ву Пономарев Лев, 31Мар2009
Пономарев: "Конституцин амална а, бакъонан низамна а дуьхьала долу низамаш тIеэца йолаелла пачхьалкхан ДУМа. Къаьсттина, "пачхьалкхана тешнабехк барца" доьзна низам. Бакъонийн система Iункар яьккхина цо. Цуьнан тIаьхьало ю, карарчу хенахь коммерцица йоьзна йоцчу организацешкахь талламаш бар. Прокуратурин агIора, низамца ца богIу талламаш беш бу цхьанаметта бIеннаш организацешкахь."

Оршот дийнахь прокуратуро элира, керлачу низамашца а догIуш, арахьара ахча оьцу организацешна кхин а талламаш беш ю ша. Оцу низамо цу тайпа организацеш декхар йо, «арахьара агент» санна дIаязъяла.

1930-чу шарахь Сталинан заманахь цу терминах шуьйра пайда эцара нехан боцу бехк тIебуьллуш а, репрессеш еш а. Дукхах йолу организацеш дуьхьала евлира иза дан. Iедалх йозуш йоцу организацеша дуьйцу, цкъа а ца хиллачу кепара, даханчу Iай хиллачу протесташна жоп луш, критикийн бага юкъо гIерта Iедалш, бохуш.

Аналисташа бахарехь, юкъараллехь Iедале болу ларам лахлуш, Кремл саготта хиларан билгало ю и талламаш.

Москохарчу Экономикан Лаккхарчу школехь политикан департаментан куьйгалхочо Урнов Марка боху.

Урнов Марк, политикан аналист, Маршо радион Москохарчу студио чохь, 03Чил2009
Урнов Марк, политикан аналист, Маршо радион Москохарчу студио чохь, 03Чил2009
Урнов: "Ша нахалахь ларар лахлучу Iедалан боккха сингаттам гойтуш хIума ду иза. Путин ларар лахлуш ду. Цхьааллин Оьрсийчоь ларар лахлуш ду. И бахьанехь муьлхха а вовшахтоьхначу дуьхьалонан акцех кхоьруш ду Iедал. Коррупцех лаьцна информаци лахьон таро йолу муьлххачу а центрех ларлур ду Iедал. Цундела ю царна хIума тухуш. Ша шех Iедал боккъалла а бIобулуш ца хилар гойтуш ду иза."

Дийцарехь, нахалахь цхьа а ларам боцчу, Оьрсийчоьнан урхаллехь йолчу «Цхьаалин партех» гена йолуш ю Кремл. Урновс бахарехь, Путинан Iедалехь лаккхарчу даржашкахь волу масех стаг араваьлла цу партера. Кхиниш тIаьхьахIитта сахьт а дац.
Москохарчу политикан аналистана Орешкин Дмитрийна а хета, юкъараллин тобанашна тIелетар, Iедалан Iаткъамах йисина хьуьскаш ларъян гIортор ду аьлла. 13 шарахь урхалла деш волу Путин, уггар йоккхачу кризисехь ву тахана.
Орешкин: "Iедалшна гуттар чIогIа товр долу сурт хир дара, йозуш йоцу организацеш кIел а йисина, гучуьра евлча. Иза сиха мел хуьлу, дика а долуш хир дара. ХIунда аьлча, и организацеш хIаллакьяран процесс ях мел ло а, церан репутацина хуьлу зе а алсамдолу. Суна хетарехь, цундела, Путинан "ирх-динчу" Iедало совбоккхур бу, йозуш йоцчу информацин хьосташна беш болу тIеIаткъам."

Amnesty International организацино кхоччуш емалдина оьрсийн Iедалш, «юкъараллин шеко а кхуллуш, йозуш йоцчу организацин цIе, цара леррина бехъеш ю» аьлла. Иштта, «Iедалша лелон харцонаш билгалъйохуш йолу организацеш» дIакъовла аьтто боккхуш ду, керла юкъадаьккхина низам, аьлла ду цуьнан дIахьедарехь.

Политикан аналист Орешкин Дмитрий, 16Гез2010
Политикан аналист Орешкин Дмитрий, 16Гез2010
​Арахьара ахчанех болх беш йолчу организацешка Путин гома хьоьжу дукха хан яра. Къаьсттина, ахчанаш Цхьанатоьхначу Штаташкара кхочучаьрга. Оьрсийн политикина юкъагIертарна бехке йинера цо уьш.

И талламаш а буьйлабелла, «Оьрсийчоьнна тIеIаткъам беш йолчу» организацешкахь беш болу талламаш алсамбаха аьлла, Путинас ФСБега кхайкхам беш къамел динчул тIаьхьа.

Цкъачунна, цу талламийн аьтто баьлла, уггар кхиамех йолчу, Iедалх йозуш йоцчу организацийн белхаш юкъахбаха. Дукхах болу жигархой кхоьруш бу, шайн, эххар а, болх саца а бина, организацеш дIакъовла дезарх.
XS
SM
MD
LG