ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн МухΙажирна Орцахъюьйлу ДуьнентΙера Юкъараллаш


Оьрсийчоь -- "Бутырка" цIе йолу набахти, Moскох, 14Лах2011
Оьрсийчоь -- "Бутырка" цIе йолу набахти, Moскох, 14Лах2011

Массех де ду Швецера Ιедал шега хьалхо политикан тховкъело ехна нохчийн тΙемало Садаев Эмилхан Оьрсийчоьне дIавала кечлуш долу. Цунна лаьцна депортацин набахтехь кхобуш а ву иза. Садаевна орцахбевллачу нохчаша массийттаза гулам хIоттийра Швецехь. Орца дийхира дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн организацешка. Ала таро ю, хΙинца цхьалха вац Садаев, цунна сагатдеш бу дуккха а нах.


Кху беттан 1-чу дийнахь, куьйгех гIоьмаш а тоьхна, дIавигира иза Швецин полицино ша вехаш хиллачу цΙа чуьра Мерст гΙаларчу депортацин набахте. Кхочучу хаамашца, шолгΙачу дийннахь оьрсашка и дΙавала дагахь а яра Швеци.
Амма иза дойтийла доцийла кхетара мехкан маьΙ-маьΙнехь беха нохчий. ХΙунда аьлча, Садаев Нохчийчохь федералан эскаршна дуьхьал тΙом бина ву. Иштта, тΙемало хилла цуьнан ши ваша а вийна даймахкахь, дагийна шен Садаев Эмилханан Йоккхачу АтагΙара цΙенош а. Ткъа оьрсашка и дIалахь, ала дац, уьш цуьнца низамехь чекхбевр бу.

Садаев лацарцана гуламашка бевлира Швецехь беха нохчийн мухΙажирш. Оцу барамийн коьртехь волчу цигарчу нохчийн диспоран хьалханчас Тарамов Майрбека довзуьйту юхьанца Садаевгахь хилла хьал:

Тарамов: « Ша оьрсашка дΙалуш вуйла хиинчул тΙаьхьа, данне а дан хΙума а ца хилла, Эмилхана, стоьлан йистах биттина, корта а хадийна, и инзаре сурт хили цигахь. ТΙаккха, вадийна, дарбан цΙийне а вигина хΙара. Корта дΙатегна. И хиинчул тΙаьхьа, ас а, вайн накъосташа а хаам дIасабаржийра. Адвокат тΙе а ца вуьтуш хьал хΙоттийнера – цкъа а хилла а дацара ишттаниг, адвокат тΙевита ма везий. ТΙаккха ас, карзах а ваьлла, со кхеле вер ву, бехира....Цул тΙаьхьа адвокат тΙевитира цунна. Эмилханна тΙера бедарш а дΙаяьхнера полицино, цо ша-шена цхьаъ дарна кхоьруш. Карзахбевллачу полисхоша, хΙинца хьо шаьш Нохчийчу, нийсса Кадыровн кара дΙахьажор ву а, баьхна цуьнга. Иштта хьал дара цигахь хΙоьттинарг».

Тарамов Майрбек а, кхиболу жигархой а орцахбовлар бахьана долуш, хΙинца тидамехь бу Садаев Эмилханан кхоллам дуьненаюкъарчу организацийн а. Цунах лаьцна иштта дуьйцу Тарамовс:

Тарамов: « Цкъачунна дΙа ца луш витина иза. Ткъа тΙаьхьа хΙун дийр ду ца хаьа. «Дуьненаюкъарчу Амнести» бакъонашларъярхой а тΙекхаьчна цунна. Адвокат а дΙаволавелла шен болх бан. Европан Цхьанакхетараллин парламентан ассамблейра а хаам бу, цо депортаци сацае аьлла, бохуш. Оцу хьокъехь факс а яийтина цига (Швеце - Ч.Л.). Литувера вайн къоман доттагIчо, нохчийн гΙуллакхна хьалха ваьлла хуьлучу Эндрюкайтис Альгердиса а шайн махкарчу Швецин векалца дийцарш дIадаьхьна, иза цо тешийна, Садаев Швецино махках воккхур вац, аьлла. Иштта хьал ду-кх таханенна кхолладелла».

ХΙинца а депортацин набахти чохь кхобучу Садаев Эмилханан хьолах дага а елира Маршо Радио. Тарамов Майрбека довзийтира иза:

Тарамов: « Дика ву ша, боху, цкъачунна. ТΙейоха хΙуманаш а схьаелла. Юург ца юуш а ма варий иза, хΙинца хΙума а юу. Дегайовхо ю хΙинца, теша до вай, шаьш иза дIалур воцийла».

Швеци, кхечу пачхьалкхел башха, нохчийн мухΙажирш йоккхаерца тΙеоьцуш яцахь а, тΙех шога а ца хилара цаьрца. ХΙун бахьана ду хΙинца и пачхьалкх оццул чΙогΙа нохчийн тΙемало Оьрсийчоьнан Ιедалшка дΙавала гΙертар а тидира Тарамов Майрбека. Цунна хетарехь, бахьана хΙара ду:

Тарамов: « Цкъа а хилла дацара хΙокху Швецера оцу кепехь стаг дΙавалар. Тхо, кхузахь мел дехарш, цец а девлла оцу балханна. ТIекхочучу президентан харжамашца доьзна, Швецино Путинна совгIат дар санна хΙума ду Садаев дΙавала гΙертар. И аьлла, хета-кх суна»

Садаев Эмилхан цхьаъ вац кху тΙаьххьарчу муьрехь Европерчу пачхьалкхаша оьрсашка дΙавала хΙийзочу нохчех. Ала деза, цхьадолчу Iедалша юьззина чоьте а ца оьцу тΙемалой шаьш схьабевллачу мехкийн карабалар Дублинан конвенцино доьхкуш хилар а, даймахкахь царна низамехь доцу таΙзар дийриг хилар а. Чиллан беттан 2-чохь, шаьш лерина ма-хиллара, Садаевна депортаци ца еш, сецна Швецин Ιедал. Цуо мелла а дикане дог дохуьйту цунна орцахбевллачу нахе.
XS
SM
MD
LG