ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зударийн а, Божарийн а Юкъаметтигех Лаьцначу Видеосюжетех Пайда Оьцу Путинан АгIончаша


Оьрсийчоь -- Москохарчу цхьана институтехь доьшучу зудабераша Путин Владимирна лерина арахецна календарь, 07ГIa2010
Оьрсийчоь -- Москохарчу цхьана институтехь доьшучу зудабераша Путин Владимирна лерина арахецна календарь, 07ГIa2010

Зазадоккху-беттан 4-чу дийнахь хинболчу президентан харжамашкахь дакъа лоцучу Путин Владимирехьа агитаци еш болчу наха жигара пайда оьцуш ю кху тIаьхьарчу деношкахь зударшца йоьзна йолу тема.


Цу кампанина цара юкъаозийна "Наши" олучу Кремло кхоьллинчу боламан декъашхой, коьртачу декъана, къона зударий а, мехкарий а. Масала, ша кхоьру, бохуш, леткъамаш беш ю цхьана агитацин видеогайтама тIехь цхьа жима зуда.

Шен харжам безамна тIехь бан лаара шена, боху цо уллехь волчу лоьре. Хетало, цу зудчо дуьйцург маре яхар ду. ТIаьхьо гучудолу, цу беса и жима зуда харжам ца балуш, холчу хIоттийнарг президентан харжамаш хилар.

Ткъа, цунна уллехь Iуьллушчу, Путинан сурт хьалхарчу агIонна тIехь долчу «Хан» журнал тIе пIелг а хьажош, лоьро олу, тешам - безам бу, ткъа хьайнчух теша мегар ду, олий.



Стохка Путинан арми ю шаьш, бохуш, мехкарша шайна тIера хIуманаш этIийра, дерзина догIмаш гучу а дохуш. Путинан дуьхьа до шаьш иза, бохуш, маьхьарий деттара цара.

Кхечанхьа мехкарий гулбеллера Путинна шоколадан торт ян.

Кхин цхьа видео ю, эшар а локхуш, цу гIуллакхца йоьзна. Эхь дайна, тIех сов меттахяьллачу зудчо лоькху, ша хьан Кони хила лууш ю, бохуш. Хууш ма-хиллара, Кони Путин Владимиран къанлуш долу лабарадор-жIаьла ду.

Хууш доцчу бахьанийца лаьа цу зудчунна жIаьла хила. Амма юх-юха а чIагIдо цо, Кони хила лаьа шена, бохуш. Цул тIаьхьа виски молу, боцу гитара лоькху, кара бейсболан гIаж а оьций, туйнаш кхуьйсу.

Кхеташ дац, лартIехь волчу стага лелор доцург лелочу цу жимчу зудчо хIун гIо дийр ду Оьрсийчоьнан премьер-министрна Путин Владимирна кхоалгIа а президентан гIант дIалаца.



Путин Владимирна тIетайнарш бу мехкадаьттан мехаш хьаладовлар бахьана долуш шай-кай кара еъна гIаланашкара бахархой, кегийнах.

Амма тахана оцу "юккъера класс" шайх олучу кегийнахах дукхахберш дахаран хьелаш дика хилар дезарал а совнаха, политикан бакъонаш езаш а бу. Ларамза дац Оьрсийчохь кху тIаьхьарчу хенахь оппозицин акцешкахь дакъалоцуш берш и кегийнах хилар.

ХIинццалц Оьрсийчуьра къона чкъор политикана гена лаьтташ дара. 2007-чу шарахь парламентан харжамашкахь 18-24 шо долчу кегийрахойн пхоьалгIа дакъа дара кхаж теснарг.

Кху видеороликна тIехь жима зуда а, жима стаг а, хьоьжуш гIеметта хIоьттина зуда а, стаг а долуш, кхаж тосучу метте чудоьдуш ду, духьал кирхьа а узуш.



Кхеташ ду цуьнан авторо къийдош дерг. Амма билггал иза хIун ала гIерта гуш дац. Кхузахь, схьагарехь, гойтуш дерг ду кхаж тасуш йолу хан зударшна а, божаршна а хазахеташ хилар.

Кхин цхьа хIума а ду кхузахь. Кху тайпа агитацин материалаш, цхьана декъанна, кхечу пачхьалкхашкахь бехачу нахана хьажийна хила а мега, «Рашша тудей» олучу Оьрсийчоьнан ингалсан маттахь йолчу телеканало ма-гайттара, интернетан оьрсийн маттахь долчу декъехь оппозицин материалаш хилла ца Iаш, Iедалш дезаш болчу нехан материалаш а хилар гайта гIерташ.
XS
SM
MD
LG