Я нохчий а, я кавказхой а бац "Тоьар ду Канзас кхабар" эшаран дешнашкахь хьехош. Амма видеогайтаме йиллинчу цо хаддаза гойту нохчий а, дагестанхой а, гIалгIай а хелхабовлуш, гойту цара ирх герзаш кхуссуш а, зуда ялийначохь машенаш вовшахъетташ а.
ТIаьххьарчу хенахь оьрсийн нацисташа хьалхатоьтту «Тоьар ду Кавказ кхабар" бохуш лозунг ца хезначо цкъа а кхетор дацара и эшар хIунда халонга яьлла кавказхошна. Эшаро далхадо, цхьа шайх, оьрсех, боцчу наха, шайна юкъа а баьржина, шайн дахар хIаллакдеш ду бохуш. И нах "бандидаш" а, "шобла" а ю боху Рабфако.
Дуьххьара, оцу эшаро къаьмнашна юкъа питана туьйсу аьлла, тидам бинарг ву Оьрсийчоьнан коммунистийн партийн Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Ахматов Мохьмад. Цо Маршо Радиога дийцира шена цатайнарг хIун ду.
Ахматов: «Иза дерриг а хIун ду аьлча, иза - провокаци ю. Кхин мел провокацеш йийр ю и йиш локхучу артисташа, хууш дац. ХIинцалц церан эшаршка а хьоьжуш, велла со, амма ас ойла йича, бакъболу расисташ бу уьш, фашисташ бу а ала мегар ду».
Ю-Тубехь яьржинчу оцу эшарна тIедихкинчу суьрташ тIехь дукха чIогIа тидам тIебохуьйтуш ду, зуда ялийначу меттигашкахь кавказхоша машенаш вовшахъетташ хиларна. Иза цхьа акхалла санна гойту клипан авторша, боху нохчийн политико.
Ахматов: «ХIора къоман шен-шен цхьацца гIиллакхаш ма дай. Кавказан къаьмнаша зуда ялийначохь говраш хохкуш хилла, шайн хьуьнарш гойтуш. ХIинца говрийн меттана машенаш ю. Кхечу къаьмнаша зуда ялийначохь, къаркъа а молий, батош йохайо. Соьга хаьттича, машенаш йохор тоьлу, батош йохочул».
Ахматов Мохьмадна хетарехь, и тайпа эшарш язъечарна а, уьш дIаолучарна а тIехьа лаьтта Оьрсийчоь йохо лууш хьийза ницкъаш.
ГIараяьллачу клипан автор ву Рабфак тобан куьйгалхо Семенов Александр. Ша ца кхета боху цо, кавказхошна хIунда новкъа ю и эшар, цигахь "Кавказ" дош хиллане а ца хилча, юьйцург Канзас хилча.
Семенов: «Оцу эшарехь цкъа а хезаш дац "Кавказ". Я видео а тIеоза а мегар дац оцу эшарна, цхьа ассоциацин бух тIехь бен. Артистийниг уггаре баркалла доцу хуьлу болх бу. Иза а аьлла бехказвала а ца гIерта со. Тхайна ала луург а, ала гIиртинарг оха аьлла даьлла».
Канзас хьахийча, ахь Кавказ юьйцийла цхьанне а хуур дац аьлла хьо хеташ велахь, муха, маца, хIун бух болуш дагадеана хьуна и йиш язъян а, цунах клип ян а, хаьттира Маршо Радионо.
Семенов: «Цкъа а хууш ца хуьлу, я ала а ца ло, хIун бахьана дара йиш язъян. Амма, эшарехь а, оцу клипехь а гойтушдерг ду юккъараллехь лаьтта хьал. Оха мел язъе эшар дахарера схьаоьцуш ю, юккъараллехь лелачу хьоло хIоттийнарг ду оха гойтуш».
Канзас а, Кавказ а юзо оьшуш дац бохучу ницкъийн и ший а лозунг цхьана йогIуш хилар даре ца дечу музыканта Маршо Радиоца шен хиллачу къамелехь некъ баьккхира шена, пачхьалкхехь лаьтта хьал бехке а деш, ша цIанвала.
ХIунда ца лоькхура аш эшарш, Нохчийчохь, шуна деза хета миллиардаш долларш а дойуш, къиза тIемаш Оьрсийчоьно бечу хенахь, аьлла, шега деллачу хаттарна ишшта жоп ло «Рабфак» рок-тобан куьйгалхочо.
Семенов: «Оцу хаттарна ас ишшта жоп лур ду: юккъаралла йист а ца хуьлуш Iаш яра, стохке кхаччалц. Даима а бист а ца хуьлуш Iийначу наха стохка гуьрахь гуламаш буьйлабелча, хина дуьхьал йоллу чIинг йоьхча санна, дийца долийра шайна луург. Иза историн цхьа агIо ю. Ас даиманна дийцина, и нохчийн тIемаш бина ахча декъархьама, бохуш. Иза оьшуш дацара, ян оьрсашна а, я нохчашна а. Ас даима а баьхна, бохур а ду, дика политик а кхераме ву хьерадевлачу жалийн тобанал».
Нохчийн коммунистийн лидер Ахматов Мохьмад говзанчашка "Рабфако" лекхначу эшаран мах а хадабайтина, церна зераш бухе а дехкина, кхеле вала дагахь ву, рок-тоба оцу эшарца нохчийн а, кхечу кавказхойн сий дайа гIерта аьлла.