ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кемерово-махкахь нохчийн доьзал хьийзош ву Нохчийчохь тIом бина полицин эпсар


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнон полисхо, карикатура.
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнон полисхо, карикатура.

Кемерово кIоштахь бехачу нохчийн цхьана доьзалера ши ваш ву, нахера ахча даккха гIоьртина, полисхошна доьхьало йина аьлла чу воьллина. И доьзал, цхьа а бахьан а доцуш шай тергоне лаьцна болчу полисхойн коьртехь верг ву, Нохчийчохь жигара тIемаш дина волу эпсар.

Кемерово кIоштарачу цхьана оьвлахь бехачу нохчийн доьзало орца доьхуш ду, Iедалшка, шайна меттигерачу низамхоша Iаткъам бо аьлла.

Кемерово кIоштехь, цхьана юьртахь бехачу МаашевгIеран доьзалан, цигахь долу хаьл, цхьана йоцчу хенахь хийцаделла. Кегий-мерса цхьана гIуллакхан тIера дуоладелла долу хIума, дукха гена даьккхина, хIинца оцу доьзалера ши ваш талламан изолятор чу воьллина. Цара дина бохуш долу хIумш кхело даре дахь, яьккхий хенаш а туоха мега царна.

Маашев Анзоран машен, цуьнан цхьан накъоста йигина хилла.Юхаялийча иза йохйина хилла. Ши эзар сом мах хадийна хилла оцу кхачамбацаран. И декхар дIадала вала ша аьлла, Анзор шена цо тIекхайкхинчул тIехь, дуоладелла ша дерг. Дуьйцу цуьнана дас Маашев Адама.

Маашев Адам: «Телефон етташ Анзор дIакхайкхина цо оьрсийчо, ша декхар дIалура дар аьлла. Тхо юьртахь Iаш ду. Анзор цига вахча, важ бухахь кечвелла Iаш хилла, полисхой а кхайкхина. Цу миетте Анзорина цо 400 сом схьаделла. Важа ша дерг хIунда ца делла, аьлла хаьттича, дац аьлла вукхо. Новкъан ахча а ца хилла цьунгахь.

Анзорас, цигахь 50 сом юхделла цуьнга, автобусан аьлла. И 350 сом кисанахь а долуш цIа вогIучу хенахь, Анзоран машен кхаа машенца гуо а бина, куьзган бIаьргаш а отуш, масатоьпийн мукъ бетташ, иза а цуьнца хилла волу Курочкин бохуш волу накъостий, асфальт тIе вахь а виллина йиттина, « АллахIу Акбар» ала а олуш».

Шен ваша лаьцнийла ма хиънехь, полицийн декъе Анзори жимах волу ваша I8 шо долу Хьуьсейн вахна. Иза а Iеха а вина оцу декъа керта а вигина, етта а йиттина хан чу воьллина, бохуш кхин дIа а дуьйцу Маашев Адама.

Маашев Адам: «Хилларг хIун ду хьажа вахана хилла шозлогIа кIант Хьусейн. Иза цигара эккхина цара доьххьар. Юха иза дага а веан, юхавалийна цара, Iеха а вина, хьан ваша гойтура ву хьуна аьлла. Хьуьсейна телефон латийна шен. Царна хиина иза. Цо дIаяздинарг цу тIе, дIадайа лууш, цара телефонан код хитина. Антон бохучо, коьртан тIе ког а бекхкина, шен хач схьа а яьстина, «Давай обоссым его» аьлла.

ГIуллакх, лартIера дала дуоладелча, Нохчийчуьрчу Iедалшка а , бакъонашларъярхошка а орца доккху МаашевгIеран доьзало. Адаман йоIа Оьрсийочьнан президентан Путин Владимиран сайт тIе арз дича, меттигерачу полицино, шина кIентан гIулалкхехула теш лоручу стаган Iаткъам бина аьлла, Маашев Адаман хьокъехь а гIуллакх дуоладина.

Маашев Адам: «Вай чуьра жимах йолчу йоIа, Путине ша кехат яздийра ду аьлча, ас тергоне а ца ийцириа иза. Цо яздина хилла. Цигара кехат деан хилла. Сихха, талла а талла, шега хаам а бе аьлла. Суна хууш дацара иза. Талламхочо со тIе а кхайкхина, суна доьхьал арз дуэлира соьга, ас тешволчуьнна Iаткъами бина аьлла. ас цхьа а хIумма а ца диншехь, сан хьокъехь а хIинца гIуллакх дуолийна кхузахь.

Оцу талламхочо элира соьга, аш и гIуллакх дукха дестийна, цундела, прокуратура а, кхел а шуна доьхьал хира ю. Шуьга хIумма а далура дац. Хьан ши кIант набахте чу вуллура ву, аьлла. Анзорий н адвоката а элира соьга, оцу Генрих фамилии йолчу полисхочуьнна, Нохчийчуьра ша болу накха тIехь мидалш а йолуш ву, кхелехь а, прокуратурехь а гергар нах бу цуьнан.цуьнан дош кхузахь лелаш ду, шуьга хIумма а далура дац аьлла».

МаашевгIеран санна хьолехь Оьрсийчохь бехаш болу нохчийн дукха доьзалш бу. Тахана, мел кIеда-мерза хилахь а, кхана хьал муха доьрзура ду ца хууш беха уьш. Наггахь йолу меттиг бен ца хуьлу аьлла хета царна, нохчашца уозабезам болуш.

ХIинца цхьа моггIа бакъонашлраъряхоша шай тергоне эцна ду МаашевгIеран доьзалан гуонахь хуьлуш дерг. Амма, цара а билгалдоккху, пачхьалкхехь ойланца, нисйина къаьмнийн юкъметтиган политик ялахьарий, цу тайпа дастаме хIуманаш хир дацара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG