ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехаш бистина, къоьлло са огу...


Хала бохкучу могIарерчу бахархойн аттонна,кхин дIоггара тIе а ца тухуш,гIорийча санна лаьтташ пенсеш ,пособеш,алапаш а долуш,Iодар бевлча санна ирхъоьхуш бу Оьрсийчохь даа-мала, тIе-кога, молханаш, ягочунна – Iар-дахарехь мел оьшучу хIуманийн мехаш.

Саццаза тIедетталуш лаьттачу мехаша къаьсттина сингаттамехь кхобу шина тIамах яьллачу Нохчийчоьнан бахархой. Ялх кIант, ши йоI - бархI беран да ву лакхадуьйлуш лаьттачу мехаша доккха садаккха а,садола а ца вуьтуш схьавогIу СоьлжагIалин кIоштерчу цхьана жимачу юьртара вахархо 57 шарера Саламбек.

Iуьйраннна пхьор хIоттийча,сарахь хиндерг ца хууш,ша доьзал хала хене боккхуш валлахь а цуо къамел шех ца деш,карарчу хенахь,язлуш лаьтта хIумнаш бахьнехь, кхолладеллачу хьолах дора.

Саламбек: «Мехаш массо хIуманна хьалабевлла Iалам чIогIа а довлуш. Инфляци хIоккхул бен яц-м олу,амма иза бакъ дац. Цу инфляцел кхузз,доьазза лакхадевлла мехаш. Мехаш ирх ца доьдуш хIума йисна а яц. Къаьсттина юучунна тIекхетта».

Туьканан долахошна а, кхечу мехкашкара кхачанан сурсаташ чудохьуш болчарна дика хаьа мехийн хьал. Цара чIагIдарца кху тIаьххьарчу цхьана шарахь 100% лакхадевлла дукхахдолу мехаш. Цунна къаро йохкаэцархочо Гуьмсерчу Вахас а.

Ваха: «100% тIекхетта ца Iа мехаш,кху цхьана шарахь».

Цхаццайолчу туьканашкахула волавелча гучудолу,Iар-дахарехь ца хилча амал доцу цхьадолу кхачанан сурсаташ 200% -л сов механа лакхадевлла хилар. Цунна даре до туька йохкархочо ПетIамата а.Цуьнгара хиира суна къаьсттина механа язьелларг хIун ю,муьлха товар ду.

ПетIамат: «Хичу боьллинчу чIерах 200 сом доьху кийланах,жимма хьалха 70 сом бен ца доьхура.Цунах дIаделларг ду хьуна 18 туьма. Уггар мехаш тIекхеттарг чай а,чIара а,шекар а ду.ЧIерий-м дерриге а дазделла: минтай а,мойва а, скумбри,селедка …».

Iедало еш йолу гIоленаш,дайлучу ахчане хьаьжча, генна тIаьхьайисна а йолуш, мехаш цIе яьлча санна ирхъэхар дахаран массо тIегIанахь хаалуш ду,могушалла ларьяр биста кхаччалц. Оьшург бен хIума цахиларна дукха нах бу лург бехаш тахана Нохчийчохь Цунна даре до йохкаэцарх болх-некъ бина лелачара. Лоьралла маьхаза ду бахахь а гуттар халонга дуьйлу гIийла,миска бохкучарна дазлуш лаьтта молханаш.

ТIемаш кхехкачу Шема а,Украина а пачхьалкхашца а дузуш,шатайпа ойла-хьажам Iорабаьккхира деста-ш лаьттачу мехийн хьокъехь, тергамхочо Увайса. Цунна хетарехь Оьрсийчоьно цигара рицкъ схьататта ма доллинехь битаме даьхкина цхьана хорша доьрзур ду,чот йоцуш лакхадевлла мехаш.

Увайс: «Сан мерза хIума яарна тIера ву. Цуьнца доза атта ду суна мехийн тIекхетар.»Ласточка» цIе йолу кампетах исс.итт туьму доьхура.ткъа тахна 25-26 туьма.Мосуьйттаза а тIекхетта хуьл-кх иза. Даа,мала доцуш инзаре мехаш ирхдахна гIишлош еш оьшучу гIирсан а. Хьажахь эчиган чIораш,арматура олу-кх царех цхьана метарх,цуьнан стоммалий хьаьжжина, 3 туьманна тIера,6-7 туьмана кхаччалц ду мехаш Ишта язьелла цеманц а,кхиерг а.

И мехаш-м кхара Шема пачхьалкхе бомбанаш а йиттина лартIа далор дара. Толам а баьккхина цигара а,украинера а схьаузур мел оьшург…»

Къамел чекхдоккхуш аьлча,цхьаболчу бахархошна даггара моьтту хIара таханлера халонаш цхьа мур бен бац,кесталгIа уьш къар а йина,дахар токхоне а дирзина нехан самалха дер ду. Делахь а и саннарш,кхечаьрга хьажча, хих къаьстачу цинцаш-тIадамел беш бац.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG