ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна тоьхна гIуда


Европан адамийн бакъонашкахула кхел
Европан адамийн бакъонашкахула кхел

Оьмар къачаяллалц набахтехь Iан тIедожийначу нохчочун дов юхаталла а, тIехь Iазап латторна гIуда охьадилла а декхарейо Оьрсийчоь Европан адамийн бакъонийн кхело.

Шинарийдийнахь Европан кхело Мукаев Арсанна 45 000 евро дала декхарейина Оьрсийчоь. Цул сов, дов харц теллина хилар а къастийна, юхалиста деза, аьлла. 2001-чу шарахь махкара ведда, Казахстане вахана. Цигара, Соьлж-ГIалано дов хьедарца, 2006-чу шарахь лаьцна, юхавалийна Оьрсийчу. ТIамехь дакъалацарна а, цIий Iанорна а, герз лелорна а бехкевина.

Казахстанера дуьйна а, новкъахь етташ, вигна полицино Соьлж-ГIала. Хаттамбеш, хих дуьзна пластикан шиша детташ, ток дегIах йохуш, тиларчуьра ваьлча, шийла хи детташ, меттавалош, юха а етташ а кхаьбна кхеле вигале, боху Страсбурго.

Луш адвокат а воцуш, баттахь Iазапехь кхаьбна, цул тIаьхьа бехк тIеэцна цо, билгалдоккху «Бакъонан инициатива» юкъаралло. Iедало цунна тIевиллинчу адвокато, талламчица берта а вахана, харц терахьаш а дохкуш, бехктIелоцучу протоколашна буха куьг яздайтина Мукаевга. Оцу бахьаница и адвокат даржера дIаваьккхина, боху бакъоларъярхоша.

2007-чу шарахь Мукаев 13 стаг верна бехке а вина, валлалц набахтехь валло дIахьажийна Нохчийчуьрчу кхело. Чохь кхобу меттиг "евзаш яц хIинца а".

Мукаев Арсена дуккхаза а яздина Оьрсийчоьнан низаман урхаллаша тIехь Iазап латторх, шена йиттина полисхой а хьехош. Амма - эрна.

Европан адамийн бакъонийн кхело листина хIинца Мукаевн арз. Бакъонийн Конвенцин 3-гIа (Iазап латтор дехкар), 6-гIа (тIехь кхел нийсонца яйтар) артиклш талхорна бекхейина Оьрсийчоь. Мукаевс дехнера 50 000, ткъа цунна дIадала кхачийна Страсбурго 45 000 евро.

«Хин ши тIадам санна, вовшех тера ду Мукаевн а, Тунтаев Аюбан а довлистар», - боху «Бакъонан инициативерчу» адвокато Гнездилова Ольгас. Цо дагавоуьйту стохка иштта йиттина, хьийзийна, бехк тIе а лацийтина, набахте хьажийна Нохчийчуьра Тунтаев.

Гнездилова тешна ю, Европан кхелан сацамо дов юхаталла декхарейийр ю Москох бохучух.

XS
SM
MD
LG